Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2019

Новости за 28.07.2019

Полицехь шен пхенаш хедийна протестан гуламан жигархочо

Radiomarsho.com 

«Халкъан дуьхьалонан ассоциацин» пресс-гIоьнчас Зайцев Никитас ша лаьцна латточу полицин декъехь шен пхенаш хедийна. Склифосовскийн медицинан институте кхачийна иза массех сахьт хьалха. Оцу хьокъехь лаьраша хаабина «ОВД-Инфо» портале. Селханлерчу санкци йоцуш дIаяьхьначу акцехь лаьцна ву Зайцев. Иза ша вен гIоьртина, аьлла хета лоьрашна, цундела толлуш бу цуьнан синакхетам. «МБХ медиа» хьасто а бакъдо Зайцев, цо ша-шен могашаллина зен дарца доьзна, Склифосовскийн дарбанцIийне виллина хилар.

Навальный изоляторера дарбан цIийне кхачийна

Radiomarsho.com 

Административан тIаIзар деш, Москох изоляторе хьажийна Коррупцина духьалоечу фондан куьйгалхо Навальный Алексей, «тамаше аллерги» а кхетта, № 64 йолчу клинике кхачийна кIиранан Iуьйранна. Фондан пресс-гIоьнчас Ярмыш Кирас дийцарехь, «чолхе алерги» кхетта Навальныйна: юьхь йистина, дегI цIеделла. Лоьрашна цкъачунна ца карийна аллергин бахьана. Амма оцу цамгаро цкъа а ца хьийзийна Навальный, чIагIдо Ярмыша. Навальныйн нийсархочо, политика Волков Леонида дийцарехь, хан хьалха иза а кхаьбна Навальный... Читать дальше...

Хьелий лела ХIинжа-ГIалахула

Radiomarsho.com 

Г1алин урамашкахула лела бежанаш, уьстагIий лоьцуш ю ХIинжа-ГIалара муниципалан унитаран урхалла «Питомец». Иттех корта бу цкъачунна лаьцнарг, хаамбо "Кавказ.Реалиин" корреспонденто. "Шахьаран Кировски кIоштахь къасттина дукха хаало дайша тергамза а дитина, девлла лела бежанаш. Билггал меттиг йийцича, гойла ду уьш Къилба автостанцина а, Керлачу автостанцина а гонах», – элира журналисте «Питомцан» директора Магомедов Iабдулгамида. Цо дийцарехь, дукха хьолехь нехийн контейнершна гергахь хуьлу уьш гойла. Читать дальше...

Кхелхина журналист Кара-Мурза Владимир

Radiomarsho.com 

Тележурналист, историк Кара-Мурза Владимир кхелхина тахана Iуьйранна, шен 59 шо кхочучу дийнахь. Оцу хьокъехь твиттерехула хаамбина цунан воIа Кара-Мурза Владимир-жимахчо. 1990 шерийн юьххьехь «Останкино» телецентрехь. 1993-чу шарахь иза дехьавелира йозуш йоцчу НТВ телеканале, цигахь арайолура цуьнан «Тахана, буьйса юкъахъяхча» («Сегодня в полночь») программа. НТВ цо д1атесира и компани «Газпроман» долаяхча. КхидIа белхаш бира ТНТ, ТВ-6, RTVi телекомпанешкахь. Дуккха а шерашкахь шен программа яра Кара-Мурзас дахьош Маршо Радионехь ... Читать дальше...

Полицино бинчу хаамца, Москох лаьцна 1000 сов стаг

Radiomarsho.com 

Москох центрехь дIаяьхьначу санкцица йоцчу акце баханчу нахах 1 эзар сов стаг лаьцна, хаамбина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пачхьалкхан коьрта шахьарарчу урхалло. Цуьнан информацица, «санци йоцчу акцехь дакъалацарца низамаш дохорна 1074 стаг жоьпе озийна». Лецначу нехан гIуллакхаш луьстур ду, церан хьокъехь сацамаш а бийр бу низамо ма-бохху, аьлла урхаллин векалша. Москох хила безачу гIалин Думин харжамашна юкъа оппозицин кандидаташ цаязбарна резабоцчу бахархоша шоьтадийнахь... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *