Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2019

Новости за 06.02.2019

"Газпроман" латкъам дIакхаьчна Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхеле

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан кхело газах декхар дитар шена тIедожорна "Газпром межрегионгаз Грозный" компанино бина латкъам дIакхаьчна Нохчийчуьрчу Лаккхарчу кхеле. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло. Болчу хаамца, и гIуллакх гергарчу хенахь дIалур ду суьдхочуьнга. Пхи де далале иза листа кхелан кхеташо хир йолу хан билгалйоккхур ю Лаккхарчу кхело. Дукха хан йоцуш цхьанне а аьтто бац ша ягийна йоцчу газах ахча дала аьлла, дIахьедар дира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, газах декхар дитар хьехош. Читать дальше...

Муха эшало рак. Шаро елла пхи дегайовхо

Radiomarsho.com 

2018-чу шарахь 9,6 миллион стаг велла онко-лазарех. Дуьненаюкъарчу могашаллин организацино (WHO) бахарехь, хIора ялхалгIа дахар дIахадориг ю рак. Талламийн институташа, фармакологин компанеша, пачхьалкхаша миллиардашкахь ахчанаш дойу оцу цамгарна дуьхьал дарба лохуш. ХIун дан делла дуьнене шера чохь? Рак-цамгарна дуьхьал яха аьтто баьллачу гIулчех лаьцна рогIера тептар арахецна Iамеркарчу клиникан онкологин юкъаралло (ASCO). Цхьаьнатоьхначу Штаташа кхоьллина молханаш 1. Iамеркарчу клиникан... Читать дальше...

Ставрополехь къола дина Соьлж-ГIаларчу яхархочунна

Radiomarsho.com 

Инцидент хилла Ставрополан махкарчу Георгиевскехь. Хьешан хIусамехь сецначу Соьлж-ГIаларчу яхархочуьнан чуваьлла хилла мила ву ца хуу стаг. Зудчо сихха эккхийна иза. Амма, гарехь, и стаг кхиъна цунна къола дан. Iуьйраннна, шен ахча ца карийча, гIо дехна зудчо полисхошка. Каде хьевзинчу низамхоша лаьцна къу. Иза хилла 25 шо долу Георгиевскан вахархо. Цо мукIарло дина ша ахча лачкъийна хиларна. Къолахочо даьхьна хилла 30 эзар сом. Бехктакхаман гIуллакх дIахьажийна кхеле.

Iамеркехь чувоьллина Нохчийчу герз дохка гIоьртина гIиргIизо

Radiomarsho.com 

ГIиргIизойчоьнан Iамеркехь хиллачу векалан кIант Садыков Тенгиз 3-а шаранна чувоьллина Вирджини штатехь. Иза бехке вина, бакъо а йоцуш, Нохчийчу герз дохка гIортарна. Садыков а, цуьнан накъост Резванов Эльдар а дIалацарх лаьцна Вирджинин Малхбален гонан прокуратуро хаам бира стохка Чиллан-баттахь. Александриехь (Вирджиния штат) веха ГIиргIизойчьура cхьаваьлла ши вахархо бехке вина герзаца контрабанда лелорна а, контрабандех къайлаха барт барна а, курхалла лелорна а, ахчанаш дахарна а. Талламхоша дийцарехь... Читать дальше...

Нохчийн адвокат лаьцна ФСБ-но

Radiomarsho.com 

ГӀуллакхерчу стагана кхаъ бала гIоьртина аьлла Нохчийчоьнан Адвокатийн коллегин декъашхо Гурсаев Руслан лаьцна Владимиран кIоштахь. Цунах лаьцна шен пресс-релизехь хаам бина Федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) меттигерчу урхалло, яздо Zebra-tv.ru сайто. ФСБ-н белхахоша дийцарехь, Гурсаев адвокат ву Владимирерчу ИК-2 колонехь чувоьллина латточу нохчийн тутмакхан. 2018-чу шарахь Гурсаевн клиенто (цIе йоккхуш яц) кхеле дехар хьажийна хилла хенал хьалха ша маьршаваккхар доьхуш. Кху деношкахь прокуратуран... Читать дальше...

Оти чохь 5 йоI яьгна Астанахь

Radiomarsho.com 

ЦIе йолучу буьйсанна бераш шаьш хиллера цIахь. Балхахь вара церан да а, ишта кхо де хьалха балха араяьлла нана а. Маса кхерстинчу цIаро дагийна, чим бинера гIад дайначу, уьш бехаш хиллачу отех. Хууш дац, муьлхачу бахьанашца Iедалхоша гIишло оьшучийн тептаре язбина ца хилла и доьзал.

ТIехьа-МартантIехь йоI яларна бехке вина цуьнан да

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь ТIехьа-Мартантехь газ хьаьхна йоI яларна бехке веш ву цуьнан да. Цунах лаьцна хаам бина "Кавказский узело", республикан прокуратурина тIе а тевжаш. Болчу хаамца, 15 шо долу дешархо елла Дечкен-беттан 7-хь, луьйчучу чохь газ хьахар бахьана долуш. Таллам бича гучудаьлларг ду цуьнан дас  хи дохдон газ лелон керла гIирс хIоттийна хилар, кхерамазаллин барамаш а бохош. Кхелхинчу йоIан дена дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна, ларамаза адам дер аьлла.

Дозанаш дийцаре дина Даудовс а, Шихсаидовс а

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламентан а, Дагестанан Халкъан Гуламан а куьйгалхоша Даудов Мохьмада а, Шихсаидов Хизрис а дакъа а лоцуш доза къасто кхоьллинчу комиссийн декъашхойн кхеташо хилла Соьлж-ГIалахь. "Нохчийчоь тахана" агенталло бинчу хаамца, цкъа дуьххьара Даудовс а, Шихсаидовс а барт бира шина парламентан юкъаметтигаш кхиор хьокъехь. Цул тIаьхьа дийцаре дира дозанца доьзна хаттарш. Нохчийчоьнан а, Дагестанан а доза билгалдаккхаран болх кхиаме дIаберзийта комиссийн декъашхошна хьехарш дира Даудовс а, Шихсаидовс а. Читать дальше...

Нохчийн доьзална 70 эзар евро дала декхарелахь йина Оьрсийчоь

Radiomarsho.com 

Францерчу Страсбургехь болх бечу Европан адамийн бакъонашкахула кхело 70 гергга эзар евро дала декхарелахь йина Оьрсийчоь Нохчийчоьнан орцаллин министран хиллачу когаметтан Юнусов Русланан доьзална. Иза вийна 2002-чу шарахь цу министраллан белхахойн а, Оьрсийчоьнан эскархойн а хиллачу конфликтехь. Юнусов вийнарш жоьпе озийна бац хIинца а. Страсбургерчу кхело сацам бина Оьрсийчоьнан Iедалша адамийн бакъонаш ларъярехула йолчу конвенцин маситта артикл йохийна аьлла.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *