Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2019

Новости за 24.06.2019

Соьлж-ГIалахь полисхочун тIелеттачу Барзаев Ахьмадах дIакъаьстина цуьнан да

Radiomarsho.com 

Манагалан-беттан 23-чохь Соьлж-ГIалахь полисхочунна тIелетар динчу 21 шо хиллачу Барзаев Ахьмадан да а, гергара нах а нахана гуш-хезаш дIакъаьстина цунах. Цу хьокъехь сюжет гайтина меттигерчу телевизионехула, хаам бо "Кавказ.Реалиино". Цу тIехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин администрацехь низамашкахула декъан куьйгалхо хиллачу Барзаев Алхазура неIалт аьлла шен кIантана. Цо баркалла аьлла низамаш лардочу органийн белхахошна иза верна. Барзаевс шена кIинтIера бовлар дехна шен кIанта зулам деанчу нахе. Маршо Радионо яздина ма хиллара... Читать дальше...

Шемахь кIелхьардаьхна нохчийн бераш дIакхачийна Соьлж-ГIала

Radiomarsho.com 

Москох Внуково далийна Шемарчу мухIажарийн четаршкахь латтош хилла нохчийн бераш дIакхачийна кеманца Соьлж-ГIала, хаам бо "Грозный" телеканало. Юьйцург ю УльбиевгIера 5 йоI - ПетIамат а, Малика а, Зайнап а, Рукъият а, Iайша а. Уггар жимачу йоьIан ду 2 шо. И бераш цIадерзо леррина тоба кхоьллина хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Теркйистехь бехачу церан гергарчеран дехарца. Кадыровс шен Инстаграмехь билгалдаккхарехь, цу берийн дай-наной кхелхина Шемахь боьдучу тIамехь. Нохчийчоьнан куьйгалхочо далочу терахьшца... Читать дальше...

Гуьржийн Iедалша хуьйцур ю парламентан харжамийн система

Radiomarsho.com 

Гуьржийчохь Iедалера парти реза хилла дуьхьалонан акцийн декъашхойн лаам кхочуш беш парламенте харжамаш баран система хийца. 2020-чу шарахь хин болу парламентан харжамаш дIахьур бу еккъа партин векалийн цIерш тIехь йолчу тептаршца. Цул сов, Гуьржийчохь хир яц харжаман баръер. Цунах лаьцна дIахьедина "Гуьржийн сатийсам" партин лидеро Иванишвили Бидзинас. Политико дийцарехь, цу хийцамаша аьтто бийр бу парламенте кхача ерриг а харжамхоша гIортор ечу партийн. Ийначу системо – партин тептаршкахула а... Читать дальше...

ЦIоз даржарна чолхечу хьолан раж кхайкхийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Чолхечу хьолан раж къайкхийна Нохчийчуьрчу 5 кIоштахь цIоз даржарна. Ялташна зене йолу са долу хIуманаш гучуевлла Соьлжан а, Гуьмсан, Теркйистан, Шелковскан, Науран а кIошташкахь. Россельхозцентран векло Темир-Алиев Асламбека бинчу хаамца, карарчу хенахь 50 эзар гектар аренаш теллича цIоз карийна 10 эзар гектарна тIехь. Царах 6 эзар гектар лаьттанашна зене са долу хӀуманаш яйъа говзанчаша тоьхна леррина дIаьвшаца кечдина молханаш.

Шемара Оьрсийчу цIадалийна нохчийн 5 бер

Radiomarsho.com 

Москох Внуково аэропортехь охьахиъна Шемара 5 бер цIадалош догIу кема. Цунах лаьцна шен Instagram-хь хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо дийцарехь, уьш бу УльбиевгIар ПетIамат а, Малика а, Зайнап а, Рукъият а, Iайша а. Уггар жимачу йоьIан ду 2 шо. Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаккхарехь, цу берийн дай-наной кхелхина Шемахь боьдучу тIамехь. Бобераш кIелхьардаха леррина тоба кхоьллина хилла Кадыровс, Теркйистехь бехачу цу берийн гергарчеран дехарца.  Нохчийчоьнан куьйгалхочо далочу терахьшца... Читать дальше...

Коммерсант: Гуьжийчу ца боьлхуш совца мегаш бу 150 эзар гергга Оьрсийчуьра туристаш

Radiomarsho.com 

155 эзар гергга Оьрсийчуьра вахархо юхавала мегаш ву Гуьржийчу садаIа вахарх, авиакомпанешна цу махка кеманаш дахийтар а, тураш йохкар а дехкар бахьана долуш. Цунах лаьцна яздо "Коммерсан" газето, туризман индустрин векалшна тIе а тевжаш. Цара дийцарехь, авиакомпанийн 3 миллиард сом гергга ахча дайа дезар ду, Гуьржийчу баха дагахь хиллачу махкахошна кеманан билеташ юхалуш. Кху беттан 20-хь дуьйна дуккха а адамаш дакъалоцу акцеш дIайоьлхуш ю Тбилисехь. Митингехь къамелаш дечу наха бехке йо Оьрсийчоь... Читать дальше...

Соьлж-ГIалара тIелатар шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкхо"

Radiomarsho.com 

"Исламан пачхьалкх" (ИГИЛ) олучу тIеман тобано шена тIелаьцна Соьлж-ГIалахь некъан полицин белхахошна дина тIелатар. Цунах лаьцна хаам бина цуьнан социалан машанашна мониторинг ечу  SITE Intel Group аналитикан сервисо, яздо "Обзор" сайтио. Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, дIадаханчу кIиранан сарахь Соьлж-ГIалахь республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан резиденцина гена доццуш некъан полицино урамехь сацийна хилла жима машен. Шега кехаташ гайта аьллачу машенлелорхочо цIеххьана урс диттина шина полисхочунна. Читать дальше...

48% бахархой дуьхьал бу Оьрсийчохь деа дийнан белхан кIиранна   

Radiomarsho.com 

Ах гергга Оьрсийчуьра бахархой (48%) дуьхьал бу белхан кIира деа дийне дацдарна. Иза гойту ВЦИОМ-о (Оьрсийчуьра юкъараллина хетарг толлу центр) бинчу талламо. Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс Дуьненаюкъарчу белхан конференцехь вистхуьлуш дIахьедар динера, тIейогIучу хенахь махкахь белхан кIира деа дийне дацдан мегаш ду аьлла. Иза бухе а диллина, хир ду балха воьдучу стагаца барт бар, бохуш вара Iедалан куьйгалхо. Талламо гойту 48% респонденташа гIортор еш хилар деа дийнан белхан кIира хиларна. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *