Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2019

Новости за 27.07.2019

Къарояйтина "Грозный" телеканалехула кхин а цхьаьнга

Radiomarsho.com 

Instagram-ехь Нохчийчуьрчу Iедалхойх лаьцна вон комментареш язъярна лаьцна жимастаг гайтина "Грозный" телегойтилехула. Каналан корреспонденто бахарехь, полисхойн аьтто баьлла "Нохчийчоьнан Республиках лаьцна хIоттийначу постна кIел комментарешца экстремизм яржош волу"  интернетхо лаца. Лаьцнарг ву 16 шо долу Ахматов Мохьмад. Телекамерашна хьалха, велха а воьлхуш, ша дохковаьлла, "вониг хуьлийла луучара Iехийнера", аьлла цо. "Со Интернетерчу, сох хIуъа а хиларх а бала боцчу наха Iехийра. Ас массо а нохчех, нохчийн Iедалх лаьцна яздира. Читать дальше...

Паьнгаза: Ша вийначу нохчочун Мачаликашвили Темирланан шича лаьцна гуьржийн Iедало

Radiomarsho.com 

Лаца баьхкинчу гуьржийн Iедалан ницкъаша, шен цIахь, вижина Iаччу меттехь, воI вер таллар доьхуш, протесташка вуьйлучу паьнгазхочун Мачаликашвили Малхазан вешин кIант Морис лаьцна Iедало. Мачаликашвили Морисна бехкедо бахначу баттахь Тбилисехь, парламентна хьалха лаьттинчу гуламашкахь полицина духьалояр. "Полицино Морис бехкево къепедацаршкахь дакъалацар", - элира журналисташка "Кахетин информацин центран" векало, паьнгазхочо Бордзикашвили Сулхьана. Цо бахарехь, Мачаликашвили Малхаз а, цуьнан гергарнаш а Дуисера Тбилисе бахана... Читать дальше...

Москох центре полици оьзна. Лецна Гудков, Жданов, Соболь, кхиберш

Radiomarsho.com 

Тахана мэрера пурба доцу гулам хIуттучу Москох центре полици а, Росгвардин дакъош а оьзна. Оппозицин векалш пачхьалкхан коьрта шахьаран Думе депутатийн кандидаташка харжамийн комиссино ца язбарна резабоцурш дIалехьош ду Iедал. Коррупцица Къийсам Латторан Фондан директора, кандидаталле ца вуьтуш висинчу Жданов Ивана хаамбина, ша лаьцна, аьлла. Цул тIаьхьа лецна кандидаташка язбала гIерта Гудков Дмитрий а, Галямина Юлия а, Соболь Любовь а. Хьалхо лаьцна, полицехь латтош ву политик, оппозиционер Яшин Илья. Читать дальше...

Кадыровс шен цIийнан стаге дIаделла кхин а цхьа доккха дарж

Radiomarsho.com 

Устрада-ГIалин мэр волчуьра дIаваьллачу Темирбаев ИбрахIимера мукъадаьлла гIант кховдийна 28 шо долчу Кадыров Хас-Мохьмаде. И хаам эцна бахара Устрада-ГIала парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Оьрсийчоьнан Думин депутат Делимханов Адам а. Кадыров Хас-Мохьмад дарже хIотторах лаьцна хаамбина Даудовс шен инстаграмехь. Цо бахарехь, Темирбаевн хьалхара гIовс Iийна тIаьххьарчу муьрехь Кадыров Хас-Мохьмад. "Къона велахь а, хьаькамаллехь зеделларг IаIийна ву Кадыров Хас-Мохьмад", - яздина спикеро. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *