Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2019

Новости за 14.06.2019

Маршо Радион тIаьххьара керланаш

Radiomarsho.com 

МаслаIате кхойкху Дагестанерчу юкъараллан жигархоша, Къола дарна къера хилла Цоци-эвлара вахархо, Башкирехь велла Нохчийчохь тIом бинчу Стерлитамакерчу бахархойн хьалханча.

МаслаIате кхойкху Дагестанерчу юкъараллан жигархоша

Radiomarsho.com 

Дагестанерчу юкъараллан вовшахтохараллин лидерша кхайкхам бина ГIизларан гергахь нохчийн дозанехь некъаца йолу билгало бухаяккхар бахьана долуш иккхина дов десто гIертар дита аьлла.  Махлелоран йоцчу вовшахтохараллин кхеташонан куьйгалхочо Хадулаев Шамила нохчашка а, Дагестанерчу къаьмнийн векалшка а кхайкхам баржийна вовшех кхеташ а, вовше лоруш а хилахьара аьлла. "Дахарехь хала миноташ тIехIиттича, мел мухха делахь а, вай гIо доьхур ду дагестанхоша - Нохчийчоьне, нохчаша - дагестанхошка", - аьлла дIахьедар дина Хадулаевс.

Раде харжамашкахь шен партин тептаран коьрте хIоьттина Саакашвили

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоьнан президент хиллачу Саакашвили Михаила йовзийтина Лаккхарчу Раде харжамашкахь дакъалоцур долчу кандидатийн тептаран хьалхарчу пхеа политикан цIераш. Цунах лаьцна хаам бо Интерфакс-Украина агенталло. Цу пхеан юкъахь ву цу партин лидер волу ша Саакашвили Михаил а, Украинин инарла прокуроран когаметта хилла Сакварелидзе Давид а, юкъараллин жигархо Доний Олесь а, Одессера гроссмейстер Жукова Наталья а, экономикан министр хилла Лановой Владимир а. Хьалхо Киеван мэро Кличко Владимира кховдийра Саакашвилега... Читать дальше...

Нохчийчоь – Дагестан: Некъаца лаьттачу бIогIамо эккхийтина инцидент

Radiomarsho.com 

ДIадаханчу оршотдийнахь юха а айина нохчийн-дагенстанхойн дозанийн тема. Иза марсаяьккхира интернете йиллинчу цхьана видеоно: бохийна гойтуш бара Шелковскан кIошт а, ГIизлара а дIасакъаьстачохь лаьтта некъан бIогIам. Шайн лаьттан кийсак лулахоша долаерзийна аьлла, орца даьккхира гIизлархоша. Хабар даьржича, уллехь бехачу наха шолгIа гIуркх а дIабаьккхина, еса йитира и лаьттина меттиг. Иккхина инцидент ерзон ГIизлара бахара шина а республикера Iедалхой. Хилларг листира цара бIеннаш дагестанхошца цхьаьна. Читать дальше...

Оьрсийчуьрчу полисхошна садаIа магийна Туркойчохь а, Таиландехь а

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан чохьарчу гIуллакхийн министраллан белхахошна мукъачу хенахь садаIа баха магийначу пачхьалкхашна юкъатоьхна Туркойчоь а, Таиланд а. Цунах лаьцна хаам бина цу ведомствон официалан векало Волк Иринас. "Колокольцев Владимира буьйранна тIе куьг таIийна, полисхошна Туркойчу а, Таиланде а садаIа баха бакъо луш," – даладо Волк Иринас аьлларг ТАСС агенталло.   Агенталло билгалдаккхарехь, 2014-чу шарахь махкара арабовлар дихкинера полисхошна. Царна баха магийнера СНГ олучу Йозуш йоцчу пачхьалкхийн ДоттагIаллана юкъабогIучу мехкашка а... Читать дальше...

Къола дарна къера хилла Цоци-эвлара вахархо

Radiomarsho.com 

Куршлойн кIоштарчу полицин декъе мукъарло дан тӀевеана Цоци-эвлара 31 шо долу вахархо, хаам бо Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо. Цо дийцарехь, долахочун тидамера даьлла 15 эзар сом лачкъийна цо, уллера иза дIа а валийтина. КIола дина хилла Цоци-эвлан къилбехьарчу йистехь Мангалан-беттан 10-чохь. Амма, эххаре а ша динчун дохковларна къера хила полисхошна тIевахана цоциэвлахо. Хилларг хьокъехь таллам болийна полицин белхахоша.

Башкирехь велла Нохчийчохь тIом бинчу Стерлитамакерчу бахархойн хьалханча

Radiomarsho.com 

Башкирерчу Стерлитамакехь велла меттигера депутат Подобный Александр. Цу гIалахь иза вевзаш вара Нохчийчохь тIом бинчу нехан кхеташонан куьйгалхо санна. 58 шаре ваьлла хилла Подобный тIамехь дакъалаьцна вара Нохчийчохь 1995-1996-чу шерашкахь. "Башньюс" сайто дийцарехь, депутат велла шен белхан меттехь.

Талламан Комитето зуьйш ю ГIалгIайн ШарIан кхел

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь динан бакъонца девнаш луьсту ШарIан кхел яхана Москварчу хьаькамийн тидамна кIел 2019-чу шеран Мангал-беттан11-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Талламан Комитетан белхахой хьаьвсина ГIалгIайчоьнан муфтиятан а, Бусалбанийн Центран а хIусамех. Хеттарш дина БЦ-н куьйгалхочуьнга Хамхоев Iисага а, цуьнан вешига Мусага а (санитаран хьелаш талхорна дукха хан йоццуш дIакъевлинчу Несарарчу базаран да ву Муса). Левина талламчаша муфтиятан къеда Мартазанов Iабдурахьман а. Яц Iеламчаш "ахка" еанарг меттигера полици я къайлах сервис ... Читать дальше...

Социалан машанашкарчу сонталеллачун юьхьяьккхина Черхиговс

Radiomarsho.com 

Некъан полицин Нохчийчуьрчу урхаллан (УГИБДД) куьйгалхочо Черхигов Идриса кхетам луш къамел дина сонта лелаш машен хихкинчу Нохчийчуьрчу вахархочуьнца. ЦIе йоккхуш яц. Цо машенахь воьдуш урамашкахула леларан низамаш дохош яьккхина видео социалан машанашкахь яржарна кхайкхина хилла иза ша волчу некъан полицин хьаькамо. "Нохчийчоь тахана" агенталло дийцарехь, Черхиговн омрица социалан машанашкахь мониториг еш бу цуьнан белхахой, машенашца боьлху низамаш дохош болу нах схьалохуш. Кху деношкахь Маршо Радионо дийцира... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *