Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2022
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13 14 15
16
17
18 19 20 21
22
23
24
25 26 27 28 29
30
31

Новости за 27.07.2022

Югрехь лаьцначу дагестанхочо латкъамбина, нохчийн диаспоро кхерамаш туьйсу шена аьлла

Radiomarsho.com 

Нижневартовскехь лаьцначу Дагестанерчу вахархочо Ильясханов Артура латкъамбина, нохчийн диаспоро кхерамаш туьйсу шена аьлла – административан гIуллакхехула чохь даккха 15 дей-буьйсий тоьхна цунна, меттигерчу туьканахь, нохчо ву ша аьлла, харцахьа леларна. Дагестане цIа ваха лууш вара ша, амма кхоьру, лаца а лаьцна, Нохчийчу дIавигарна аьлла, дIахьедина Ильясхановс. Цо тIечIагIдина, "нохчийн диаспоран векалшкара" кхерамаш кхочу шега аьлла. Ильясхановн бакъоларъяран органашца хилла къамел зорбане даьккхина меттигерчу Neft гIирсо. Читать дальше...

Кадыровхоша лачкъийна Нохчийчуьра гей карцере дехьаваьккхина

Radiomarsho.com 

Ялх шарна таIзар дина хилла Нохчийчуьра Исаев Исмаил 15 дей-буьйсий даккха карцере хьажийна. Краснодар-махкарчу ИК-11 колонехь хан токхуш ву иза – Чиллан-баттахь Исаев а, цуьнан ваша Магамадов Салехь а бехкевира Нохчийчуьрчу кхело гIаттамхошна гIо латтийна ву аьлла. Вежаршна тIаьхьабовлар церан ориентацица дузу бакъонашларъярхоша. Исаев карцер чу дехьаваккхарх хаамбира  ОВД-Инфо ресурсе "СК SOS кризисан тобанан" секретаро Розанов Мирона. Цуьнан дешнашца, Исаевс дийцинера, иза бехкевинчу гIуллакхехула  карцере хьажор - "деш хIума ду" аьлла... Читать дальше...

Оьрсийчоьнан "деколонизацин" агIончашна кхерамаш туьйсу Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхерам тесна президент Путин Владимир куьйгаллера ваьллачул тIаьхьа пачхьалкхан хиндолчух лаьцна дийцаре динчу «Оьрсийчоьнан маьршачу къаьмнийн форуман» декъашхошна. Цхьана декъанна, форум вовшахтоьхначарна хетарехь, Оьрсийчоь «деимперализацихула» а, «деколонизацихула» а, чекхъяла езар ю, ишта зарратан герзах а къаста а.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *