Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2019

Новости за 13.06.2019

Соьлж-ГIалахь зуда йийна некъахьовзамехь

Radiomarsho.com 

Некъахьовзам хилла Соьлж-ГIалин Ленинан кIоштахь. Первомайски а, Грибоедовн а урамаш вовшахкхетачехь тIеттIакхетта ВАЗ а, Тойота а машенаш де хьалха. Чоьхьарчу гIуллакхийн Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо бинчу хаамца, и бахьана долуш йийна ВАЗ машена  чохь хилла 57 шо долу зуда. Цу машенна урхалла деш хилла стаг а, цу чохь хилла 12 шаре яьлла йоI а реанимацехь ду Соьж-ГIаларчу республикан клиникан дарбанан цIийнехь. Тойотан шофёр  лаза ца веш кIелхьарваьлла. Хилларг толлуш ду полицино.

 ГIизларахь ша-шаха хIоьттинчу гуламехь лецна нах дIахецна полицино

Radiomarsho.com 

Ша-шаха гулбеллачу Дагестанерчу ГIизларахь хиллачу гуламехь лецнарш дIахецна полицино, хаам бо "Кавказ.Реалиино". Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь билгалдаьккхина и нах политикан позици бахьана доцуш, малар а мелла юкъараллан къепе йохорна лецна хилар. Мангалан-беттан 10-хь Нохчийчоьнан дозанехь лаьтташ йолу некъан билагало дIаяьккхинера муьлш бу ца хуучу наха, де хьалха социалан машанашкахь яржийначу видеонна жоп луш. Цу видеона тIехь Дагестанан цхьана вахархочо гайтира "Нохчийн... Читать дальше...

Халидовна тIехIоьттина цуьнан доттагI Смоляков

Radiomarsho.com 

Полшехь антитерроран декъан белхахоша лаьцна ММА латархо хилла Халидов Мамед аравоккхуш закъалтана ахча дала кийча ву ша аьлла, дIахьедар дина нохчочун бизнесан партнёро Смоляков Дмитрийс, яздо Сrimerussia сайто. Халидов дIалацарца доьзнарг евзаш йолчу цIарна гонаха гIовгIа яккхар ду аьлла хета цунна. Смоляковс дийцарехь, Халидов миллионер ву, цунна оьшуш дац лечкъийначу машенашна тIехь ахча дан гIерта. Цул сов цу шинан юкъахь гIишлошъяран а, хIусамашца йоьзна а бизнес а, ресторанаш а ю. Халидовца... Читать дальше...

Жигархошна, журналисташна дуьхьал – наркотикаш. ГIарадевлла девнаш

Radiomarsho.com 

Пинчук Алина,                                                                                                            Маршо Радио (оьрсийн сервис) Голунов Иванна дуьхьалбаьккхина бехк юхаэцна. Наркотикаш цунна бухакхийсина хиларх а тешаш, эзарнаш бевлира орцах.  Зуламдина ала тоьшаллаш дацарх къерахилла полици. Дукха дац иштта дирзина девнаш. Шех "халкъан артикл" олучу 228-гIачу бехктакхаман артиклца хIора шарахь набахте хьажаво 100 эзар сов стаг. Iедало оппозицина а, шена товш боцчу журналисташна а духьалбоккху гIирс бу и артикл. Читать дальше...

Нохчийчохь тIом бина стаг верца доьзна дов хоттуш ду Свердловн кIоштахь

Radiomarsho.com 

Свердловн кIоштарчу Березовский гIалахь кхело бехкевийриг ву 30 шо долу меттигера вахархо Третьяков Сергей, хаам бо "Золотая горка" газето. Кхушеран Зазадоккху-баттахь 38 шо долчу Худанин Александран петарехь сакъоьруш, дар-дацар а иккхина, вийна цо хIусамда, коьртах телевизор а тоьхна. Цул тIаьхьа лаххара а 30-за буй а, мираш а биттина, 26-зза урс тоьхна Третьяковс Худанинна, аьлла ду кхелан материалашкахь. Тешаш дийцарехь, шина стеган дов даьлла хила мега, Третьяковна Худанин вехачу петарера дIаваха ца лаар бахьана долуш. Читать дальше...

Нохчийн зударшна лерина такси

Radiomarsho.com 

Къоман Iадаташца ехачу Нохчийчохь беккъа зударий дIасалело кхоьллинчу таксин парке балха хIиттинчех хьалхарниг ю Джамбулатова Фатима. Мехкари" ю церан фирмин цIе. Иза йиллинчу Цакаева Мадинас дуьйцу, муха кхоллаелира "зударийн такси": ша цхьаьнхьа сихха дIасаяха езаш хилча, машен лоцура цо, ткъа дагаоьккхура, "дика хир дар-кха машен юьгург борша стаг а воцуш, зуда хилча", олий. Амма цхьа наггахь бен ца нислора цунна таксист-зуда.

Kiev метта Kyiv яздан сацам бина Iамерко

Radiomarsho.com 

Географин цIершкахула Iамеркан кхеташоно сацам бина Украинин коьртачу гIалан цIе язъяран кеп хийца. Хинца дуьйна Цхьаьнатоьхначу Штаташа Kiev яздаран метта яздийр ду Kyiv.   Цунах лаьцна шен фейсбукерчу агIонехь хаам бина Украинин Вашингтонерчу векалалло. Цу хаамехь билгадоккхуш ду, цу хьокъехь дехар дина хилар Украинин векло Чалый Валерийс. И сацам ницкъ болуш хир бу Мангалан-беттан 17-чохь дуьйна. Цул тIаьхьа хийцадала мега Украинин коьртачу гIалан цIе язъяр Iамеркехь санна йозанаш яздар бухе диллинчу вовшахтохараллашкахь а. Читать дальше...

Нохчийчохь юха а билгало бухаяккхарна комментари йина Даудовс

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада шен  Instagram-хь шена хетарг довзийтина Шелковски кIоштахь Дагестанан дозанца некъаца йолу билгало бухаяккхар хьокъехь, хаам бо "Кавказ.Реалии". Даудовс дIахьедар дина, и билгало юхаметтахIоттор ю аьлла. "ХIара тхан латта, тхан территори ю. Тхо цхьаьнца а къуьйсуш дац. ХIун дан гIерташ бу и нах? ТIом беза шуна? ДIа мукъане а кхайкхадайша, шайна тIом беза аьлла. Вай бусалбанаш ду, вайн доттагIалла лело деза вайн дайша а, дедайша а лелийна ма хиллара", - аьлла Даудовс. Читать дальше...

Маршо Радионо керла бюро схьайиллина Софияхь

Radiomarsho.com 

Маьрша Европа/Маршо Радионо офицалан кепара дIахьедина Софияхь керла бюро схьаелларх а, Болгарин сервис юхаболхбан йолаяларх а лаьцна. Маршо Радио болх беш яра болгарийн маттахь шийла тIо болабалале а, иза дIабирзинчул тIаьхьа а 2004-чу шаре кхаччалц. Медиакорпорацин вице-президенто Пейич Ненада дийцарехь, цу хенахь радион куьйгалло жамI динера, коммунистийн режим йохарца Малхбузенна мехала хетарг тоьлла аьлла. "Вайна тахана гуш ма хиллара, дуккха а пачхьалкхашкахь иза иштта дац. Зорабанан гIирсаш маьрша хилийта дуккха а хан оьшу"... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *