Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Роналдос декъалвина Нурмагомедов толам баккхарца

0
"Матч ТВ" телеканалехь ийначу латарийн стилехь волчу латархочо Нурмагомедов Хьабиба дийцина, Мадридан "Реалан" футболисто Роналду Криштиана UFC чемпионатехь лата волавалале а, толам баьккхинчул тIаьхьа а телефонехула хаам баийтинера шега аьлла. "Латар хир долуш дуй аьлла, хоттуш яздира цо соьга юьхьанца. Цул тIаьхьа: "Со воккхаве хьо чемпион ваьлла" аьлла а яздира Роналдос соьга", - аьлла Нурмагомедовс.


Оьрсийчуьра ММА-н латархо Нурмагомедов Хьабиб чемпион хIоьттина UFC (Ultimate Fighting Championship) олучу латархойн чемпионатехь еарийн буса. Iамеркахо Яквинт Эла эшо аьтто баьлла цуьнан.


Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша яздарехь, массо а суьдхоша толам дIабеллера Нурмагомедовна.


Нурмагомедов дуьххьарлера спортхо ву Оьрсийчуьра UFC чемпионан титул яьккхинарг (яйн йозаллан категори). 29 шо долчу Дагестанерчу спортхочо 26-зза толам баьккхина шен карьерехь - цкъа а эшна вац. Цуьнан цхьа латар дIадирзина толамхо билгалваккха аьтто а ца болуш.


Роналдоца шен кху Iай Инстаграмехь тасаделлера гергарло аьлла Нурмагомедовс. Чиллан-баттахь гар а нисделира цушиннан, вовшашна совгIаташ а деш. Нурмагомедовс португалцана чолан куй беллера, ткъа цо кхунна шен автограф йиллина, коч еллера.


 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *