Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2023
1
2
3 4 5 6 7
8
9
10 11 12
13
14
15
16
17
18
19 20 21
22
23
24 25 26 27
28
29
30
31

Новости за 05.07.2023

"Йен кхел йу кхайкхийнарг": нохчийн оппозиционерийн нанна набахтехь даккха 5,5 шо тоьхна Соьлжа-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Оппозицин нохчийн жигархойн ненан Мусаева Заремин гIуллакхехула хьукма кхайкхийна. Федералан кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин 53 шо долчу хIусамнанна 5,5 шой хан кхайкхий йукъарчу хьелашкара набахтехь таккхийта. Иза бехкейина курхалла лелорна а, полисхочунна тIелатарна а. 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородера кадыровхоша лачкъийна, нуьцкъаша Соьлжа-ГIала йалийра Зарема. Бакъоларйархоша а, адвокаташа а масийттазза билгалдаьккхира, Мусаевана дуьхьал долийна гIуллакх Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан бекхам бу... Читать дальше...

Пхеа шарчохь Нохчийчоьнан Iедалхоша адамийн бакъонех хаарш алсамдохуш 20 миллион сом дайина

Radiomarsho.com 

Пхеа шерчохь, 2018-чу шеран товбеца-баттера схьа таханалерачу дийне кхаччалц, Нохчийчоьнан Iедалхоша адамийн бакъонех хаарш алсамдохуш 20 миллион 116 сом ахча дайина. И зераш дина "Верстка" гIирсо пачхьалкхан цIарах хIума оьцучу порталаш тIера хаамийн буха тIехь. Йерриг а 19 тендер хилла хIоттийнарг, дукха хьолахь, ахча хьажийна школашкара урокашна а, конкурсашна а (урокашкахь дукха хьолахь дийцаредина "дешархойн бакъонех а, декхарех а), семинарашна, горгачу стоьлашна, талламаш барна. Къаьсттина... Читать дальше...

Адвокато Немовс а, журналисто Милашинас а дийцина Нохчийчохь шайна динчу тIелатарх лаьцна

Radiomarsho.com 

Адвокато Немов Александра а, журналисто Милашина Еленас а ма-дарра дийцина Нохчийчохь товбеца-беттан 4-чохь Iуьйранна шайна динчу тIелатарх лаьцна. Оьрсийчуьра адвокатийн Федералан палатин президентаца Володина Светланица хиллачу къамелехь Немовс дийцина, 200 метар бен гена ца йаьллера аэропортана Милашиница хIара чухиъна такси, кхаа машено кхеран некъ лаьцча. 10-12 стаг цу машенашчуьра аравелира, церан йаххьаш къевлина йара туьтмIаьжгашца, тхан машенлелорхо аракхоьсира машенара, герзашца болчу наха... Читать дальше...

Мусаевана кхел кхайкхайале дира Милашинина а, Немовна а Соьлжа-ГIалахь тIелатар

Radiomarsho.com 

Товбеца-беттан 4-хь Iуьйранна Нохчийчохь къиза йиттина "Новая газета" журналистана Милашина Еленина а, адвокатана Немов Александрна а. Мусаева Заремина таIзар кхайкхочу боьлхура уьш – цунна кхел йира Соьлжа-ГIалахь 5,5 шо тоьхна. Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана йуьйр йу бохуш, кхерамаш тийсира Милашинина.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *