Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2019

Новости за 24.07.2019

Умаров Жамболат: «…Кадыров Рамзана цхьаьнхьа лаьтта тоьхна герз стенна кхетта когах?»

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбан министра Умаров Жамболата «цIена фантази» ю боху, тIемало ву аьлла, лаьцна хиллачу Дасаев Iимранна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана когах герз тохарх лаьцна яржийна информаци. Кхеташ дац, Кадыров Рамзана цхьаьнхьа лаьтта тоьхна герз, стенна кхетта когах? Цхьа дико яздархо лаца везаш хиллера, блокбастерийн, бестселлерийн говзанча. Вовшах ца дозало, аьшпаш белахь а, цхьа маьIна долуш хила беза-кх уьш? «Керлачу газетах» дукха хан ю туьйранаш кхуллу хьоста олу... Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (24.07.2019)

Radiomarsho.com 

ТIемалой хIаллакбарх нохчийн лаьмнашкахь кест-кеста ловзу Оьрсийчоьнан эскарш, пачхьалкхан Думин депутатна Саралиевна ца хаьа "Скандинави" пачхьалкх йоцийла?, Ажигова Iайшин аьтту куьг дIадаккха бохку лоьраш.

"27 вер" тIечIагIдеш долу "Керлачу Газетан" керла тоьшаллаш

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь кегийрхойн тоба хIаллакъярх болу хаам дуьххьара баржийра "Керлачу Газето" 2017-чу шеран аьхка. Бакъоларъярхоша бахарехь, дIадаьллачу шина шера чохь Iедало ца бина бан беза талламаш. Муха лецна, цул тIаьхьа байина газето цIерш яьхнарш, дуьйцу кху материалехь

Шена мэро Хучиевс еттийтар дита ца туьгу Элбиев Лом-Iела

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалин кIоштан кхеле арз дина адвокато Новиков Ивана, шен клиентна Элбиев Лом-Iелина Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран мэрехь еттар Талламан комитетан белхахоша талла тIе ца оьцу, аьлла. Оцу хьокъехь хаамбо бакъоларъечу "Мемориал" центро. Маршо Радионо хьалха довзийтина ма-хиллара, ша гIалина йовхо латточу "Теплоснабжение" хьукматан куьйгалхо волуш, шега алссам ахча доьхура, иза даккха гIерташ, шена йиттина мэран Хучиев Муслиман гоно, аьлла, арздира Оьрсийчуьра ведда Европехь къайлаваьллачу Элбиевс 2017-чу шарахь. Читать дальше...

Ажигова Iайшин аьтту куьг дIадаккха бохку лоьраш

Radiomarsho.com 

7 шо долчу гIалгIайн йоьIан Ажигова Iайшин аьтту куьг дIадоккху, иза мел дIахадо деза къастош ду шаьш, хаамбина Маршо Радионе Москварчу берийн хирургин Iилман-медицинан институтерчу лоьраша. "Iайшера хьал цхьана эшшара ду, ца хеддаш дарба латтадо оха. ХIинца а хан ю куьйган дилх хийцадалар тергалдеш Iан. Цул тIаьхьа сацамбийр бу аьтту куьг мелца дIахадор ду", - жоп делира лоьраша. Аьрру куьг дийна дуьсур ду Iайшин. Амма иза лелаш дац йоьIан цкъачунна. Цуьнан бахьана ду, цIахь иза йолчу хенахь... Читать дальше...

"Берзан бIаьрхи". Муха кхаьчна нохчий Урдуна

Radiomarsho.com 

"Берзан бIаьрхи" дуьххьарлера книга ю, цуьнан авторо Шишани Маймуна дийцарехь, 20-гIа бIешо долалуш нохчий Османан импере дIакхалхарх лаьцна зорбане яьлла йолу.

Пачхьалкхан Думин депутатна Саралиевна ца хаьа "Скандинави" пачхьалкх йоцийла?

Radiomarsho.com 

"Цхьаалин Оьрсийчоь" партерчу нохчийн депутато Саралиев Шамсаила низаман проект чуелла, 21 шо кхачанза болчу кегийрхошна малар дохкар доьхкуш. Пачхьалкхан Думин сайто довзуьйту и документ тидаме эцна "Медиазонас". Низам юкъадаккха дезар чIагIдеш, Саралиевс довзуьйту, муха ду маларш духку низам "цхьамогIа пачхьалкхашкахь: Казахстанехь, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь, Фиджехь, Индонезехь (21 шо), Скандинавехь, Финляндехь, Норвегехь, Швецехь, Японехь, Исландехь, Парагвайхь (20 шо)". "Скандинави"... Читать дальше...

ТIемалой хIаллакбарх нохчийн лаьмнашкахь кест-кеста ловзу Оьрсийчоьнан эскарш

Radiomarsho.com 

Къилберчу тIеман гонера 200 гергга гIагIадиллина машенаш а, 500 сов салтий а балийнера Нохчийчу "низамехь йоцу гIеранаш хIаллакьярх" ловза кху деношкахь. "ГIагIан эскаро бехха некъ бира тIеман полигоне, ломан хьелашкахь Iемира дуьхьалонан барамаш дIабахьа, кегийчу гIеранашца тIом бан. Iамораш дерзочу муьрехь эскархошна гайтира, муха лоьцу гоне, хIаллакбо тIемалой. Салташа Iаморашкахь пайдаэцна цхьана эшшара алсам хIоьънаш тухучу реактиван ситеманех а, артиллерех а", - хаамбина прессе Нохчийчуьрчу тIеман комендатурин векалша. Читать дальше...

Карабулакан депутаташ хила лаам бу ГIалгIайчуьрчу протестан жигархой

Radiomarsho.com 

"Яблоко" партин декъо чубелла кандидаташ къобалбина Карабулакерчу харжамийн комиссино. Церан могIарахь бу Магасехь лаьттинчу протестан гуламан жигархой а. Муниципалан харжамаш хир бу ГIалгIайчохь Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь. 39 юьртахь а, гIаланашкахь а хир бу уьш, хийцалур ву депутатийн даржехь 456 стаг. "Тхешан кандидаташ хьалхатеттина оха Карабулакехь. Харжамийн комиссино тIечIагIбина уьш. Куьйгаш лехьош ду тхо хIинца. 17 кандидат ву оха хьалхатеттина, царалахь протестан боламан жигархой а бу"... Читать дальше...

Украинахо Гриб Павел набахтех мукъаваккха реза ца хилла Оьрсийчоь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело шинарийдийнахь ладоьгIна 21 шо долчу студентан Гриб Павелан орзе, низамехь лерина хьалхарчу кхело бина сацам. Кхо бутт хьалха набахтехь такха 6 шо хан кхайкхийра цунна "нах терроризме кхайкхарна". ТIе ца ийцира украинахочо бехк. Жимачу стага хьалхо дехнера Украинан президенте Зеленский Владимире а, Лакхарчу Радин депутаташка а Оьрсийчоьно лецна латточу, набахтешка хьийсийначу украинахойн балакхачар. Грибна хетарехь, Украино дIакъовла деза Оьрсийчоьнца а, Беларусца а долу шен дозанаш. Читать дальше...

"И нах хIаллакбина хилар бакъ ду"

Radiomarsho.com 

Блогеро Абдурахманов Тумсос Настоящее Время (Карара Хан) телегойтийлин эфирехь дуьйцу Кадыровн Iедало, еш кхел а йоцуш, нах хIаллакбарх лаьцна Оьрсийчуьрчу "Новая Газето" ("Керла Газета") арахецначу керлачу артиклан хьокъехь шена хетарг. Дуьйцу, шаьш хIаллакбинчу нехан гергарнаш Iедалхоша муха кхерабо.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *