Францехь вийначу Алиевх лаьцна хаамаш бовзийтина Абдурахманов Тумсос
"КIиранах Алиев Iимранан хIусамехь ваьхна киллер, цул тIаьхьа цуьнца цхьана Франци вахана. Лилль гIаларчу отелехь наб кхоьтуьйту молха а малийна Iимранна, цул тIаьхьа масийттазза логах урс диттина, вийна иза", - яздина Абдурахмановс.
Тумсон хьосташа хаамбарехь, Алиев вийнарг Нохчийчу юхавирзина карарчу хенахь. Нохчийчуьрчу лаккхарчу даржхочунна болх беш ву киллер аьлла, тIетоьхна Тумсос.
Францин къилбаседанерчу Лилль гIалахь вийна карийна Нохчийчуьра вахархо Алиев Iимран, "Мансур Старый" аьлла, цIе яхна волу аьлла, хаамбира Маршо Радионо, LENTA.RU хьостанна тIетевжаш. Дийцарехь, отелехь урс диттина цунна.
YouTubeхь а, Фейсубкан агIонашкахь а кхайкхамаш беш хиларца, вевзаш вара "Мансур Старый".
