Пхи седа болу хьешан цIа делла кечлуш ю Соьлжа-ГIала
Меттигерчу Iедалша бахарехь, "The Local" хьешан цIа инвестицин проект ю. И еш юкъадахана лору 2 миллиард сом. Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкара компани ю инвестор хIоьттинарг, яздо Нохчийчоь Тахана агенталло.
Отел йиллинчул тIаьхьа белхан меттигаш кхочур 150 стагна. Балха оьцучу хенахь коьртачарех хир ду ингалсан мотт хууш хилар. Иштта отелан бизнесехь кхиамаш хилийтархьама лерина курсаш вовшахтухур ю болх бан Iамош.
