Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2021

Новости за 18.12.2021

Социлан машанехь"Хизб-ут-Тахриран" логотип хIотторна гIуда тоьхна Адыгейн вахархочунна

Radiomarsho.com 

Адыгейхь Майкоп гIалан суьдо бехкелаьрра меттигера бизнесхо Джамбулатов Борис, экстремистин материалаш яржорна, "Хизб ут-Тахрир аль-Ислам" (терроран лерина ю Оьрсийчохь) тобанан логотип хIоттийна хилла цо социалан машанехь.  Джамбулатов къерахилла ша бехке хиларна, амма кхелан кхеташонехь дакъалаца цавеана иза, ша декъа воцуш листахьара шен административан гIуллакх  аьлла дехар а дина. Оьрсийчоьнан админастративан низамийн Кодексан 20.29 артиклаца а догIуш,  бехкевинчунна гIуда тоха догIа цуьнан... Читать дальше...

Германин регуляторан шеко кхоллаелла, RT лицензи йоцуш болх беш хила мега аьлла

Radiomarsho.com 

Германин медиарегулятора таллам болийна Оьрсийчоьнан Russia Today (Оьрсийчоь тахана) пачхьалкхан телеканалан немцойн маттахь болх бечу RT каналца боьзна. Цунах лаьцна яздо dpa агенталло. Хьукматана хета телеканала программа йолийна аьлла немцойн маттахь, Германин Федеративан Республико болх бан елла лицензи а йоцуш. Dpa агенталло яздарехь, Russia Today лицензи яккха гIоьртира Люксембургехь, амма иза дан аьтто цабелира. Оьрсийчоьнан телеканалан лицензи ю, Сербехь елла йолу. Цо бакъо ло телепрограммаш гайта Европерчу 33 пачхьалкхехь... Читать дальше...

"Сталкер" фестивалан коьрта совгIат делла Нохчийчоь хьалхара тIом боьдуш йийсархой кIелхьарбахарх дуьйцучу филмана

Radiomarsho.com 

Режиссеран Артемьева Аннин "В лысого не стрелять!" документалан филмна коьрта совгIат делла XXVII-чу Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонех лаьцна дуьйцучу "Сталкер" фестивалехь. Цуьнан коьрта турпалхо ву Вячеслав Измайлов, Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш йийсарера лаххара а 174 маьршавакка аьтто баьлла волу. Подмосковьехь военкоматехь гIуллакх деш хилла майор Измайлов, Нохчийчу вахара, цигахь тIамехь ша арме хьажийна жима стаг вийча. Масех шарахь цкъа а топп ца коьссира цу дуьхьалончин агIора, амма аьтто... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *