Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2019

Ярославлехь лаьцна №1 колонин хилла хьаькам

0
Ярославлехь лаьцна цигарчу №1 йолчу колонин хьаькам хилла Николаев Дмитрий. Цунах лаьцна хаам бина "Общественный вердикт" фондо, Талламан комитетана тIе а тевжаш.


Болчу хаамца, цу стагана дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх доьзна ду чубоьхкинчу нахана тIехь Iазап латторца. Эшам хилла лоруш ву цу колонехь хан токхуш хилла маситта тутмакх.







Стохка, 2018-чу шарахь, Мангалан-баттахь Ярославлан кIоштарчу №1 колонехь кIиза йиттинера цигахь хан токхучу Макаров Евгенийна. Талламан комитето таллам болийра. Цу урхаллан белхахоша теллира "Новая газето" арахецна видео. Иза яьккхина ю цхьана белхахочуьнан видеорегистраторо.


Видео тIехь гуш ду федералан таIзарш кхочуш дон сервисан белхахойн духар доьхначу маситта стага, хийца а луш, тIера хIуманаш дIаяьхна волчу Макаровна чхьонкарш еттар а, коьрта тIе хи деттар а.


Бакъонашларъярхойн аьтто баьллера Макаровна етташ дакъалаьцначу 12 стеган цIерш къасто. Верриг а и зулам деш дакъалоцуш хилла 18 стаг.


 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *