Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2023
1
2 3
4
5 6
7
8
9 10 11 12 13
14
15
16 17 18 19 20
21
22
23
24 25
26
27
28
29
30 31

"Уьш дийна бу аьлла, дегайовхо йац тхан". Нохчийчохь 20 стаг лачкъийна ницкъахоша

0

Нохчийчуьра Iалхан-ГIалахь бакъоларйаран органийн белхахоша мел кIезиг а меттигера 20 стаг лачкъийна вигина. Церан гергарчара чIагIдо, уьш МВД-н Грозненскан кIоштарчу декъан ларми чохь латтош бу, цигахь царна тIехь хьоьгуш Iазап а ду. Ткъа урхаллехь дIахьедина, "хууш хIуммаъ дац" шайна аьлла.

Ницкъахоша Iалхан-ГIалахь рейдаш йолорах дечкен-беттан суьйранна хаийтира Кавказ.Реалиига меттигерчу шина вахархочо. Полисхоша хIусамашкахула чекхбуьйлуш, дIабуьгура нах цхьана "чоьхьарчу тептаршца". Лецнарш кхин а дуккхаъ хила тарлора, боху редакцица къамелдинчара, амма дукхахберш хIусамаш толлучу хенахь цIахь ца нисбеллера. Иштта Iедалхойн векалша луьстура тIехбуьйлучаьргара схьайохуш, церан телефонаш а.

Мича бахьанашца нах лоьцу, ца дуьйцура ницкъахоша. Меттигерчу бахархоша чIагIдора, лечкъийна буьгурш экстремизмана бехкебеш бара. Кавказ.Реалиица къамелдинчо бахарехь, "динан тIедахкарш кхочушдеш", дикачу агIор бевзара лецнарш юьртахь, ткъа дайша-наноша хаамбира, "тептарерчу нехан" тIехулара хатI бахьана долуш, претензеш йара полисхойн аьлла.

Iалхан-ГIалара дуккха а нах лоьцуш бу аьлла, хаамбира иштта дечкен-беттан 8-чохь нохчийн оппозицин 1ADAT, NIYSO телеграм-каналаша а. 1ADAT канало бархIаннан цIе йаьккхина, NIYSO канална хиъна лачкъийначу 14 стеган цIе. Кавказ.Реалиин Iалхан-ГIаларчу хьасташа тIечIагIдина, тептарш нийса хиларх, цара билгалдоккху, цхьана доьзалера кхо стаг вигина меттигаш а хилар.

"Оцу цхьаболчийн гергарнаш тоххара а дIабигинера 280-чу Iедалан къепеца (экстремизмех – Редакцин билгалдаккхар.). Хетарехь, хIинца дIабига сацамбина цара бисинарш а. Новкъахь дуьхьалкхеттарш бацара буьгуш, шаьш билгалбаьхна нах бара", - дийцина Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь меттигерчу вахархочо, лаьцна вигинарг вевзаш волчу.

"Профилактикан болх"

Царна тIехь ницкъбарх дуьххьара хаамаш гучубийлира СолсаевгIеран ши ваша Хьамзат а, Леча а лаьцначу шолгIачу дийнахь. Уьш бехкебинера мехкан Iедалхошна лийна аьлла, йиттинера царна, и шиъ ледарчу хьолехь ву, чIагIдо Европехь вехачу церан гергарчу стага.

"Жимахверг сацийнера, иза машенахь воьдучу заманчохь, иштта лаьцна вигина иза а. Хууш дац воккхахаволчунна тIаьхьа маца баьхкинера, йа церан Нохчийчуьра гергарнаш а бац цунах лаьцна хIуммаъ а дийца баьхьаш. Цара хIун динера аьлла, хаьттича, цара [ницкъахоша] луш жоп дац. Цхьа хIума ду хууш: царна тIехь гIело ю латтош",- дийцина Кавказ.Реалии редакцица къамелдинчо.

 

Зуламаш лелийна, йа бехктакхаман гIуллакхна тIехула тIеозийна вац и ши ваша хьалха, тIетуьйхира цо. Цхьаъ телефонаш а, аксессуараш а юхкуш вара, шолгIаниг ханна болх боцуш вара, ши кIира хьалха зуда йалийнера цо.

"Тахана Iуьйранна [дечкен-беттан 9-чохь] экстремизмана дуьхьалолатточу Центре дIавигина и шиъ. Официалехь царна дохкуш бехкаш дац. Амма тхан хаа аьтто баьлла, къизаллица царна тIехь Iазаапаш лелийний. Полисхой дера бара, церан Iедалхошкахьа дог-ойла критике хиларна. Ши ваша дийна хир ву аьлла, дегайовхо йац тхан",- дийцина гергарчо. Цо чIагIдо, полицин декъера цхьана хьасто дийцина шега, цу шинна тIехь гIело йарх.

Цо дийцарехь, "тептарера" кхин а цхьана стагана тIехь Iазап хьегийтина цара – Мусаев Iусман. Дечкен-беттан 10-чохь цуьнан гергарнаг лечкъийнера. Хьасто чIагIдо, зударий а цхьана дIабига гIертара ницкъахой, церан кегий бераш делха дуьйладелча, бисина божарий дIалехьийра аьлла. Билггал вигинарг маса стаг ву хууш дац къамелдинчунна.

Полицера шен хьастана тIетевжина, цо боху, нагахь санна, лецна вуьйш дIахецахь а, СолсаевгIеран ши ваша а, Мусаев а хоьцур вац.

Гергарчийн информацица, кегийрхошна тIехь ницкъбинчу чоьхьарчу гIуллакхийн декъан куьйгаллехь ву МВД-н урхалхочун кIант Алханов Бислан. Кавказ.Реалиин редакцино масийттазза телефон йеттарх жоп ца делира йа Нохчийчухула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-гIуллакххоша а, йа экстремизмана дуьхьалолатточу Центрехь а. Лецначарех лаьцна хIуммаъ дийца реза ца хилира Грозненск кIоштан ОВД-н белхахо.

"Соьгахь цхьана а кепара информаци йац. Лецна хила а тарло, йа цхьа профилактикан болх дIахьош хила а мега. Цхьана а кепара оцу хьокъехь шуна йала информаци йац сан", - элира цо.

 

Лечкъийна бигинчийн гергарчара орца дехна, шайн доьзалхойн гIуллакх нахаладаккха аьлла, Европехь вехачу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочуьнга Сулейманов Джамбуате. Цо дийцарехь, МВД-н белхахошна лечкъийначийн телефонаш чохь карийна информаци, бунт гIаттон тарлуш ю аьлла хетта царна.

"Хууш ду, уьш берриг а – лулахой бу. "Тешамейоцчу" интернет-ресурсехь хилла уьш аьлла, оцу бахьанаца дIабигина. Цундела, шайн хьолах Iедалхой тешна боцу дела, уьш [лецнарш] Iедалхошна дуьхьал лаьтта гара лору", - билгалдоккху Сулеймановс.

Кавказ.Реалиин корреспондентаца къамел дечу заманчохь Сулеймановна хууш ца хиллера Iалхан-ГIалара лечкъийна бигинчарна, вежарий СолсаевгIар боцчарна а, тIехь гIело латторах.

"ТIаьххьара Iалашо – кхерор"

Доьзалера масех стагана цхьабоса Iаткъамбар – Нохчийчуьра бакъоларйаран органаша даржийна хIума ду, билгалдоккху Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центран векало Орлов Олега.

"Цхьабоса масех стаг лачкъийначу заманчохь атта ду цаьрга стенна тIехь а мукIарло дайтина, бехкаш тIелацийта. Вовшашна хьалха дIа а хIиттийна гергарчарна тIехь ницкъбеш хилча, иза "эвсара" хуьлу царна, иштта ала тарлахь. Хила тарло иштта, лечкъийначара вовшашца йозанаш дина хила, луьйш, юьхь йохуш", - аьлла хета Орловна.

ДIабигинчарех цхьаммо а "Мемориале" орца дехна дац, боху бакъонашларйархочо. Цунна хетарехь, и доьзна ду, дуккхаъчарна тIехь репрессеш лелорна, Нохчийчуьра бахархой кхерийна хиларна.

Церан оппозицин хьежамаш буй хьажархьама цхьабоса дIабигина хила тарло гергарнаш, хIунда аьлча, вовшашна Iаткъамбойла ду церан, йа цхьаъ хууш хила тарло, кхетадо Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" офисан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас: "Ишта церан [ницкъахойн] таро хуьлу психологин Iаткъамбан бехкбоцу гергарнаш лоьций, боллу доьзал Iадош, жоьпалла массарна а тIехь хир дуйла гойтуш".

Лечкъийначийн гергарчара шайн организацига дина дIахьедар цахиларна, шеггара талламаш боло йиш йац шен элира Вансловас.

***

2010-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь тIепаза вайна 4 984 стаг. Шен барамашца йаккхийчу Москвахь а, Москван кIоштахь а долчу терахьашца дуьстича, дукха лахара дац иза. Байна нах наггахь бен ца карочу регионашлахь а иштта "лидер" ю Нохчийчоь. Республикехь хIора шарахь бовш болчу 1 700 нахалахь схьакараво 20-30. Къилбаседа ХIирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а хьал дика ду, делахь а, цигахь карош вац хIора иттолгIа бен. И зераш 2021-ра шо довш зорбане дехира пачхьалкхан РИА "Новости" агенталло, Оьрсийчоьнан МВД-н диллинчу хьасташна тIетевжина.

Нохчийчуьра Алхазов Аюб а, Тазабаев Рамзан а кхелхира, махкарчу полицин декъахь Iазапаш хьегначул тIаьхьа. Ницкъахоша лачкъийна вигина, хьийзийначул тIаьхьа ца ваьллачу денна Оьрсийчуьра дIавахначу Алхазов Мубарикан деваша а, стунда а вара и шиъ.

Къайлах набахтеш республикехь йац бохуш, дохку бехкаш тIе ца дуьтура Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Доккхачу декъанна, цо дIахьедира, шен шахьаран дозана тIехь бакъо йоцуш лецнарш чохь латтон лармаш йац аьлла. Оцу юкъанна "Новая газето" а, бакъоларйаран "Комитет за гражданские права" организацино а масийттазза хаамбора, Нохчийчуьра къайлахчу набахтешкахь ницкъахоша лечкъийна меттиегра бахархой бу латтош бохуш. Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима дийцира, ша чохь валлийначу къайлахчу набахтех лаьцна, дийцира иштта Кадыровс дакъалацарх ницкъбеш.











СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *