Шен гергарнаш лецна аьлла, хаамбина нохчийн оппозицин блогеро
![Шен гергарнаш лецна аьлла, хаамбина нохчийн оппозицин блогеро](https://gdb.rferl.org/982D7CC6-9635-4B40-B9D1-47256074EB17_w800_h450.jpg)
Де хьалха Нохчийчохь шен ялх гергара стаг лачкъийна вигина аьлла, хаамбина телеграм-каналехь нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Бу царлахь дехой а, ненахой а, шичой а, маьхчой а.
"Селхана сан вашас "Неужели ты струсил, Иудов" аьлла, видеоролик зорбане яьккхира шен ютюб-каналехь", - дIахьедина блогеро Кавказ.Реалиин корреспонденте.
Роликехь вуьйцург ву парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Туркойчуьра Кадыров Рамзанан оппоненташ а. Абдурахмановс дийцарехь, хьалхо лачкъийна вигинчу цуьнан массо а гергарчунна "ультиматум хIоттийнера", иза сацаве аьлла. Ца хуьлчу далахь, Абдурахмановс бахарехь, чIир хьейийр ю аьлла хиллера цаьрга.
Абдурахманов Тумсо нохчийн оппозицин блогер ву. Шен видеошкахь цо дуьйцу Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъеш цахиларх а, кхинйолчу меттигерчу Iедалхойн харцонех а.
2019-чу шеран Охан-баттахь нохчийн Iедалхоша масална йолийра Абдурахмановн гергарчу нахана дуьхьал информацин кампани. ХIетахь блогер шайх дIа а хадош, иза вийначунна шаьш бекхам бийриг цахиларх дIахьединера цара.