Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2019

Новости за 30.03.2019

Украинерчу президентан харжамашна терго йийр ю 1500 сов кхечу пачхьалкхийн векалша

Radiomarsho.com 

1500 сов кхечу пачхьалкхашкара тергамхо веана Украине, президентан харжамашна тIехьожуш дакъалаца. Цунах лаьцна хаам бина шотдийнахь цу мехкан пачхьалкхан дозанан сервисан зорбан секретаро Слободян Олега. Хьалхо Украинин коьртачу комиссин зорбан сервисо хаам бинера, верриг а шаьш регистраци йинарг 19 дуьненаюкъарчу вовшатохараллан а, 17 пачхьалкхан а цIарх веана 2344 тергамхо ву аьлла. "ДIадаханчу дийнахь-бусий Украине веана кхин 76 тергамхо, хIинца Украинехь ву 1500 эзар официалан тергамхо, 40 пачхьалкхара"... Читать дальше...

Кеман билеташ даздалар толлур ду Оьрсийчоьнан Iедало

Radiomarsho.com 

Кху тIаьхьарчу беттанашкахь кеман билеташ даздалар толлур ду Оьрсийчоьнан Iедалан векалша. Цуьнан жамIашка хьажжина гIулчаш йохур ю мехаш тIекхатар сацор Iалашонца. И болх шайн куьйгакIел оьцур бу вице-премьераша Козак Дмитрийс а, Акимов Максима а, яздо Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша. Чиллан-бутт чекхболуш гучудаьлла кху тIаьхьарчу 3 баттахь кеман билеташ дазделла хилар 5-33 процентана. Цунах лаьцна яздира "Коммерсанто". Цул тIаьхьа федералан монополина дуьхьал сервисо сацам бина и гIуллакх талла. Читать дальше...

Москох некъахьовзамехь вон деанчу стагана машен лур ю Кадыровн фондо

Radiomarsho.com 

Москох Можайское шоссена тIехь некъахьовзам хилла вон деанчу стагана гIо дийр ду Кадыров Ахьмад-Хьаьжин фондо, хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо дийцарехь, некъабохамехь йоI а, зуда а йийна, и бахьана долуш гергара зуда а елла висинчу Роменков Романна оьцур ю керла "Нива" машен. Цул сов, цу стагана дийр ду кхечу кепара гIо а.

Соьлж-ГIалара Москох дIакхачийна Джамбеков

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра Москох дIакхачийна Можайское шоссена тIехь, ши адам а дуьйш, некъахьовзамехь дакъалаьцна жима стаг. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн официалан векло Волк Иринас бинчу хаамца, гергарчу хенахь Джамбеков Муслим дIалур ву Талламан комитете. Цуьнан белхахой толлуш ду некъабохам хиларца долийна бехктакхаман гIуллакх. Джамбеков Соьлж-ГIаларчу полице веара пIераскана дийнахь, Кадыров Рамзана шега кхайкхам бинчул тIаьхьа.   Ши адам а дуьйш, бохам хиллера кху беттан 24-чохь. "Нива" а, Mercedes... Читать дальше...

Юха а митингана кечлуш бу гIалгIай

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн къоман цхьаалан комитет олучу тобано Магасан мэре кехат хьажийна, рогIера митинг дIаяхьа шайн лаам хиларх лаьцна. И акци хир ю, боху цара, Нохчийчоьнца доза хьокъехь бинчу бартана а, республикан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекана а дуьхьал.  "ГIалгIайчоьнан гIортор" юкъараллан боламан хьалханчо Чемурзиев Бараха дийцарехь, митинг вовшахтоха дагахь бу уьш Магасехь Охан-беттан 5-9 деношкахь.

Магасехь митинг дIасаллала новкъарло йина полисхой балхара дIабаьхна ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь балхара дIаваьккхина административан дозанашкахула йолчу батальонан 19 полицин белхахо. Цунах лаьцна хааам бо "МБХ-Медиа" зорбанан гIирсо, меттигерчу юристана Ахильгов Калойна тIе а тевжаш. Цо дийцарехь, батальон дIасахецна Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасехь хиллачу митингана тIехIиттаррна. Ахильговс чIагIдарехь, полисхоша новкъарло йина хилла бакъо йоцуш митинг ян гIоьртина наха дIасалохкучу Росгвардин белхахошна.

"Исламан Турпалхо" цIе тиллина Кадыровна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна "Исламан Турпалхо" цIе тиллина, ткъа иштта елла "Къудсан Седа" орден. И совгIаташ цунна делла Соьлж-ГIалахь "Сафия" цIе йолчу даздарш дIахьочу хIусамехь дуьненаюкъарчу исламан конференцин декъашхой тIеоьцуш хиллачу тойнехь. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийн Республикан куьйгалхочуьнан а, Iедалан а зорбанан сервисо. Дийцарехь, Дерригдуьненан Исламан Лиган инарлин секретаро Iабдул-Карим Аль-Iийсса Мухьаммада дIакхайкхийна цу симпозиуман делегаташа Кадыровна... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *