Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2021

Новости за 20.12.2021

"Танк сацийна ас". Дагестанехь байъинчу вежарийн-жаIуйн дас талламан хьокъехь

Radiomarsho.com 

2016 шарахь Дагеастанерчу Шемалан кIоштарчу Гоор-Хиндах юьртана гена доццуш жа дажош Iен вежарий Наби а, Хьасан-Хьусайн а ГасангусейновгIар байъира лерина операци дIахьочу ницкъхоша. Вийна ши жима стаг тIемало хилла сурт хIиттадора куьгбехкечара. Амма ГасангусейновгIеран гергарчу наха а, лулахоша а харцйира церан верси, гойтура дарешкахь гучуюьйлу шалхенаш. Вежарийн догIмаш тIехь карийра дуккха а герзашца йина чевнаш. Кхо шо ду Оьрсийчоьнан Талламан комитето гIуллакх толлу а, берийн да зуламхошна таIзар дайта гIерта а. Читать дальше...

Геленджикехь протест: гIалин бахархоша Путин Владимире кхайкхам бина

Radiomarsho.com 

ГIуран-бетта 18-чохь Геленджикерчу Тонкий Мыс олучу кIоштахь 300 сов меттигера вахархо гул а велла, президенте Путин Владимире видеокхайкхам бира. Уьш синтеме бац курорт-гIалан инарла планан юккъехь хийцамаш барна а, меттигерчу администрацица шайн юкъаметтиг ца хиларна а.

Европе кхача гIертачу мухIажаршка бала бахьарх дийцина бакъонашларъярхоша 

Radiomarsho.com 

Беларусера Евробертан пачхьалкхашка кхача гIиртинчу мухIажаршна тIехь кеп-кепара шогаллаш лелийна, иштта уьш Iиттабелла ахчанаш дахарца а, Беларусин ницкъхойн даржел совбийларца а аьлла, яздина ду дуьненаюкъарчу бакъоларъяран Amnesty International организацино хIоттийначу рапортехь, 75 мигрант левинчул тIаьхьа. Бакъонашларъярхойн зерашца, "и сурт гинчийн тоьшаллаша шеконаш ца юьту, Беларусин дозанхоша нахана йиттина хиларх" чхьонкаршца а, автоматийн баххашца а, иштта кхерамаш тийсина, ха ден жIалеш тIехоьхкур ду бохуш а. Читать дальше...

"Иноагенташ" леринчу зорбан гIирсашкахьа пикет дIаяьхьна Махачкалахь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедалхоша "арахьара агенташ" леринчу зорбан гIирсашкахьа а, бух боцуш лецначу журналисташкахьа а цхьааллин пикет дIаяьхьна Махачкалахь. "Маршо ло журналистикана" аьлла, карахь плакат а долуш лаьттара пикетан декъашхо волу дагестанхойн журналист Мурадов Мурад. "ГIуран-беттан 23-чохь кхайкхийна Путин Владимиран пресс-конференци хилале хьалха пикете ваьллера со, йозуш йоцчу журналистикана тIаьхьабовларна а, цхьаболу хаамийн гIирсаш "арахьара агенташ" ларарна а цуьнан терго тIеозорхьама", - дийцина журналисто. Читать дальше...

Дийнахь-буса коронавирусах 81 стаг велла Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 81 стаг, кхин тIе вирус кхетта - 1607 вахархочунна. Официалан зерашца, Ставропjлан махкахь велла 32 пациент, Краснодаран кIоштахь - 20, ГIебарта-Балкхаройчохь - бархI, Къилбаседа ХIирийчохь - ворхI, Нохчийчохь - ялх, Дагестанехь - кхоъ, ГIалгIайчохь - шиъ, ГIалмакхойчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Адыгейхь а цхьацца кхелхина. Верриг а Къилбаседа Кавказехь эпидеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах 29 170 стаг. Къаьсттина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу дийнахь а... Читать дальше...

ГIелоярна таIзар чIагIдеш низаман проект кховдийна Пачхьалкхан думе

Radiomarsho.com 

Iазапаш хьоьгуьйтучу Iедалан векалшна таIзар чIагIдеш низаман проект кховдийна Пачхьалкхан думе. Инициативан авторш бу Пачхьалкхан думан а, Федерацин Кхеташонан а комитетийн куьйгалхой Крашенинников Павел а, Клишас Андрей а. Парламентан лахарчу палатин базехь цкъачунна зорбане дилллина дац документ. Низаман проектаца а догIуш, Iедалан векалша лелон Iазапаш къаьсттина къизаллица лелийначу зуламийн декъехь лорур ду, оцу тIехула набахте хьийсор бу 12 шаре кхаччалц хенаш а етташ. Оцу зуламашца доьзна... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *