Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2020

Новости за 14.02.2020

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (14.02.2020)

Radiomarsho.com 

Газах делла бер, Шемас ЭрдогIанна бина бекхам, коронавирус къар ца ялар (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Би-би-си: Ливехь оьрсийн эскархо велла

Radiomarsho.com 

Оьрсийн эскаран эпсар вийна Ливехь аьлла, хаамбина оьрсийн Би-би-си хьостано. Хьалхо веллачун цIе а ца йоккхуш, бира изза хаам регионалан "Оренград" хьостано. Мича хьелашкахь вийна а, я цуьнан дарж а хоуьйтуш дацара. ТIеман конфликтехь шаьш дакъалоцуш дац аьлла Оьрсийчоьно. Ткъа Би-би-си-но Iорадаккхарца, 27 шо долу Мостовой Глеб ву Ливехь вийнарг. "Оренград" хьостано снайпер вара боху иза. Велларг тIеман университетехь доьшуш вара аьлла, иза вевзачу цхьаммо. Карарчу беттан 5-чу буса вийна лоруш ву эпсар. Читать дальше...

Цкъа а дицлур доцу де

Radiomarsho.com 

Францин къилбехь вехачу Iийсас дагалоьцу, махках даьккхинчу нохчийн къомо лайначух а, церан даймахке сатийсарх а, шайн цIадерзарх а, дIанисдала гIерташ, биттинчу лолах а.

Этнограф Хасиев Сайд-Мохьмад кхелхина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Еарин буса Нохчийчохь кхелхина гоьваьлла, нохчийн историн Iилманийн кандидат, этнограф Хасиев Сайд-Мохьмад. 1942 чу шарахь Мангал-беттан 20-чохь дуьненчу ваьллера иза. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Соьлжа-гIалин хьехархойн институтан историн факультете деша хIоьттира Хасиев. Школехь хьехарчоун а, Iилманийн а, талламан а, историн а, меттан а, литературан а белхаш бина цо. 1973-чу шарахь историн Ӏилманийн кандидат хилира иза. 1991-чу шарера схьа 2000-чу шаре кхаччалц Нохч-ГIалгIайн синбахамаллин... Читать дальше...

ВОЗ: коронавирусан ун хьакхадала тарло кхи а 60% бахархойх

Radiomarsho.com 

Коронавирусо даржийна ун бахьанехь дуккха а баларш хиллачу юкъанна Китайрчу Iилманчаша дIахьедо, коронавирусан керла кеп дуьненчуьрчу кхин а 60 сов процент адамашлахь яржа тарло аьлла. Bloomberg агенталлана еллачу интервьюхь дина цу кепара дIахьедар Дуьненаюкъарчу могушаллаIалашъяран организацин (ВОЗ) консультанто Лонджини Айрас. Китайхь инфекци яржарна тIехь терго латточу Лонджинис бахарехь, хIора цомгушхиллачуьнгара шинна-кхаанна тIедолу и лазар. Цамгар ца яржийтарна тIехь тидам латто Iаламат хала хуьлу экспресс-тесташ цахиларна а... Читать дальше...

ЭрдогIанна бекхам беш, эрмалойн геноцид къобалйина Шемахь

Radiomarsho.com 

Османан имперехь 1915-чу шарахь эрмалой хIаллакбар геноцид ю аьлла, резолюци тIеэцна еаридийнахь Шеман парламенто.  Хонкаран а, Димаьшкъан а юкъаметтигаш йоьхначу тIе а кхи а карзахъевллачу юкъанна бина сацам бу иза. ТIаьххьарчу деношкахь Шеман а, туркойн а эскарш масийттазза вовшашна чуччадахна хилла Шеман къилба-малхбузерчу Идлиб провинцехь. Пачхьалкхан парламент президентна Асад Башарна Iаламат муьтIахь ю. Ткъа иза легитиме хилар къобал ца до Шемарчу герз эцна, гIаьттинчу оппозицино. Парламентан спикеро еаридийнахь бехкейина Туркойчоь... Читать дальше...

Шемаца долчу дозане шайн танкаш хIиттийна Туркойчоьно

Radiomarsho.com 

ЭрдогIана кхайкхийна ультиматум бакъхилла. Шемаца долчу шайн дозане танканаш тIеийзош ю Туркойчоь. ХIокхул тIаьхьа Iарбойн пачхьалкхехь Хонкаран цхьа эскархо вехь, тхан танканаша доза хадор ду аьлла, чIагIо йинера Туркойчоьнан Iедалхоша.

Экс-прокуроро йийна хилла шен хIусамнана

Radiomarsho.com 

Къилба ХIирийчохь прокурор лаьттина Чельдиев Игорь лаьцна, адам дийна хила тарло цо аьлла, шеконаш кхоллаелла. "Кавказ.Реалии" портале дийцина цунах лаьцна ницкъаллийн структурехь. Бутт хьалха Чельдиевн яйна хилла зуда карийна церан Кобан эвларчу садаIаран хIусаман дозан тIехь. "Хьалхо еллачу информацица, коьртах эчиг тоьхна йийна хиллера иза. Чельдиевн хIусаман территори тIехь лаьттах доьллинчуьра цуьнан дакъа хьаладаьккхина полисхоша. ЦIийнда бехкевина, шегара даьллачунна мукIарло а дина цо.... Читать дальше...

Нохчийчохь газ дIаихначу хIусамехь бер делла

Radiomarsho.com 

Газ дIаихна кхаа стагах лаьттачу Нохчийчуьрчу доьзална дIавш даьлла. Да а, нана а дарбан цIинехь охьадиллина, ткъа церан ши шо кхаьчна бер делла лоьрийн орца схьа а кхачале аьлла, хаамбина регионерчу Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша. Дахначу шинаридийнахь хилла бу и бохам Хьалха-Мартанахь. Полицино талламаш болийна сингаттам Iоттабеллачу меттигехь.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *