Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2020

Новости за 08.02.2020

Нохчийчохь журналистана а, адвокатана а тIелатар дарна саготта ю Америка

Radiomarsho.com 

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Москохарчу векалалло кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, адамийн бакъонашларъярхой а, журналисташ а ларбахьара аьлла. И дIахьедар дина пIерасакан буса Нохчийчохь хилла инцидент бахьана долуш. Маршо Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара, журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Дубровина Маринина а бевзаш боцчу наха тIелатар дина Соьлж-ГIалахь. "Континент" хьешан хIусамна хьалха динна тоба тIелетта цу шинна. Милашинас дийцарехь, царна йиттинарш бара коьртачу декъана зударий. Читать дальше...

Зуламхоша интернетехь пайда оьцу Кадыровн цIарах, боху цуьнан зорбан сервисо

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах пайда оьцу зуламхоша, Instagram-хь ахча гулдан харц агIонаш а кхуллуш. Цунах лаьцна хаам бина цуьнан зорбан сервисо. "Цхьана харц агIонехь къовсадалар кхайкхийна, аккаунте дIаязвалар биллам а болуш. И дарна цуьнан авторо кхайкхийна совгIатана кхо миллион сом", - яздо сервисо, Кадыров цу агIонца цхьа а юкъаметтиг йоцуш хилар билгалдоккхуш. Нохчийчуьра Iедалш сагатдеш ду, "Iехийна цу аккаунташка дIаязбеллачу наха эзар сов комментареш юьтуш хиларна". Читать дальше...

Вовшахлатарехь 8 стаг вийна Казахстанан къилбехь

Radiomarsho.com 

БархI стаг вийна, иттаннаш чевнаш йина бу Казахстанан къилбехь Жамбылан кIоштахь хиллачу вовшахлатарехь, хаам бо Маршо Радион Казахийн сервисо (Радио Аззатык), чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана тIе а тевжаш. Болчу хаамца, хиллачу тасадаларшкахь дакъалоцуш хилла меттигера бахархой, амма тешаш чIагIдарехь иза хила мега меттигерчу дунганаш олучу къомах болчу нахана дина тIелатар.   Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан версица, пIераскан сарахь Кордайн кIоштахь летта 70 гергга стаг. Цул тIаьхьа... Читать дальше...

Америкехь Патерсонехь гIалин полицин хьаькам хIоьттийна кхарачо. Цо чIагIо йина Къуръан тIехь

Radiomarsho.com 

Американ Нью-Джерси штатехь Къилбаседа Кавказера йоккха юкъаралла ехачу Патерсон гIалахь полицин хьаькам хIоттийна къомах кхарачо волу Байчора ИбраьхIим. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино. Цу дарже дIахIуттуш хиллачу церемонехь цо чIагIо ян Къуръан дехна, хаам бо меттигерчу зорбанан гIирсаша. И церемони дIайирзича полицин хьаькамо имам кхайкхина доIа дан.

Трампа балхара дIаваьккхина импичментан гIуллакхехула ша бехкеваран ши теш

Radiomarsho.com 

Конгрессехь президентана Трамп Доналдана дуьхьал тоьшаллаш динчу Американ Евробертерчу векало Гордон Сондланда дитина шен дарж. Цо дIахьедар дина ша иза дина хиларх лаьцна, пачхьалкхан куьйгалхочун лаам кхочуш беш. Цул маситта сахьт хьалха, улле ваьлла кхерамазаллин белхахо а волуш, КIайн ЦIийнера араваьккхира лахара полковник Виндман Александр. Иза вара президентана импичмент кхайкхор процесс дIайоло бахьана доккхуш Демократин парте арз динарг, дагадоьуйту "Американ аз" зорбан гIирсо. Американ... Читать дальше...

"Avis" компанин офис схьайоьллуш ю Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Мехах машенаш лело яларан дуьненаюкъарчу "Avis" компанин векалалла схьайоьллуш ю Соьлж-ГIалахь. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчуьрчу туризман министро Байтазиев Муслима. ПIераскан дийнахь нохчийн министр цхьаьнакхийтира цу компанин инарлин директорца Карреньо Алехандрца, яздо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Байтазиевс дийцарехь, 170 пачхьалкхехь болх бечу "Avis" компанин республикера офис хир ю Соьлж-ГIаларчу аэропортехь.

Кадыров Рамзанан гIоьнча хилла Цицулаев дIахецна Москван кхело

Radiomarsho.com 

Москва гIалин кхело дIахецна Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча хилла Цицулаев Рамзан, хаам бо pravda.com сайто. Иза лаьцнера Украинин кхерамазаллин сервисо 2017-чу шарахь. Оццу шарахь ГIадужу-баттахь Цицулаев дIавелира Оьрсийчоьне.  Талламхойн версица, 2014-чу шарахь бизнесхо Закриев Iела лачкъа а вина, цуьнгара 100 миллион сом даккха гIиртинчу тобанца хилла вара иза. 2014-чу шеран ГIуран-баттахь федералан лехамашка веллера Цицулаев. ТIаьхьо, Оьрсийчохь и стаг цахилар къаьстича, дуьненаюкъарчу лехамашка велира иза. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *