Москохарчу биржехь соьман мах охьабаьлла
Оршотдийнахь дуьйнна дайдала доладелла оьрсийн сом, Вашингтоно цхьайолчу компанешна а, Оьрсийчоьнан бахархошна а санкцеш тохарца. Кремл Iамеркан президентан харжамашна юкъагIортарна дуьхьалъяьхна и санкцеш. Москохан биржехь оршотдийнахь чухаьрцира котировкаш а, индексаш а. Bloomberg агенталлан зерашца, Оьрсийчуьрчу хьоладайн цхьана дийнахь дайна 16 миллиард долларшкахь.
Керла санкцеш дуьхьалъяьхначу бизнесхошна гIо кхачоран некъаш лоьху Оьрсийчоьнан Iедалша. Федералан веа хьаькамо бечу хаамашна тIе а тевжаш, "Ведомости" гIирсо яздо, лерина офшораш кхолла а тарло Оьрсийчохь аьлла.
