Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2019

Новости за 29.08.2019

Хангошвили Зеламхин тезетара

Radiomarsho.com 

Тахана, еарийдийнахь, ПIаьнгазахь дIавоьллина нохчийн тIемало Хвнгошвили Зеламха. Иза вийна дIадахначу пIераскана Берлинехь. Зулам динарг ву, Германин полицино бинчу хаамца, "Сибрехара Вадим С., Оьрсийчуьра вахархо". Гергачарна хетарехь, Оьрсийчоьнан ФСБ-но вейтина иза.

ГIебарта-Балкхаройчохь террорхо карийна шена боху ФСБ-но

Radiomarsho.com 

Дан кечдинчу терроран тохарх низамлардархойн объекташ кIелхьараяьхна шаьш, дIахьедина ГIебарта-Балкхаройчуьрчу къайлахчу сервисан (ФСБ) белхахоша, хаамбо ТАСС-агенталло. "Кхаьчна информаци зуьйш, Урванан кIоштарчу Iаьржа хи, Алтуд ярташна гергарчу хьуьнхахь дIахьулйина Iаламат йоккха куьйга йина бомба карийна. Иза хьеян кхераме хиларна, ша йоллучохь эккхийтина говзанчаша", - аьлла бахархошца зIе латточу ФСБ-н Центро. ФСБ-н белхахой а, меттигера полисхой а сихонца тIаьхьакхиина герз кеч а дина... Читать дальше...

Туристаш кхийла болор бу Нохчийчуьрчу ЦIайн-Пхьеда

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоьнца лаьтта доза лардечу Оьрсийчоьнан эскарша туристашна тIекхочийла дихкинчу нохчийн къоман агана – ЦIайн-Пхьеда – боьлху некъаш баста дагахь ду Нохчийчуьра Iедал. ЦIайн-пхьеда, "цIуй-деланийн мохк", маьлхан кешанийн аре, Iуьллу Итум-Кхаьллан кIоштахь, Маьлх-Йистан чIажахь, ЧIаьнта-Орга Меши-хих иэлучу ломахь. Оьрсийчоьно синбахаман хазанийн могIара язйина а, пачхьалкхехь туристашна тIекхача уггаре халачу меттегех лоруш а ю ЦIайн-Пхьеда. 13-чу – 15-чу бIешерашкара 42 маьлха каш ду оцу махкахь, царна юккъехь лаьтта вуно шира бIов.

Гуьржичоь кхераме йоцчу пачхьалкхийн тептара язйина Швейцарино

Radiomarsho.com 

МухIажирш цIехьа берза торучу мехкийн могIара яьккхина Гуьржийчоь Швейцарино. Сацам низаме боьрзур бу ГIадажу-баттахь. И хаам Iорабаьлла Швейцарин Федералан кхеташонан сайта тIехь. Хаамо бахарехь, шайн пачхьалкхал арахьа тховкIело йоьху Гуьржийчоьнан бахархой даймахка хьовсо мега, церан махкахь тоъал кхерамзалла ю. Хьалхо кхераме яц аьлла дIакхайкхийра Швейцарино Албани, Бенин, Босни а, Герцеговина а, Буркина-Фасо, Гана, ХIиндойчоь, Косово, Молдова (Приднестровье йоцуш), Монголи, Черногори, Къилбаседа Македони, Сенегал, Серби. Читать дальше...

Росгвардина совгIаташ дина Нухажиев Нурдис

Radiomarsho.com 

"Маьрша юкъаралла кхиош толамаш бахарна а", "адамийн бакъонаш ларъярехьа къахьегарна а" Росгвардин массех эпсарна орденаш а, мидалш а елла Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдис. Росгвардин Веданарчу "Къилба" декъан буьйранчина, Кадыров Рамзанан юьортахочунна, подполковник Межидов Хьусайнна тIеттIа ши совгIат дина Нухажиевс – елла "Юкъараллахочун доьналла гайтарна" ("За гражданское мужество") орден а, "Оьрсийчоьнан патриот" мидал а. Омбудсмено совгIаташ дала хьакъвинчу Межидовс массех бутт хьалха... Читать дальше...

Оьрсийчоьнан президентан пресс-гIоьнча: Iедалан цхьа а юкъарло яц и стаг вийначуьнца

Radiomarsho.com 

Песков Дмитрийс, Оьрсийчоьнан президентан пресс-гIоьнчас дIахьедина, Оьрсийчоьнан Iедалан цхьана а кепехь зIе яц Германехь Оьрсийчуьрчу вахархочо стаг верца, аьлла, хаамбо ТАСС агенталло. "И гIуллакх Оьрсийчуьрчу пачхьалкхца, цуьнан Iедалца цхьана а хьесапехь зIе йолуш дац", - билгалдаьккхина Песковс, Малхбузерчу прессо Москох зуламан декъахь ю бохуш дечу дIахьедаршна дуьхьало еш. ДIадахначу пIераскана, кху беттан 23-чу дийнахь, Берлинерчу Маобитехь нохчо Хангошвили Зеламха а вийна, ша зулам диначуьра ведда Оьрсийчоьнан вахархо... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *