Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2019

Новости за 03.04.2019

Кадыровн "шахьар" цIанъеш 35 миллион гергга ахча дойур ду

Radiomarsho.com 

34,8 миллион ахча хьажор ду Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Соьлжа-ГIалара резиденци латто. Пачхьалкхан цIарах оьшург оьцучу сайт тIехь зорбане яьккхина цу хьокъехь тендер. Лот тIехь билгалдаккхарца, "оцу ахчанах Нохчийчуьра Рубежная, Тбилисская урамашкахь а, Соьлжан хийистехь а бай а, ораматаш а цIена латтош, белхаш дIахьур бу". Ишта, цIанйийр ю резиденцин майда нехех, Iалашйийр ю бешмайда а, зезагаш а. КарабогIучу беттан 22-чохь билгалдер ду, муьлхачу организацино тIелоцур ду белхаш. Читать дальше...

АрашуковгIарах боьлла сардам хьаьрчар бац Темрезовх

Radiomarsho.com 

Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхо Темрезов "хьавеш" вац цкъачунна. Республикехь а, цуннна гонах а лела зуламаш дукха делахь а АрашуковгIар, да а кIант а, лецначул тIаьхьа хийцамаш бан болийна махкарчу Iедалхошлахь. Путина даржера вохийна прокурор Терещенко Александр. Иза хилла АрашуковгIаьрца уллера гергарло долуш, хаамбо РБК агенталло, шен хьостанашна тIе а тевжаш. АрашуковгIар лецна ши бутт хьалха. Дена, Раульна, "Газпром межрегионгаз" хьукматаш инарла директорна бехкедина 30 миллиард соьманна газ лечкъор. Читать дальше...

Росстате бехкбаьккхина Кремло

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу доьзалех кхоалгIачу декъанна ахча ца тоьа мачаш эца аьлла, Росстатан зорбане даьхначу зерех жоьпе хьоьжу Кремлехь аьалла, дIахьедина президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. "Со ца хIутту оцу ситуацех дерг ала. Мачаш эца хIунда ца тоьа? Доьзалийн кхоалгIа дакъа аьлла, муха къастийна и терахьаш", - аьлла Песковс, журналисташа Росстатан дIахьедарх комментари шега ехча. Дахначу шеран Росстатан зераш Iорадехира РБК агенталло. 60 эзар хIусамо жоьпаш делла хиллера церан хеттаршна. 80 процент бахархоша ахча цатоаран бахьанашца... Читать дальше...

Президент Iехийча чекхдолий?

Radiomarsho.com 

Ерриг Кавказ а Iадош эккхийтира 2010-чу шарахь БуьрийтIера базар. Адамаш дайарна бехке а вина, велла дIаваллалц набахти такха дIахьажийра цхьаъ. Цуьнан ваша вийра лаца баьхкинчу ницкъхоша. КхоалгIачу вешина кху деношкахь тоьхна еха хан. …Ткъа хIинца гучудолуш лаьтта Iедало бехк тIеэгийначех лаххара а цхьаъ, тIаьххьарниг, хиллане а ца хила тарлойла бехке. Хашагульгов Якъуб Къилбаседа Кавказерчу тIеман кхелехь деношкахь листина Хашагульгов Якъубан дов, кхайкхийна 18 шо. ГIера а кхоьллина, наханна тIелетарна... Читать дальше...

МакГрегора аьшнашйина Нурмагомедовн хIусамнана

Radiomarsho.com 

Ирландин ийначу кепехь латархочо (ММА) Макгрегор Конора юха а аьшнашвина Дагестанан латархо Нурмагомедов Хьабиб. ТIаьхьо Твиттерера шен пост дIаяьккхина хилла Макгрегора, делахь а тергамза ца дитина цуьнан йоза Junkie MMA-с а, "Лента.ру" хьостано а. "Чувак, хьан хIусамнана – гата ду", - яздина 30 шо долчу ирландхочо, Нурмагомедовн юьхь къевлинчу шен зудчуьнца даьккхина сурт а хIоттош. Дахначу шинаридийнахь Нурмагомедов Хьабиба дIахьедира, шен оппонент спорта юкъара дIавалар - манипуляци ю аьлла. Читать дальше...

Полисхошна герз диттина, къайлаваьлла ГIебарта-Балкхаройчохь машенлелорхо

Radiomarsho.com 

Полисхой шен машенах хьовса боьлча, герз детта волавелла ГIебарта-Балкхаройчуьра машенлелорхо, хаамбина "Интерфакс" агенталло. "Шинарин Iуьйранна Баксанан кIоштахь некъан полисхоша машенах талламбан ша сацийча, дуьхьал герз кхийса ваьлла урхалла дийриг. Цул тIаьхьа къайлавала аьто баьлла цуьнан", - дийцина агенталле церан хьостано. "Интерфаксо" яздарца, вийна стаг вац оцу зуламехь. Герз тоьхнарг лоьхуш ву полисхоша.

Магасера митинг дIа ца йохийна Росгвардин белхахой жоьпе озийна

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнца доза къасторна дуьхьал бевллачийн Магасера митинг дIайохо дуьхьал хилла Росгвардин белхахой ГIалгIайчохь кхеле озийна. "МБХ медиа" хьосте биина и хаам юристо, республикан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан хиллачу пресс-секретаро Ахильгов Калойс. Байначу беттан 29-чохь гIараделира, акци дIайохо дуьхьалбевллачу полисхойн батальон дIаcаяьккхина аьлла. Ахильговс бахарехь, ГIалгIайчоьнан административан дозанехула лаьттинчу батальонан 19 ницкъахо дIаваьккхира. Дахначу оршотдийнахь хаам хилира... Читать дальше...

Иракъера цIа дало кечдеш ду кхи а Оьрсийчоьнан 50 гергга бер

Radiomarsho.com 

Наноша Иракъе а, Шема а дIадигина хиллачу берийн рогIера тоба Оьрсийчу кхачор ю 1,5 бутт хан яьлча аьлла, хааме даьккхина Оьрсийчуьрчу берийн бакъонашларъян векал йинчу Кузнецов Аннас. "Карарчу хенахь кхелаш ю дIайоьлхуш, и бераш дуьненчу девлла хан билгалйоккхуш, тIаккха бутт хан оьшур ю кхелан сацам ницкъе хила. Цул тIаьхьа цхьа кIира, ши кIира даьллачул тIаьхьа бакъо хир ю бераш цIадало", - аьлла "Интерфакс" агенталле шинаридийнахь берийн омбудсмено. Цо бахарехь, Иракъан Iедалшца барт хилла баьлла... Читать дальше...



Бакъо йоцуш Флоридерчу Трампан клубе кхаьчна зуда лаьцна

Radiomarsho.com 

Бакъо йоцуш Iамеркан президентан Трамп Доналдан доларчу Флоридерчу Mar-a-Lago клубан территори тIехь зуда лаьцна дахначу шоьтадийнахь. Тайванехь делла ши паспорт а, электронан масех гIирс: смартфонаш а, компьютеран вирусаш тIехь йолу флэш-карта а хилла цуьнгахь шеца. Федералан кхеле прокуратурано еллачу информацица, ледара буьйцучу ингалсан маттаца ха дечу территори тIе кхаьчна иза юьхьанца, клубан бассейн оьшура шена аьлла. Цул тIаьхьа, отелан администраторе ООН-о хIотточу китайн-Iамеркахойн цхьанакхетаре еана ю ша аьлла хилла цо. Читать дальше...

Украинан президент Зеленский хилахь, цига юхаваха Iалашо ю Саакашвилин

Radiomarsho.com 

Украинан президентан харжамийн шолгIачу муьрехь Зеленский Владимира толам боккхур бу аьлла, догйовха ву Гуьржийчоьнан хилла президент Саакашили Михаил. "Рустави 2" телекомпанина еллачу интервьюхь цо аьлла: "Цхьа а шеко яц сан, Зеленский Владимир харжамашкахь чекхвер вац аьлла. Iаламат дукха еза суна Украина. Цига юха а вахна, сайгара дIадаьккхина пачхьалкхан вахархочун паспорт юхаметтахIоттор ду ас", аьлла Саакашвилис. Ишта цо дIахьедарехь, Украинан Iедалехь хила сатуьйсуш вац иза, премьер-министран дарж шега кховдадахь а. Читать дальше...

Оьрсийчуьрчу набахтийн бюджет уггар а лакхара ю, амма кIезиг ахча хьажадо тутмакхашна

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу набахтешкара хьал таллархьама, Евробертан дехарца Лозаннан университетан эксперташа хIоттийна рапорт Iорадаьккхина кху деношкахь. Цуьнца а догIуш, Оьрсийчохь уггар алсам ахча дойу набахтешна, амма кIезиг кхачадо тутмакхийн хьашташна. Динчу зерашца, Оьрсийчоьнан набахтешкахь 2017-чу шарахь 100 000 эзар бахархошлахь 418,3 тутмакх хилла. Ткъа луларчу Гуьржийчохь 252, Азербайджанехь – 235. Верриг а 2018-чу шарахь набахтешкахь валлош ву 602 176 тутмакх. Европерчу пачхьалкхашца дуьстича, Iаламат лакхара ду и терахь. Читать дальше...

Магасехь митингаш хIиттийначеран цIийнех хьоьвсина полисхой

Radiomarsho.com 

Кхаарин сатосучу заманчохь ГIалгIайчохь протесташкахь хиллачу жигархойн цIийнах хьовса баьхкина хилла полисхой. Журналисто Евлоева Изабеллас дийцарехь, талламаш бина гIалгIайн къоман цхьааллин конгрессан декъашхойн Погоров Ахьмадан а, Чемурзиев Барахан а, Мальсагов Мусан а, Хаутиев Багаудин а, Саутиева Зарифан а хIусамашкахь. "Ишта жигархочун Бузуртанов Ахьмадан хIусаме а баьхкинера уьш, амма иза цIахь ца хилла цу заманчохь. Протестийн лидеран Барахоев Ахьмадан телефон дIаяйина ю, ткъа гIалгIайн... Читать дальше...

Москвахь некъан полисхочунна тIе машен тоьхна гIалгIа дIалаьцна

Radiomarsho.com 

Полисхочунна тIе машен а тухуш, некъан хьовзам бина ГIалгIайчуьра 25 шо долу Гугаев Хьусейн шина баттана чохь вуьтуш, сацамбина Москварчу кхело. Талламчийн версица, байначу беттан 31-чу дийнахь Skoda Rapid автомобил тIехь вогIучу цо шен белхан декхарш кхочушдечу некъан полисхочунна тIе машен тоьхнера. Кеп-кепарчу чолхечу чевнашца дарбан цIийне кхачийна лазийнарг. 25 шо долу гIалгIа жоьпалле озийна, корта бахон малар а мелла, машенна урхалла дечу заманчохь стаг лазорна. Шена гуш вацрара некъан инспектор аьлла... Читать дальше...

Польше дехьавала гIерта кхо нохчо лаьцна дозанхоша

Radiomarsho.com 

Шайн пачхьалкхан доза хадош кхо стаг дIалаьцна Польшин дозанхоша аьлла, яздо Калининград.RU хьостано. Нохчийчуьра бахархой хилла уьш Калининградан кIоштера Евробертан дозане дехьабовла гIерташ. Варминан-Мазурскан дозанерчу декъан сайтехь бинчу хаамца, 24 шарера 31 шаре кхаччалц хенаш йолчу кхаа жимчу стага Голдапан кIоштан доза хадийна хилла. Царна дуьхьал веана Польшехь уьш ларбеш хилла 19 шо долу кIант. Дийцарехь, бакъо йоцуш оцу пачхьалкхехь лелаш хилла иза. Вовшахкхеттачул тIаьхьа цхьаний Германе дехьабовла Iалашо хилла церан. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *