Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2023
1
2
3 4 5 6 7
8
9
10 11
12
13 14
15
16
17 18 19 20 21
22
23
24 25 26
27
28
29
30

Новости за 03.04.2023

Докъаза валар. Дагестанера аптекахо веран гIуллакх Нохчийчохь ду

Radiomarsho.com 

ДIадаханчу кIирнахь Нохчийчохь дIадаьхьира Дагестанан вахархо Кардашов Алексей веран гIуллакхан рогIера ладогIарш - цул хьалха иза нохчийн ницкъахоша лачкъийна дIавигира. ХIинца бехке хила тарлуш верг хьалхо цу гIуллакхехь теш лаьттина Соьлжа-гIалара таксхо Омаров Сайд-Мохьмад вара - меттигерчу ницкъахоша йетта а йетташ ша динчунна "даре дайтина" волу. Ницкъахой кхечу гIуллакхехь чекхбовлуш бу - шайн белхан таронийн дозанаш хедорна. Хасав-йуьртарчу аптекхочун гIуллакх шатайпа лоруш хIунда ду? Цунах ши гIуллакх хIунда дина? Читать дальше...

Берийн бошмашкахь меттигаш цатоарехь хьалхарчу меттехь йу Нохчийчоь - Росстат

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра берийн бошмашкахь 100 меттигна 123 бер догIу. Цу гайтамаша Оьрсийчохь уггаре хьалхарчу меттиге йоккху Нохчийчоь. Иштта ду Росстат-о 2022-чу шарахь схьакхайкхина терахь. Йерриге Оьрсийчоь схьалоцуш, лерича, берийн бошмашкахь 100 меттигна 97 бер нислуш хуьлу. Рейтингехь иттолгIа меттиг Дагестанна кхочу (100 меттигна 104 бер), йуккъерчу гайтамел цхьажимма лакхара кхевдина йогIу Адыгея (103), ГIалгIайчохь, Кхарача - Чергазийчохь, Къилбаседа ХIирийчохь (100), Ростов-махкахь, ГIебарта- Балкхарчохь, Ставрополан-махкахь (98). Читать дальше...

Кадыровс СКР-н куьйгалхочунна Бастрыкин Александрана Кадыровн цIарах мидал йелла

Radiomarsho.com 

Оханан-беттан 1-хь Бастрыкин Александр Соьлжа-гIала веара. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра а и цхьаьнакхетар вовшашна мидалш луш, дIадаьхьира. Кадыровн цIарах йолу "Нохчийчоьнан дуьхьа къахьегар" мидал йелира Бастрыкинна, ткъа мехкан куьйгалхочунна - урхаллин "Доблесть и отвага" цIе йолу мидал. Меттигерчу СМИ-гIирсаша дийцарехь, Талламан комитетан куьйгалхо дIадаханчу шарахь Къилбаседа Кавказехь дIабаьхьначу "урхаллин белхан жамIаш дан" веана вара. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *