Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2019

Новости за 10.10.2019

Магомадова Зелихигара ненан бакъо дIаяккхар ирча харцо ю боху Страсбурго

Radiomarsho.com 

Европерчу адамийн бакъонан кхело харц лору Оьрсийчуьрчу кхело Нохчийчуьра яхархо ненан бакъонах йоккхуш бина сацам. "Бакъонан инициатива" юкъараллин векалша бина и хаам "Кавказ.Реалиига". 30 эзар евро мах дIабала декхаре ю Оьрсийчоь зудчуьнгара шен берех доладан бакъо дIаяккхарна. Кхин а 9 эзар евро охьадилла деза Москвано Страсбургехь кхел йоьдуш хиллачу харжашна дуьхьал. Магомадова Зелихин 6 бер ду. Полицехь болх беш велла цуьнан майра 2006-чу шарахь. Ткъа дехоша дIадаьхна цуьнгара бераш, уьш шайна тIеяздале нене царна пенсеш а дахийтина.

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (10.10.2019)

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьхь хьоьхур бу китайхойн мотт, "МуьтIахь ву вайн паччахьна", Шемахь тIом бу юха а (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Дагестанехь ши зуда кхеле озийна стаг верна

Radiomarsho.com 

Шина зудчунна кхел йийр ю Дагестанехь борша стаг верна. Бехктакхаман кодексан "Дуьхьало ян де доцу адам тобано дер" олучу 105-гIа артиклца жоьпе озийна иза шиъ. Талламан комитетан Дагестанерчу урхаллин векало "Кавказ.Реалиига" дийцарехь, кхушеран юьххьехь 25 шо долчу ХIинжа-ГIалин вахархочун цIа еана, цо шена тIеехча, цуьнца цхьа хан хьалха яьхна зуда. "Вийначо, ша мехах чохь Iачу петара еача, хьийзийна шеца яьхна хилларг. Цул тIаьхьа цо иза декхарейина, кредитна ахча а эцна, иза шега дIадала", - боху талламан урхаллин векало. Читать дальше...

Туьркойчоьно гIаш-эскар хьажийна Шема тIом бан

Radiomarsho.com 

Шемин лаьтта тIе даьлла туркойн гIаш-эскар. Оцу хьокъехь хаам баржийна прессо, Туркойчоьнан тIеман министраллина тIе а тевжаш. Операцехь туркошца цхьаьна дакъалоцуш ду Шемарчу оппозицин дакъош а. Хьалхо дийцадаьккхира прессехь туркоша шайна гергарчу шемахойн дозанца лаьттачу курдойн ницкъашна тIе кеманашца а, яккхий тоьпашца а тохар дарх лаьцна. Кхаарийдийнахь президента ЭрдохIан Реджепа хаийтира Туркойчоьно Шемин къилбаседанехь "Машаран хьоста" цIе йолу тIеман операци йолийна хилар. Оцу барамо шина мехкан дозанна кхерамзалла кхачор ю... Читать дальше...

2-3-4 зуда йолучу кIентех нохчашна хетарг

Radiomarsho.com 

Муха хета наханна, зударий алссам кхийла беза, аьлла, мехкан куьйгалхоша юха а айдина къамел зийра Маршо Радионо кху муьрехь. "Зуда цхьаъ бен хила ца еза" бохучу тIера "3-4 хила а тарло" бохучу къхаччалц ду бахархошна хетарг. Амма юкъахь массара а эриг цхьаъ дара: хIора зудчуьнца нийсо лело къонах а, вехаш а хила веза массех зуда ерг.

ТехIерано лаьцначуьра дIахецна журналист Юзик Юлия

Radiomarsho.com 

ГIажарийчоьнан Iедало дIахецна кIира хьалха ТехIеранехь лаьцна хилла Оьрсийчуьра журналист Юзик Юлия. ХIинца иза Москох ю, хаамбина "РИА Новости" агенталло, ГIажаройчуьрчу Оьрсийчоьнан векалтна тIе а тевжаш. Юзикна ГIажаройчоьно тIе бехк баьхьинера я бехказа араялийтина, хоуьйтуш дац. Беттан юьххьехь лецира Юзик Юлия ТехIеранехь. Кхайкхина яхана яра ГIажаройчу журналист. ДIайоьдуш юхалур ду, аьлла, аэропортехь дIадаьккхина хилла цуьнгара паспорт. Лаьцначул тIаьхьа хаийтира гIажаройн дипломаташа... Читать дальше...

Кадыровна ша муьтIахь ву боху "эладитанна" юкъа озийначех кхин а цхьамма

Radiomarsho.com 

Хьалха-Мартан кIоштан куьйгалхочо Абдурешидов Валида Instagram-ерчу шен агIоне видео йиллина, ша "нохчийн къоман лидерна" муьтIахь хилар, "цуьнан духьа вала а кийча" хилар хоуьйтуш. "Ас массарна а хезаш дIабоху, со вуьззина муьтIахь волу командин декъашхо ву, хилла, хир а ву регионан куьйгалхочун, нохчийн къоман лидеран Кадыров Рамзан Ахматовичан политика къобалъеш!" – Яздина Абдурешидовс, "Кадыровна тешнабехк бинчух летта вала кийча ву" ша аьлла тIе а тухуш. Хьалхо прессехь даьржира, "Кандагар"... Читать дальше...

Китайхойн мотт хьеха болор бу Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу школашкахь кхечу пачхьалкхийн меттанашлахь китайхойн мотт а хьеха Iалашо ю мехкан дешаран министраллин. Нохчийчу оцу меттан хьехархой а кхайкхина, цаьрца къамел дина деношкахь дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, хаамбо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Юьхь йолош, китайхойн мотт юкъабоккхур бу Соьлж-ГIаларчу Дешериевн цIарх йолчу лингвистикан школехь а, № 14 гимназехь а, Дешаран центрехь а, и болх шайна тIеэцна хъьехархоша Буракова Таисияс а, Федосеева Анастасияс а, яздо агенталло.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *