Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2023
1
2
3 4 5 6 7
8
9
10 11 12
13
14
15
16
17
18
19 20 21
22
23
24 25 26 27
28
29
30
31

Новости за 19.07.2023

Кавказхойн тутмакхаш Iалашбечу адвокато Алиева Азас йуха а дIахьедина, ФСИН-ехь шена Iаткъам барх

Radiomarsho.com 

ТIехь ницкъбинчу Къилбаседа Кавказан регионашкарчу тутмакхийн гIуллакхаш лелон адвокат Алиева Аза Саратовн кIоштара адвокатийн палатера Москва дIайахна, Федералан таIзар кхочушдаран урхаллин (ФСИН) агIор шена Iаткъам барна. Цунах лаьцна ша юристо дийцина Кавказ.Реалиин сайте. Алиевас бахарехь, цо социалан машанашкахь а, зорбанашкахь а тутмакхийн бакъонаш хьешарх дийцинчун скриншоташца рогIера ФСИН-ра арз кхаьчча сацамбира цо дехьайала. "Сий дойу" хаамаш бу уьш элира урхалло, Саратовн кIоштара адвокатийн палатина тIедожийнера... Читать дальше...

ТIамах бакъдерг дуьйцура цо: Джейн Биркина нохчашна гIодарх

Radiomarsho.com 

Парижехь кхелхина 77 шаре йирзина францхойн актриса, йишлакхархо Джейн Биркин. Иттаннашкахь фильмашкахь дакъалаьцна цо, йазйина иллеш тIехь долу альбомаш а. Амма кIезиг нахана бен хууш дац, цо нохчийн мухIажаршна жигара гIо диний, нохчийн маттахь дIайазйина йиш лекхний а. ТIаьхьо шен концерташкахь локхура цо и йиш. Историко Вачагаев Майрбека дуьйцу, муха хьийзира Джейн Биркин Нохчийчохь боьдучу тIамна а, нохчийн дахарна а терго тIеозон. Товбеца-беттан 16-чохь кхелхина Джейн Биркин "францхойн икона" йара аьлла президенто Макрон Эммануэла. Читать дальше...

Кадыровн йишин кIант хIоттийна Оьрсийчохь Danone компанин куьйгалле

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йишин кIанта, махкара йуьртбахаман министраллин хьаькама Закриев Якъуба урхалла дийр ду ООО "Данон Россия" компанин, Оьрсийчоьнан бахаман министраллин урхалле иза дIайеллачул тIаьхьа. Цунах лаьцна хаамбина ЧГТРК "Грозный" телеканало, информаци тIечIагIйина иштта The Bell ресурсо а, СПАРК системина тIетевжина. Оьрсийчуьра францхойн Danone концернан акцеш "цхьана ханна урхалла дан" Оьрсийчоьнан бахаман министралле дIалуш Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *