Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Новости за 01.04.2018

Хенал хьалха губернаторан дарж дитина Тулеевс

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира къобулдина Кемарован кIоштан губернаторо Тулеев Амана хенал хьалха ша даржера дIавалийта аьлла дина дехар. Цунах лаьцна хаам бина Кремлан зорбанан сервисо. Тулеевн метта губернаторан декхарш кхочуш дан хIоттийна Путина Цивилев Сергей. Кемеровохь махбаран а, садаIаран а центрехь цIеяьллачул тIаьхьа критика ловш вара Тулеев. Кремлан зорбанан сервисо билгалдоккху, цо губернаторан дарж шен лаамехь дитина хилар.

Бусалба хIуманаш юхкучу туьканашкахь талламаш бина Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Бусулба духар а, жайнаш а, кхин долу а сурсаташ духкучу туьканашкахь талламаш бина Нохчийчоьнан коьртачу меттехь Соьлж-ГIалахь. Цунах лаьцна хаам бина меттигерчу прокуратуран векло яздо "Кавказский узело"  Цо дийцарехь, прокурораша къаьсттина шайн тидам тIебахийтинарг яра бусалба литература. Вуьшта аьлча, Iедалан векалша лоьхург яра "экстремистийн литература". "Кавказский узело"  бинчу хаамца а догIуш, Соьлж-ГIаларчу туьканашакахь иза цкъачунна ца карийна, амма баьхкинчара, эшахь а аьлла, махбархой варе бина... Читать дальше...

Iамеркан эскарш Шемара арадаха дагахь ву Трамп

Radiomarsho.com 

Iамеркан Шемара эскарш арадаха бохучунна тIехь лаьтташ ву ша аьлла, дIахьедар дина президенто Трамп Доналда шен хьехамчашка. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло. "Iамеркан Аз" портало яздарехь, иза догIуш дац, цу регионехь "Исламан пачхьалкхаца" дIахьош болу къийсам дIабирзина бац бохучу Пентагоно дечу хьехаршца.  Шемарчу тIеман операцех лаьцна хаттар дийцаре дийр долуш ду Iамеркан къоман кхерамазаллин кхеташонехь тIедогIучу кIирнах. ДIадаханчу еарин дийнахь Огайо штатерчу Ричфилд гIалахь вистхуьлуш президента Трампа дIахьедар дира... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *