Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2019

Новости за 21.04.2019

ПIаьнказахь полицица тасадаларш хилла нохчийн

Radiomarsho.com 

Гуьржийчуьрчу ПIаьнказан чIожехь ток йоккху станцеш яхкар сацо гIертачу меттигерчу бахархойн полисхошца кIирандийнахь хиллачу тасадаларшкахь лазийна 20 сов стаг. Керла гидроэлекторостанцеш (ГЭС) яхкаро цигарчу экологина а, юьртабахамна а, туризм кхиарна а зен дийр ду бохуш, ПIаьнказара нохчий дуьхьал бара гIишлошъяран болх болабайта. Iедалхоша дIахьединера, белхаш боло инвестор хIоьттинчу компанин карахь бакъо ю аьлла. Нохчийн Дуиси эвларчу бахархоша станцеш яхка билгалъяьккхинчу меттигна блок тоьхнера. Читать дальше...

Оьрсийчоьнца хинйолчу юкъаметтигехь вистхилла Зеленский

Radiomarsho.com 

Украинан президентан харжамашкахь толам баьккхина шолгIачу турехь, экзитполан хаамца, Зеленский Владимира. Цо дIахьедина, Оьрсийчуьра массо а Украинан политикан тутмакхаш а, цо ма аллара, тIеман йийсархой а, Iаьржачу хIорда тIехь лецна хилла хIордхой а пачхьалкхе юхаберзо хьожур ву ша аьлла. ХIордхойн гергарчаьрца хIинцале а къамел хилла шен аьлла Зеленскийc Киевехь хиллачу пресс-конференцехь.  Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш муха хир ю аьллачу хаттарна жоп луш, "нормандин форматехь" дийцарш дIахьур ду аьлла керлачу президенто. Читать дальше...

Дудаев ЖовхIар дагалоцу Ландсбергис Витаутаса

Radiomarsho.com 

Европарламентан декъашхо (хьалха – Литуван президент хилла) Ландсбергис Витаутас Нохчийчоьнан президентца Дудаев ЖовхIарца гергарло лелийна а, нохчех даима дог лезна а политик ву. Видео дуьххьара эфире елира 21.04.2016 шарахь.

Украинхой президент хоржуш бу шолгIачу турехь

Radiomarsho.com 

Шайн пачхьалкхан президент хоржуш бу тахана Украинан бахархой. Центризбиркомо Iорайоккхур ю суьйренца пачхьалкхан керлачу президентан цIе. Хир ву иза йа Порошенко Петр, йа Зеленский Владимир. КIиран Iуьйранна 8 сахьт даьлчхьана схьайиллина кхаж таса харжамхошна неIарш. Суьйранна 8 даллалц бакъо ю церан шайн харжам бан. Украинехь президентан харжамийн хьалхара тур дIаяьхьира Зазадоккху-беттан 31-чохь. Тоъал кхаьжнаш ца кхечира кандидатех цхьанна а. Интерфакс-Украина агенталло бинчу хаамца, Украинан... Читать дальше...

23 шо кхечи нохчийн хилла президент Дудаев ЖовхIар вийна

Radiomarsho.com 

1996-чу шарахь Охан-беттан 21-чу дийнахь вийра президент Дудаев ЖовхIар. Политикан диалог юха а теттина, тIамца Нохчийчоь шен долаерзо гIерташ яра цу деношкахь Оьрсийчоь. Нохчийчоьнан хьалхара президент Дудаев ЖовхIар Оьрсийчоьно шен мостагI лоруш велахь а, цуьнан сий до дуккха а пачхьалкхашкахь. Хьалхара дагалацаман у гучуделира Эстонерчу Тартухь 1997-чу шарахь Товбеца-беттан 20-чу дийнахь, «Барклай» олучу хьешан хIусаман пена тIехь. Полтавехь Никитченко урамехь йолчу цхьана хIусаман тIехь схьадиллира Дудаевна хьажийна шолгIа у. Читать дальше...

49 стаг велла, 300 гергга лазийна Шри-Ланкахь

Radiomarsho.com 

Шри-Ланкахь динчу цхьа могIа лелхийтаршкахь вийна 49 стаг, кеп-кепара чевнаш йина 300 гергга вахархочунна. Керста наха Пасха даздечу католикийн кхаа килсехь а, пачхьалкхан Коломбо олучу шахьарерчу хьешан хIусамашкахь а, гIалина чувуллучохь а бомбанаш лелхийтина аьлла, хааме даьккхина Reuters агенталло. Беллачарлахь бу кхечу пачхьалкхашкара бахархой а, яздина шен Твиттерехь пачхьалкхан Iедалан векало Харша да Силвас. Шайн-шайн хIусамашкара ара ма довла аьлла, кхайкхамбина цо бахархошка. ДIакъевлина цу пачхьалкхехь аэропорт а... Читать дальше...

Францин Iедална юха а тIеIаткъамбо "можачу жилеташа"

Radiomarsho.com 

30 эзар гергга вахархо вовшахтоьхнера Францехь можачу жилетийн протесташка. Коьрта акцеш дIаяьхьира Парижехь. Цхьаццайолчу меттигашкахь полицин дийзира хи туху герзах пайдаэца. Стохка гурахь дуьйна Францехь йолийна ю протестийн акцеш "можа жилеташ" олучу боламо. Автомобилан ягорган налог охьаяккхар ду цара уггар коьрта Iедалхошна тIедиллинарг. Iедал цхьадолчунна шайна тIетайннашехь, манифестацеш шоръеш, лозунгашкахь гулбеллачара президенте Макрон Эмануэле дарж охьадилла бохуш, бен кхайкхамаш а хезара. Читать дальше...

Шемахь исламхоша динчу тIелатаршкахь 50 гергга салтий вийна

Radiomarsho.com 

Шеман эскархой а, церан агIончаш а байина исламхоша динчу тIелатаршкахь аьлла, хааме даьккхина дахначу шоьтадийнахь бакъонашларъяран тергамчийн тобано. ТIелеттачаьрца хилла "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн декъашхой а, царна муьтIахь болу гIаттамхой а. Алеппон малхбалехь кху беттан 20-чохь 21 салтий вийна аьлла, билгалдоккху Шеман адамийн бакъонаш Iалашъярна тIехь мониторинг латточу Центро. Стохка гурахь Алеппон гергахь тIемаш совцош барт бинера, делахь а кест-кеста барт бохабой, жигара доху цигахь тIемаш. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *