Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2019

Новости за 31.03.2019

Шен платформашкахь хьагI-гамо яржайойтур яц Facebook-о

Radiomarsho.com 

Facebook-ан операцийн декъан директоро Сэндберг Шэрила леррина дIахьедар дина, Facebook Live платформехь хуьлург оццу хенахь гойту стримашца йоьзна кепаш хийца Iалашо ю шайн аьлла. Иза доьзна ду Керлачу Зеландехь Крайстчерчехь маьждигашкахь теракт еш хиллачуьнца. ТАСС агенталло бинчу хаамца, Сэндберга аьлла шаьш технологеш тоян а дагахь ду аьлла, кхераме контент сихха гучуяккхархьама. Цул сов, Facebook-ан векалш гIулчаш яха дагахь ду шен платформашкахь хьагI-гамо лелорца. Цара, лаха а лохуш, совцор ю цу тайпа трансляцеш... Читать дальше...

Президентан харжамийн хьалхара мур хилла Украинехь

Radiomarsho.com 

Президентан харжамийн хьалхара мур хилла Украинехь. Кхаж тосу меттигаш схьайиллинера Iуьйранна 8 сахьт даьлча. Цара болх бира суьйранна 20 сахьт даллалц. Интерфакс-Украина агенталло бинчу хаамца, Украинин куьйгалхочуьнан дарж къовсуш вара 39 кандидат. Иза рекорд ю цу махкана. Украинин коьртачу комиссино бинчу хаамца, харжамхойн терахь ду 35,5 млн стаг. Exit Polls талламца, толам боккхуш ву Зеленский Владимир 30,4%), шолгIачу меттехь ву Порошенко Петро (17,8%), кхоалгIа ю Тимошенко Юлия (14,2%). Читать дальше...

Словакин президент хаьржина оппозицин жигархо Чапутова Зузана

Radiomarsho.com 

Словакин президент хаьржина Чапутова Зузана – юрист а, оппозицин жигархо а. Кхаарин дийнахь хиллачу президентан харжамийн шолгIачу муьрехь цо гулдина 58 процент сов кхаьжнаш. Цуьнца Словакин куьйгалхочуьнан дарж къовсуш вара Iедалехь йолчу "Смер" партино гIортор еш волу Еврокомиссин куьйгалхочуьнан когаметта Шефчович Марош. Шефчович хIинцале а толам баккхарца декъалйина шен дуьхьалонча.   Чапутовехьара шен кхаж дIабелла 1 миллион сов харжамхочо. Иза дуьххьарлера зуда ю Словакин президентан даржехь.

Шина баттана талламан изоляторе хьажийна Джамбеков

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Талламан комитето бинчу хаамца, Можайское шоссехь, ши адам а дуьйш, хиллачу некъаовзаман декъашхо Джамбеков Муслим лаьцна Iедалша. Кхело сацам бина иза талламан изоляторе хьажо Стагалкъекъа-беттан (Май) 25-чу дийне кхаччалц. 34 шо долчу цу стагана бехке дуьллуш ду, ларамаза 2 я кхин а алсам адама а дьуйш, некъан низамаш дохор. Джамбеков Соьлж-ГIаларчу полице веара пIераскана дийнахь, Кадыров Рамзана шега кхайкхам бинчул тIаьхьа. Зуда а, 14 шо долчу кхиазхо йо1 а юьйш, бохам хилира кху беттан 24-чохь. Читать дальше...

Президентан харжамаш буьйлабелла Украинехь

Radiomarsho.com 

Украинехь болабелла президентан харжамийн хьалхара мур. Кхаж тосу меттигаш схьайиллина Iуьйранна 8 сахьт даьлча. Цара болх бийр бу суьйранна 20 сахьт даллалц. Интерфакс-Украина агенталло бинчу хаамца, Украинин куьйгалхочуьнан дарж къовсуш ву 39 кандидат. Иза рекорд ю цу махкана. Украинин коьртачу комиссино бинчу хаамца, харжамхойн терахь ду 35,5 млн стаг. Церан кхаж таса аьтто хир бу 33,6 эзар меттехь. Царах 101 ю махкал арахаьа кхечу пачхьалкхашкарчу векалаллашкахь а, консульствошкахь а.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *