Социлан машанехь"Хизб-ут-Тахриран" логотип хIотторна гIуда тоьхна Адыгейн вахархочунна
Адыгейхь Майкоп гIалан суьдо бехкелаьрра меттигера бизнесхо Джамбулатов Борис, экстремистин материалаш яржорна, "Хизб ут-Тахрир аль-Ислам" (терроран лерина ю Оьрсийчохь) тобанан логотип хIоттийна хилла цо социалан машанехь.
Джамбулатов къерахилла ша бехке хиларна, амма кхелан кхеташонехь дакъалаца цавеана иза, ша декъа воцуш листахьара шен административан гIуллакх аьлла дехар а дина.
Оьрсийчоьнан админастративан низамийн Кодексан 20.29 артиклаца а догIуш, бехкевинчунна гIуда тоха догIа цуьнан алапан кхоалгIа дакъа барамехь я чуволла веза иза 15 де-буьйсанна .
Майкоп гIалин кхелан федералан суьдхочо Катбамбетов Мурата бехке лаьрра Джамбулатово, таIзар деш 200 туьма барамехь гIуда а тоьхна цо бизнесхочунна.
"Хизб ут-Тахрир" – дуьненаюкъара исламистийн кхетамца болчийн политикан юкъаралла ю. Дуьненан дуккхаъчу мехкашкахь легалехь лелаш болам бу иза.
2003-чу шарахь Лакхарчу кхело террорхойн организаци ю аьлла, дIакхайкхийра "Хизб ут-Тахрир". ГIирмина аннекси йинчул тIаьхьа цигахь беха дуккхахболу боламан агIончаш леца болийра Оьрсийчоьнан Iедалша.
Украинехь а йихкина ю организаци. Бакъоларъяран "Мемориал центро ("Оьрсийчоьнан юстицин министралло арахьарчу агентийн тептаре яьккхина "Мемориал", - Редакцин билгалдаккхар.) политикан тутмакхаш лерира "Хизб ут-Тахриран" могIаршкахь хилла бу аьлла, 50сов бусулба.