Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2019

Новости за 01.08.2019

ГIебартой-Балкхаройчоьнан Лаккхара кхел реза ца хилла Саутиева дIахеца

Radiomarsho.com 

ГIебартой-Балкхаройчоьнан Лаrкхара кхел хийца реза ца хилла гIалгIайн юкъараллин жигархо Саути ева Зарифа талламан изоляторехь латтор хьокъехь Нальчикан гIалан кхело бина сацам. Иза лаьцна латтор ю Гезгмашин-беттан 11-гIа де тIекхаччалц. ГIалгIайчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахоша лецира Саутиева дIабаханчу беттан 12-чу дийнахь Цунна бехке дуьллуш ду Iедалан векалшна ницкъ бар.     Кхушеран Зазадоккху-бутт чекхболуш Нохчийчоьнца доза билгалдаккхарна реза боцчу нехан Магасехь митинг хилира, Iедалша бакъо а елла. Читать дальше...

ВИЧ-ун кхетта бахархой алсамбевллачу регионашна юкъахь ю Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоь кхоалгIа меттиг дIалоцуш ю Оьрсийчохь ВИЧ-ун кхетта бахархой алсамбевллачу регионашна юкъахь. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, "Московский комсомолец" газетана тIе а тевжаш. ВИЧ-ун кхеттачу керлачу нехан терахь алсамдаьлла цу республикехь 44,3%. Нохчийчохь долчул а чолхе хьал ду ГIалмакхчохь. Цигахь и гайтам алсамбаьлла 53,3%. Ткъа уггар ледара хьал хIоьттина Тывахь - 71,4%. Къилбаседа Кавказерчу регионех ВИЧ-ун даржарна чолхе хьал хIоьттинчу 10 регионна юкъахь ю ГIебартой-Балкхаройчоь – 30% гергга процент.

"Нийса ду дерриг. Амма тIаьхьа ду". Сибрех йогу хьаннаш яйъалур юй кеманашца? 

Radiomarsho.com 

Кочкина Катерина,                                                                                Ромалийская Ирина,                                                                                                        Карара Хан\ Настоящее Время Шина кIиранах Iийра Iедал Сибрех а, Генарчу Малхбалехь а йогу хьаннаш тергалъеш, маьIна дац уьш яйъа гIерта, бохура, ен йолчу харже хьаьжча.  Тахана цIаро лаьцначу хьуьнан барам 3,7 миллион гектаре кхаьчна. ТIаьххьара а сацамбина ТIеман министраллера Красноярске итт-итт кема а... Читать дальше...

Нохчийчохь меттахIоттийна ток ялар

Radiomarsho.com 

Энергетикаша меттахIоттийна Нохчийчохь Iалам карзахдаларо йохийна электростанцеш. Цунах лаьцна хаам бо Оьрсийчоьнан энергетикан министраллан зорбанан сервисо. Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь 8:30 даьлча меттахIотторан белхаш дIабирзина, - аьлла ду цу хаамехь. Товбеца-беттан 31-хь Iуьйранна Iалам карзахдаларна Хьалха-Мартанан а, ТIехьа-Мартанан а, Гуьмсан а кIошташкахь электросерло йоцуш всинера Нохчийчохь 124 эзар гергга стаг.   Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бинчу хаамца, Хьалха-Мартанан кIоштахь Гехи... Читать дальше...

Венехь бераш дIадаьхначу доьзална гIо дийр ду нохчийн омбудсмено Нухажиевс

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь адамийн бакъонашкахула векал волчу Нухажиев Нурдис толлуш ду, Венехь Iедалша дIадаьккхина шен 6 беран бер юхадерзош гIо дахьара аьлла Шамсудова ПетIимата дина дехар. Цунах лаьцна хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Шамсудовас дийцарехь, цуьнан йоI Шамсудова Камета шен хIусамдеца а, берашца а Австрехь яха хиъна 2007-чу шарахь. 2018-гIа шо чекхдолуш меттигерчу Iедалша дIадаьхна церан бераш, ден-ненан сих-сиха девнаш дийларо ницкъ бо церан синӀаткъамна аьлла.   Омбудсмено Нухажиевс... Читать дальше...

Некъахьовзамехь жима стаг лазийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Некъахьовзам хилла Нохчийчохь Соьлж-ГIалара Шуьйта боьдучу некъана тIехь Пригородное эвлан йистехь. Цигахь вовшахкхетта "КамАЗ" а, "Фольксваген Поло" а машенаш. И бахьана долуш лазийна ву жимачу машенна урхалла деш хилла 23 шо долу жима стаг. Иза дIакхачийна Соьлж-ГIаларчу клиникин дарбанан цIийне. 31 шо долу "КамАЗ" машен лелорхо лаза ца веш ваьлла.

Нохчий Дуьненан Хьалхарчу тIамехь

Radiomarsho.com 

Дуьненан Хьалхара тIом 1914-чу шеран Марсхьокху беттан 1-чу дийнахь болабелла, 1918-чу шеран 18-гIа дийнахь чекхбаьлла. БIеннаша нохчаша дакъалаьцна Оьрсийчоьнан эскарша бинчу тIемашкахь. ТIеман 100 шо кхачар билгалдоккхуш суьртийн, документийн экспозици хIоттийна Соьлж-ГIаларчу Нохчийн къоман библиотекехь. Елхоев Леча/Маршо Радио.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *