Макгрегорна тIе шиша кхоьссина Дагестанерчу блогеро
![Макгрегорна тIе шиша кхоьссина Дагестанерчу блогеро](https://gdb.rferl.org/5FD0F37C-0D64-4C8B-86B6-07D209622494_w800_h450.jpg)
Дагестанерчу Нариман цIе йолчу Instagram блогеро видео арахецна ша Ирландерчу ММА латархочуьнга Макгрегор Конорга хаттар луш яьккхина. Журналисташна тIевеанчу Макгрегоре хаьттина хилла цо, оццул Нурмагомедов Хьабиб а, цуьнан тоба а хьайна цаезаш хилча, дерриг а Дагестанерчу халкъах вониг (кIиллой бу бохуш) хIунда дуьйцу ахь аьлла.
Макгрегор: "Ас эр ду хьоьга хIунда. Цара туьканашкахь сан юхь тIелатийна котамаш йоьхкина. Цара со шаьш цаларар гайтина".
Нариман: "Сан да а, сан ваша а – уьш берш а кIиллой хета хьуна?"
Макгрегор: "ХIаъ, хета".
Нариман: "ХIунда бу уьш кIиллой? ХIун дина хьуна сан дас а, вашас а ахь уьш кIиллой бу баха?" (чохь хи долу шиша кхуссу цо латархочунна тIе).
Макгрегор: "ДIалакъа, тентак".
"Суна ца хаьа дешнашца муха дуьйцур ду шуна сан дагчохь долчух лаьцна, шу кхетийта иза муха нисделира бохучух.", - яздина блогеро.
Хьалхо Москох зорбан конференцехь Макгрегор Конора ларам боцуш вистхиллера Нурмагомедовх а, берриг а суьйлех а, уьш кIиллой бу аьлла.