Къилбаседа ХIирийчуьра ММА-н латархо Гаглоев Георгий велла карийна цIерпошта чохь
"Москва-Буьри-гIала" боьдучу цIерпоштехь Къилбаседа ХIирийчуьра ММА-н латархочун Гаглоев Георгийн дакъа карийна. Ростове-на-Дону гIаларчу цIерпошташ латточу меттигехь карийна иза.
Латархо нуьцкъаха вийна хила тарло, бохуш йаздо пачхьалкхан ТАСС агенталло, спортан сферерчу хьостана тIетевжаш. Гаглоевн гIайбица садукъийна, боху Baza телеграм-канало, шен хьастийн цIерш ца йохуш.
И хаам харцбо Къилбаседа ХIирийчоьнан Kryliatv.ru зорбано. Низам лардаран органашкарчу хьасташна тIе а тевжаш, зорбано чIагIдо, "нуьцкъаха вийна хиларан ларш гучу ца йаьлла", карарчу хенарчу хаамашца, Гаглоевн кхалхар тромбоэмболия лазарца доьзна хилла боху.
Шен гергара зуда Гаглоева Римма лоьхуш хьийзина ву Гаглоев Георгий. 2022-чу шеран чиллан-баттахь йайна иза, Соьлжа-ГIалахь шена дуьхьала а веана, Беслане ша дIакхето йезаш хиллачу таксихочуьнца. Гаглоевс чIагIдора, къайлабевлларш Нохчийчуьрчу цхьадолчу полицин декъехь бу, тIаккха Iуьйранна маьршабохур бу бохура уьш, аьлла ГIалгIайчоьнан Талламан комитето дIахьедарх лаьцна, аммма тIаьхьо и хаамаш харцдира цара. Гаглоевс иштта дийцина, шен гергара зуда схьайогIуш хиллачу машенна тIаьхьа йогIуш кхин а цхьа машен хилла, хетарехь, цу тIехь йуханехьа Нохчийчу дIадигина и шиъ. Нохчийчоьнан номершца йолу детин басахь йолу Lada Priora хилла царна тIаьхьа йогIуш, чIагIдо Baza хьостано, талламна тIе а тевжаш.
ТIаьхьо гIалгIайн Соьлжа эвлан уллохь карийра такси. Машен лелочун а, чохь хиллачу зудчун а долара хIуманаш, ахча а хье ца деш диссинера.
Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь Гаглоевс Соьлжа-ГIалара ницкъахой бехкебора шен гергара зуда лачIорна, Нохчийчохь бозбанчалла лелочу нахана тIаьхьабевлла леларца доьзна хетара цунна и: "Берашна хилла бIаьрг дIабоккхура цо, кеп-кепарчу пачхьалкхашкара нах тIе лелара цунна – Американа, Мисарана тIера Оьрсийчоьнна тIекхачалц. Оцу клиентах лаьцнарг довзархьама нохчий баьхкина хила тарло и йолчу, аьлла хета суна, тIаккха и дIайигина цара".
Масийтта шо хьалха доладелла Нохчийчохь хIумахуу нах лецар. ТIаьххьарчу цхьана шарахь меттигерчу телевизионо гайта а гойтуш, мел лахара а, 14 вара лаьцнарг. Даима санна, шайгара даьллачунна дохкобуьйлу лецна балийнарш, камерана хьалха бехк ца биллар а доьхуш. "Терроризмел а, наркоманел а кхераме" ду боху сюжеташкахь цара лелориг.
Нохчийн пачхьалкхан зорбанашкахь а, меттигерчу хьакамийн аккаунташкахь а бахархоша бехк ца биллар доьхуш видеош арахоьцу гуттара а. Нохчийчуьрчу бахархойн "сийсазе гечдар доьхуш" видеошна тидам бира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссино шен дуьненаюкъарчу динан маршонех лаьцна 2021-чу шарахь арахецначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, хьалхо ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан директор хиллачу, Нохчийчоьнан зорбан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.
ХIора шарахь Нохчийчохь 100 эзарна юккъера тIепаза вов 110 стаг. Иза 4-за дукха ду Оьрсийчуьра юккъерчу терахьца дуьстича.