Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2023
1
2 3
4
5 6
7
8
9 10 11 12 13
14
15
16 17 18 19 20
21
22
23
24 25
26
27
28
29
30 31

Ницкъахойх латарна таIзар дина Джумаев Сайд-Мухьаммад ШИЗО хьажийна

0
Ницкъахойх латарна таIзар дина Джумаев Сайд-Мухьаммад ШИЗО хьажийна

Москвара митингехь омонхойх тийсаваларна набахте хьажийна Нохчийчуьра вахархо Джумаев Сайд-Мухьаммад гIуданан изоляторчу хаийна, хаамбира дечкен-беттан 30-чохь цуьнан ненайишас инстаграмехь (тIаьхьо пост дIайаьккхира). Цунна хетарехь, чиллан-беттан 3-чохь Джумаевн ненаца хила дезачу цхьанакхетарна новкъарло йан хьийза колонин администраци.

ТаIзар динчун гергарчо зорбане йаьккхинчу поста тIехь бахарехь, иза ШИЗО-хь волу иссолгIа де а ду. Хууш дац, мича бахьанашца хьажийна иза цу чу.

"ХIаъ, нанна хала ду! Нерваш бахьана долуш дика дац цунна", - дIахьедина Джумаевн ненайишас, хьалхо колонин администрацино иштта хила деза цхьанакхетар юкъадаьккхина хилар билгалдоккхуш.

Хаамбора, Джумаев юьхьанца хан такха Владимиран кIоштарчу Покров гIалара колони хьажийна, цул тIаьхьа – Тамбовн кIоштара номер 1 йолчу колони. Набахтен куьйгалле телефон туьйхира Кавказ.Реалиин редакцино, амма жоп ца делира.

МГУ-н хилла Нохчийчуьра студент леттера ницкъахойх дечкен-беттан 23-чохь Москвахь, Навальный Алексейн гIо лоцуш хIоттийначу акцихь. ОМОН-н масех белхахочунна Джумаев дуьхьал тийсалуш видео шуьйра яьржира социалан машанашкахь. Полицино лаца кхайкхийра студент. Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан думехь волчу депутато Делимханов Адама дош делира Джумаевна "низамца" гIо дан, нагахь санна, Навальныйна гIо латточуьра иза сацахь.

Дечкен-беттан 28-чохь лецира студент Псковн кIоштахь, хетарехь, Евробертан доза хадон хьийзачу хенахь. Джумаевна бехкбиллира зуламан кхаа эпизодехь Iедалан векална дуьхьал ницкъбаккхарна аьлла. 202I-чу шеран Мангал-беттан I9-чохь Москварчу Тверской кIоштан кхело юкъарчу хьелашкахь йолчу колонехь даккха пхи шо хан туьйхира цунна. 2022-чу шеран Чиллан-баттахь Москва гIалин кхело сацам тIечIагIбира. Оьрсийчохь дIайохийначу бакъоларъяран "Мемориал" центро политикан тутмакхийн тептаре ваьккхира Джумаев.











СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *