Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Лавров: Оьрсийчоьно ша толлур ду Шемахь химин герз лелор

0
Химин герз дихкинчу организацин эксперташ (ОЗХО) Шемарчу Дума  гIаличу бахийта гIерта Оьрсийчоь. Хетарехь, цигахь дина химица тIелатар. Арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс журналисташка дина и дIахьедар шинаридийнахь.


Шеман эскархойн карахь ю гIала, цундела бохийла дац организацин эксперташа шайна кхераме ду цигахь хилар бохуш, чIагIдо Лавровс.


Министро бахарехь, Думехь химин герз лелор таллархьама шаьш хIоттийна резолюцин проект кховдор ю Кхерамзаллан Кхеташоне шинаридийнахь Оьрсийчоьно.


Вашингтоно жоьпалла Шеман президентна Асад Башарна а, цуьнан агIончашна – ГIажарийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а тIехь дуьту. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн "дуккха а некъаш ду тIамца дуьхьал жоп дала" аьлла президенто Трамп Доналда.


Думехь хилларг цхьанца а дозуш доцуш талла а теллина, бехкенаш кхеле озош, Кхерамзаллан Кхеташоне шайн проект кховдийнера Iамерко хьалхо. Дуккхаъчу хаамаша а, фото, видео-тоьшаллаша а тIе а чIагIдеш, дахначу  шоьтадийнахь Асад Башаран эскарша тIелатар динера Дума гIалина.


Химин герзах пайда а оьцуш, йийсарехь латтийнера цара гIаттамхой. Иттанашкахь маьрша бахархой белла оцу инцидентехь. Шеман а, Оьрсийчоьнан а Iедалхоша тIе ца дуьту шаьш бехкехилар.


 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *