Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2019

Шаьш-шайна - мидалш

0
Саламова Елена

Нохчийчуьрчу политикашна, юкъархошна кест-кеста ло мидалш, тохку еза цIерш – амма кхеташ дац церан маьIна


Кадыров Рамзанан гоне хаза кхаъ кхаьчна кху деношкахь – Урдунерчу паччахьан цIийно Пайхьамаран тIаьхьенийн академин декъаэцна Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь. Мехкан куьйгалхочо декъалвина муфти, "Шайх Салахь-Хьаьжин хьехамашка дуьненан массо а маьIIехь ладугIу" а яздеш.


Академикан дарже дIакхоччуш…


Хаамах массо а ца ве воккха. Масала, блогеро Абдурахманов Тумсос дагадоуьйту Межиев бусалба дин кIоргга Iамо гIерташ къахьегна вацар. Я махкахь а бац муфтех академик варо ирсе кхачийна нах дукха.


"И академи, ас кхеторехь, вайна моьтту академи яц. Иза юкъараллера организаци ю, цундела цуьнан академиках бохийла дац Iилманийн академик", - элира "Кавказ.Реалиига" ГIезалойчуьрчу цхьана маьждиган имама.


ГIезалочо дихкира шен цIе яккха – Кадыров Рамзанан го бийца кхераме ду, цунна хетарехь.




 


Ала деза, бакъ-академик ву, Межиевн статусца дуьстича, ша Кадыров Рамзан. И цIе цунна ца елла Iилманехь похIма гайтина аьлла, елла "эскарийн а, Нохчийчуьрчу бахархойн а синош Iалашдарна". Цо ша дийцира оцу хьокъехь бакъдерг. ХIинцца дIалеккъа юьхьанца, цунна академикан гIовталш тIеохкарца бийла боьлла нах – критикаш дохко бохуш, барт хатта тIекхийларо совцийна уьш.                                                                               


Кхузза профессор Кадыров


Вуно дукха орденаш, мидалш, еза цIерш ю Кадыровн, шайлахь адам цецдоккхурш а тIехь. Масала, кхаа лакхарчу доьшийлехь "лараме профессор" ву иза – Кишин Кунта-Хьажин исламан университетан, Карарчу заманан гуманитаран университетан, Нохчийн университетан. Оцу цIаро бакъо ло цунна юьйцучу доьшийлашкахь лекцеш яла. Иза ша лелор а ду, аьлла Кадыровс, махках жоп лучуьра мукъаваьлча.




 


Бакъду, дукхахйолу мидалш а, цIерш а даймахкахь елла елахь а, ю Кадыровн дозанал арахь елларш а – дукха хан йоццуш "Исламан Турпал" цIе тиллина цунна Дуьненаюкъарчу Исламан Лигехь, "Къуддусан Седа" орден елла Палестенин президентан хьехамчас. Ткъа и цIерш, совгIаташ мел деза лору юкъараллашкахь – иза хаа хала дац. Дуьненаюкъарчу совгIатех лара деза, аьр вай, Беларусан президента Лукашенко Александра елла "Халкъийн доттагIалла" орден а.


Кадыровца дуьстича, Оьрсийчоьнан мидалш, орденаш бен яц цуьнан гонерчу нехан. Ю Кадыровн Оьрсийчоьнан бехктакхаман-набахтийн система чIагIъярна а, адамийн бакъонашкахьа къийсам латторна а, парламентаризм кIаргъярна а, юьртабахам чIагIбарна а, низамалла, пачхьалкхалла кхиорна а елла мидалш, орденаш. Ю "Даймехкан Турпал" мидал а, "Даймехкан Сий" орден а, кхеташ ду, бу  "Оьрсийчоьнан Турпал" седа а. Цуьнан нанна а, зудчунна а елла "Даймехкан Сий" орденаш.


Хала ду Кадыровн а, цуьнан гонан а массо а цIе, мидал, орден охьаягаръян – сов дукха ю уьш. Амма дукха яц дозанал арахь ларам беш елла билгалонаш. Цундела муфтина Межиевна Малхбалехь еза цIе тиллар – иза дан а ду Кадыровн гонна деза совгIат. Ткъа лойла дац и тайпа цIе-совгIат дуьненан кхечу агIоно – Малхбузено. Цигахь Кадыров а, цуьнан го а зуламе лору, дукхахболучийн цIерш язйина санкцийн тептаршка.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *