Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2019

Новости за 28.02.2019

"Стенна кхобу иза таIзарна кIел?"

Radiomarsho.com 

Садовская Алена Нохчочунна йиттина, амма йиттина йогIуш, боху набахтерчу хьаькамаша Чиллан-бутт болалуш хиина Иркутскерчу ИК-3 набахтехь хан токхуш волчу Эдигов Сулиманна къиза йиттинийла. 2014-чу шарахь кхело 14,5 шарна маршонах ваьккхира иза, цо полисхочунна тIе куьг а даьхьина, бакъо йоцуш герз а лелийна, аьлла. "Кавказ.Реалиис" Оьрсийчоьнан набахтийн урхаллан Иркутскерчу декъе хаттар дира оцу хааман хьокъехь. Деана жоп хIара ду: "Аш зорбане яьккхина информаци йогIуш яц бакъдолчуьнца". ГIуран-беттан 29-чохь Эдиловна таIзардира... Читать дальше...

Къовсаме меттиг карийна Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанца

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъахь доза билгалдоккхуш къовсаме меттиг карийна Дагестанерчу комиссина. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказский узело". Дазанехь хиллачу цу комиссин декъашхочо бинчу хаамца, меттигерчу Нохчийчуьрчу бахархоша а дозанца гIиршо йинчу совдегаро а  къийсам бу дIахьош. Юьйцург ю Дагестанерчу Яман-Су эвларчу вахархочо нисса ах нохчийн территорина тIехь йина гIишло.   Кхаарин дийнахь доза билагалдаккха кхоьллинчу Дагестанан комиссин декъашхой хилира Бабаюртан а, Хасавюртан а, Новолакан а кIошташкахь... Читать дальше...

Даггара къамел божаршца

Radiomarsho.com 

Кавказера божарий муха беха? Муьлхачу гIайгIанашца? Стенах самукъадолу церан? Оцу хеттаршна жоьпаш лехира Iилманчаша. Еа республикехь талламаш дIабаьхьира Бёлл ХIенрихан Фондерчу эксперташа: Дагестанехь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Нохчийчохь, ГIалгIайчохь. Регионерчу хьолах, тIехIуьттучу халонех, адаман мехаллех, доьзалийн хьаштех лаьцна хIbттийначу хеттарийн анкета юьзира божарша (800 стаг). "Даггара дара оха боршачу нахаца дина къамелаш. Тхуна уьш къийлабелла буьсур бу, парггIат бистхир а бац моьттура. Читать дальше...

Мюнхенехь хан тоьхна Киселёвн вешин кIантана

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу телевизионан пропагандан программаш дIахьочу Киселев Дмитрийн вешин кIант Киселев Сергей чувоьллина Германехь, Украинерчу тIеман конфликтехь дакъалаца дагахь хилла аьлла. Мюнхенерчу кхело 2 шо 3 бут набахтехь яккха хан кхайкхийна цунна еарин дийнахь. Цунах лаьцна кхел йоьдучу чуьра хаам бина RTVi телеканало. Ша Кисилев къера хилла ша Украинехь хан яккхарна, амма цо чIагIдарехь цхьа а стаг ца вийна цо. Талламхойн версица, Киселев дагахь хилла Донбассерчу Украинин территорин дакъа... Читать дальше...

ГIалгIайчуьра 5 вахархо чувоьллина теракташ кечъярна

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказан тIеман гонан суьдо бехке вина ГIалгIайчуьра 5 вахархо, шайн республикехь а, ткъа иштта Москох а теракташ кечйеш хилла аьлла. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксо". Иштта кхело Сампиев Саламханна - 17 шо, Харсиев Элбертана - 13 шо, Эсумрзиев Русланна - 17 шо, Китиев Хьусейнна - 12 шо, Аматханов Мохьмадана - 20 шо хенаш тоьхна колонешкахь халачу хьелашкахь даккха. Царна хIоранна а гIуда а тоьхна 100 - 200 эзар сом барамехь. Кхело сацам бина уьш "Исламан пачхьалкх" тобанца уьйраш латтош хилла аьлла. Читать дальше...

Чехкка ло жоп: 12345*54321=?

Radiomarsho.com 

Менталан арифметикан олимпиада дIаяьхьина Соьлжа-ГIалахь меттигерчу ISMA-школо. Дакъалацархой бара оццу школин дешархой. И тайпа къовсамаш хIора шарахь а хIитто дагахь ду шаьш, боху бараман дайша.

Ханойхь дIайирзина Трампан а, Киман а саммит

Radiomarsho.com 

Iамеркан президентан Трамп Доналдан а, Къилбаседа Корейн куьйгалхочуьнан Ким Чен Ын-ан а барт ца хилла Вьетанаман коьртачу гIалахь Ханохь хиллачу цхьаьнакхетарехь. Цунах лаьцна хаам бийна КIайн ЦIийно Цхьанатоьхначу Штатийн а, Къилбаседа Корейн а лидерийн дагадовларш дIадирзинчул тIаьхьа. Билгалдоккхуш ду уьш хенал хьалхе дIадирзина хилар а, шина пачхьалкхан векалша уьш тIейогIучу хенахь дIахьур хилар а. Трампа а, Кима а ян лерина йолу делкъе ца хилла. Иштта ца хилла кехаташна тIе куьйгаш таIоран церемони а. Читать дальше...

Минскерчу тракторан заводан техника вовшахтосур ю Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Минскерчу тракторан заводан техника вовшахтасаран пхьалгIа юьллуш ю Нохчийчохь. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло, Нохчийчоьнан транспортан министарна Черхигов Рамзанна тIе а тевжаш. Цо бинчу хаамца, керлачу индустрин декъан аьтто хир бу цхьана шарахь 500 юьртабахаман тарактор а, машен а вовшахтаса. Черхиговс чIагIдарехь, цу инвестицин проекто аьтто бийр бу республикехь кхин а 500 белхан меттиг кхолла. Цул сов, и техника дIайоьхкина даьккхинчу ахчано гIо дийр ду Нохчийчоьнан бюджет юзуш.

НТВ-но мехала дакъалецира Нохчийчохь хьалхара тIом дIаберзош - Малашенко

Radiomarsho.com 

Зорбанан гIирсаша арахецна кху деношкахь кхелхинчу НТВ телеканал кхоьллинчу Малашенко Игоран хIинццалц хьулйина хилла интервью. Хиллачу медиаменежеро йийцина Iедална хетарг тидаме ца оьцуш болх беш хиллачу шайн телеканало лайна халонаш. Цунах лаьцна хаам бо The Bell зорбанан гIирсо, яздо "Лига Новости Россия" проекто. Зорбане яьккхина интервью Малашенкос елла хилла 2018-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чохь Iамеркан режиссерана Гибни Алексана. Цуьнан пурбанца The Bell зорбанан гIирсо оьрсийн матте гочдина цхьа дакъа. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *