Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2019

Новости за 26.04.2019

"Цхьа де - цхьа де ах де санна" низамехула маьршаваьлла 10 000 стаг

Radiomarsho.com 

Талламан изоляторехь даьккхина цхьа де колонехь даьккхина цхьа де ах де санна ларарца доьзна низам болх бан доладеллачу цхьана шарахь цуьнца колонешкара маьршаваьлла 10 эзар сов стаг. Цунах лаьцна хаам бина ТаIзарш кхочушдон Оьрсийчоьнан федералан сервисо. Цуьнан векалша чIагIдарехь, цу низамо набахтешкахь яккха тоьхна хан лахйина 100 гергга стагана. ФСИН-о билгалдаккхарехь, талламан изолятрехь яьккхина хан ларарца боьзна барамаш тидаме оьцур бу тIейогIучу хенахь кхелаша сацамаш беш. Оьрсийчоьнан... Читать дальше...

ТIеман базехь маьждиг а, килс а йийр ю Кадыровс

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь цхьана майданехь маьждиг а, православин килс ян дагахь ду шаьш аьлла, хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Дакъалоцуш Росгвардин куьйгалхо Золотов Виктор а волуш, "46-чу къаьстина оперативан бригадан территори тIехь дезачу хьолехь маьждиган а, православин килсан а бух буьллуш капсулаш ехкина" шаьш аьлла, яздина цо "ВКонтакте" социалан машанехь. Маьждиго цIе лелор ю Советан пачхьалкхан турпалхочун Висаитов Мовладан, ткъа килс хир ю Москох элан Даниилан сийна хьажийна. Читать дальше...

Евкуров гIо дан кийча ву лецна болчу оппозиционерашна

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека ша гIо дийр ду аьлла лецна болчу Магасерчу дуьхьалонан акцийн декъашхошна, нагахь цара, дохко а бевлла, Кхерамазаллин кхеташоне дехар дахь. Цунах лаьцна хаам бо "Мемориало". Евкуровс бинчу хаамца, верриг а административан жоьпалле озийна ву 70 гергга стаг. Маршо Радионо хьалха а хаам бина ма хиллара, Зазадоккху-беттан 26-хь Магасехь, Iедалша бакъо а елла, митинг хилира республикерчу референдумех лаьцначу низамна тIехь хийцамаш барна дуьхьал. Цу хийцамашца а догIуш... Читать дальше...

Муха хета хьуна Сталин?

Radiomarsho.com 

БуьритIерчу бахархоша дийцира, Советан пачхьалкхан куьйгалхо лаьттинчу Сталин Иосифе шайн болчу хьажамех.

"Ницкъ лойла вайна нохчийн мотт караберзо"

Radiomarsho.com 

Ненан меттан де билгалдоккхуш, даим а санна, цхьана кепехь барамаш дIабаьхьна Нохчийчохь. Масала, Соьлжа-ГIаларчу лоьмар 6 йолчу школехь хилира Маршо Радион корреспондент. Нохчийн духаршца ненан маттахь иллеш эшарш лоькхуш, хелхарш деш, нохчийн тойнехь даздира дешархоша Нохчийн меттан де.

Нохчийчуьрчу 10 эзар вахархочун дихкина Оьрсийчуьра аравала

Radiomarsho.com 

10 эзар сов вахархо ву Нохчийчохь карарчу хенахь пачхьалкхера аравала бакъо йоцуш висина. Коммуналан декхарш а, банкан кредиташ а, диттина гIуданаш а дIатакхаза хиларна республикерчу кхелан пурстоьпийн урхалло ханна дозанаш диттина церан дIасабахарна. Цунах лаьцна хаам бина цу урхаллан векало Геримсултанов Заура, журналисташна хьалха вистхуьулш. Федералан низамца а догIуш, 30 эзар сом пачхьалкхана декхар волчу стагана дихкина ду Оьрсийчуьра аравалар. Нагахь алименташ дIа ца делла, я цхьаьннан могушаллина зен дарна... Читать дальше...

"Акха дивизина" хьажийна эсаллан комплекс кхуллур ю Соьлж-ГIалахь

Radiomarsho.com 

Оьрсийн империн армин дошлойн дакъа хиллачу "Акха дивизина" хьажийна йоккха эсаллан комплекс кхуллур ю Соьлж-ГIалин юккъехь. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, дуьйцу "Нохчийчоь тахана" агенталло. Цо дийцарехь, цу хIолламна тIехь болх беш бу бевзаш болу скульпторш. Кадыровс чIагIдарехь, комплес кхолларан белхаш дIаберзор бу ГIадужу-беттан 5-чохь даздеш долу Соьлж-ГIалан де тIекхачале. "Акха дивизехь" тIеман гIуллакх деш ца хилла Къилбаседа Кавказера бахархой а бен. Читать дальше...

Оьрсийчохь алсамдаьлла Rolls-Royce-аш йохкар

Radiomarsho.com 

Британехь еш йолу Rolls-Royce еза машенаш йохкар алсамдаьлла Оьрсийчохь кхушеран хьалхарчу 3 баттахь. Цунах лаьцна хаам бо "Автостат" талламан агенталло. Ерриг а Оьрсийчохь цу хена чохь йоьхкина цу маркин 24 машен. Уггар дукха эцнарг ю 26 миллион соьмана тIера мах болалуш йолу Rolls-Royce Cullinan. Дечкен-баттахь – Зазадоккху-баттахь йоьхинчу 24 машенах 13 лимузин эцна Москох а, Москох кIоштахь а, 3 – Петарбухехь а, 2 – Краснодаран махкахь. Оханан-баттахь Экономикан лаккхарчу школо а, Внешэкономбанко... Читать дальше...

Кадыров цецваьлла вац Хучиевна Iамерке вар дехкарна

Radiomarsho.com 

"Iамеркан Пачхьалкхан департаменто рогIера забар кхоьллина, Нохчийчоьнан Iедалан куьйгалхочунна Хучиев Муслимна а, цуьнан хIусамнанна а махка дитар дихкина шаьш аьлла дуьнене хаам а бина. Гарехь, Пачхьалкхан департаментан кхин Iалашо а, халонаш а яц кхочуш еш къахьега оьшуш, Нохчийчоьнан премьер а, цуьнан хIусамнана а юьхьарлаьцна лелар а бен", - дIахьедар дина Кадыровс. Делахь а ша цецваьлла вац, боху Кадыровс, Хичиевна Iамерке вар дехкарна. Хьалха цара шен говрана а кхайкхийнера санкцеш, бохуш ву иза. Читать дальше...

Iамеркахоша шайн махка вар дихкина Хучиевна

Radiomarsho.com 

Iамеркан Iедалша дихкина шайн махка ван Нохчийчуьрчу Iедалан куьйгалхочунна Хучиев Муслимна а, цуьнан хIусамнанна Шабазова Сапиятна а, церан юххерчу гергарчу нахана а. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто динчу дIахьедарехь. Iамеркан Iедалхоша чIагIдо, шайгахь билггал тоьшаллаш хиларх лаьцна, Хучиев адамашна ницкъ барна декъах хиларан. Пачхьалкхан департаменто кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош болу нах берш а жоьпе озабе аьлла. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *