Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2022
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13 14 15
16
17
18 19 20 21
22
23
24
25 26 27 28 29
30
31

Новости за 20.07.2022

Къилбаседа Кавказан регионашкара дIавоьдучунна 100 эзар сов сом далар хьехна Iедало

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра, Дагестанера, ГIалгIайчуьра, Къилбаседа ХIирийчуьра, ГIебартойн-Балкхаройчуьра, Кхарачойн-Чергазийчуьра (иштта Алтайра, Тывара) дIабоьлхучу къоначу говзанчашна "гIоьнна лерина" ахча даларан аьтто толлур бу оьрсийн Iедало. 116 800 сом кхачо тарло оцу планашца  "белхан меттигийн къелла йолчу" Къилбаседа-Малхбузенан, Геннарчу Малхбалера а регионашка балха хIиттинчу 35 шаре кхачалц болчу бахархошна, хаам бо "Ведомости" гIирсано, Оьрсийчоьнан къинхьегаман министраллин проектана тIе а тевжаш. Читать дальше...

Шо доладелчхьана Нохчийчуьрчу Iедало 10 млн сом дайъина зезагийн курсашна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан урхаллан комитето 2022-гIа шо доладелчхьана республикан куьйгалхочунна а, урхаллина лерина зезагийн курсаш эца йиъ тендер хIоттийна. Карарчу хенара тIаьххьара тендер - 2,5 млн соьманна ю – товбеца-беттан 15-хь хIоттийна. 2,5 миллион соьманна йолчу дуьххьарчу тендерехула чиллан-баттахь туьйлира Коьрте-эвлара Батукаев Рахьман, иштта чиллан-беттахь 3 млн соьманна йолчу тендерехь толам баьккхира Аьхкин-Борзерчу Джабраилова Дагмарас. Иза стигалкъекъа-баттахь а туьйлира 2,5 миллионна йолчу тендерехь. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *