Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2023
1
2 3
4
5 6
7
8
9 10 11 12 13
14
15
16 17 18 19 20
21
22
23
24 25
26
27
28
29
30 31

Москвахь стаг верна шеконашка лаьцна Кадыровца йоьзначу лиган латархо

0
Москвахь стаг верна шеконашка лаьцна Кадыровца йоьзначу лиган латархо

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца йоьзначу Absolute Championship Akhmat лиган латархо Ахъядов Ламберт лаьцна Iедало, Москван некъан административан инспекцин белхахо верна шеконашка лаьцна.

2022-чу шеран гIуран-беттан 31-хь вийна и стаг Москворецкан хин йистехь "Кхозуш долу Зарядье тIайн" гергахь, цигахь дIахIиттийна машенаш МАДИ-н инспекторо видео тIе дIайазйечу йукъанна, йаздо RTVI зорбано. Цхьайолу машен долахь йолчу стага инспекторна 16 чов йина уьрсаца, шен номершна цо сурт даккхарна, боху ВЧК-ОГПУ телеграм-канало. Инспектор меттигехь велла.

Чиллан-беттан 28-чу дийне кхачалц Ахъядов лаьцна латто сацам бина кхело, йаздо ТАСС пачхьалкхан агенталло. Хулиганалла лелорца стаг верна бехк биллина цунна.

Иэдинчу латаршкахула волчу спортхочо Ахъядов Ламберта 14 летаршкахь дакъа лаьцна, царах 9-хь толам баьккхина. ТIаьххьара латар 2019-чу шарахь дара цуьнан Absolute Championship Akhmat турниран лигехь.

Absolute Championship Akhmat (ACA) кхоьллина Соьлжа-ГIалара "Ахмат" а, "Беркут" а клубаш иэйарца, амма "Ахмат" клубан президент Нохчийчоьнан урхаллин таханалера вице-премьер Висмурадов Абузайд вара.

Absolute Championship Akhmat лигана куьйгалла деш ву Хасиев Майрбек, хьалхо ФГУ "Нохчийн Республикан лоьрийн-социалан коьрта бюро" куьйгалхочун даржехь вара и. 2011-чу шарахь Хасиевна Кадыров Ахьмадан цIарх орден йелира, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца уьйр йолуш ву и – масала, республикерчу зорбанаша Кадыровс Хасиев винчу денца декъалвеш хаам арахийцира.

2020-чу шарахь АСА Американ санкцийн тептаре йаьккхира, "Магнитскийн глобалан актан" бух тIехь, и лелабо Вашингтоно, адамийн бакъонаш хьоьшуш лелаш болчу наханна тIехьбевлла лелаш.











СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *