Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2019

Новости за 22.08.2019

Нохчийчохь оьрсийн байракх язйо 25 шо ду

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь пачхьалкхан байракхан де билгалдаьккхина. Ламаст хилла дIахIоьттина и де даздар Нохчийчохь а. Кеп-кепара цу дийнахь барамаш дIахьо хьукматашкахь, доьшийлашкахь, ур-атталла, берийн бошамашкахь а цхьана. Кхааридийнахь Соьлж-ГIалин коьртачу майданахь байракхан де даздан гулбеллачарех дIакхийтира Маршо Радион фотокорреспондент а.

Журналист Гаджиев политикан тутмакх лаьрра "Мемориало"

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу "Мемориал" бакъонашларйон центро политикан тутмакх лаьрра терроризмана ахча гулдина, бохуш бехке веш волу Дагестанера журналист Гаджиев Iабдулмумин. Бакъонашларъярхоша декхарелахь дина Iедалш иза сихонаца маьршаваккха. Гаджиев лаьцна терроризмана ахча гулдарна а, цо терроран вовшахтохараллехь дакъалацарна а шеко йолуш. Цуьнан гIуллакхехула оццу статусехь ву кхин а 10 стаг, шайна юкъахь бусалба дин хьехархо Саситлинский Абу Iумар (Ахмеднабиев Исраил) а волуш. ТIаьхьарчу хенахь и стаг... Читать дальше...

Керлачу "Коьртачу канале" балха эцна Путин сийсазвина Габуния

Radiomarsho.com 

Гуьржийчуьрчу "Рустави-2" оппозицин телеканалан инарлин директор хиллачу Гварамия Никас дIахьедар дина, керла телекомпани кхолларх лаьцна.  Цуьнан цIе ю "Коьрта канал". Гварамия балхара дIаваьккхира хьалха хиллачу долахочунна бизнесхочунна Халваши Кибаруна канал юхадерзийначул тIаьхьа. Керлачу телеканале уггар хьалха Гварамияс балха эцнарг ву "Рустави-2" каналехь "Post Scriptum" программа дIахьош хилла Габуния Георгий. Иза вевзаш ву эфирехь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир сийсазвеш къамел дина хиларца. Читать дальше...

Кавказхойн хелхар даьржаш ду Азехь

Radiomarsho.com 

ГIиргIазойчохь кавказхойн хелхар Iамадан хала дац. Иттанаш школаш ю оцу Iалашонца схьайиллина. ГIиргIазой а, оьрсий а, дунганаш а, уйгураш а бу хелхар Iамош. Бишкекерчу хелхаран школе кхечира Маршо Радион корреспондент. Хореограф турко ву. Iамочарна юккъахь цхьа а вайнехан бер а дац. Кеп-кепарчу бахьанашца хелхаре безам гIаьттина Бишкекан бахархойн. Амма массарна а оцу хелхарца товшдерг: хелхаволучо гойту къонахчун амал а, йоьIан оьздангалла ю.

ГIалгIайн этнопарк кхуллуш ю Малгобекан кIоштахь

Radiomarsho.com 

ХIара шо чекхдалале этнопарк болх бан йолалур ю ГIалгIайчохь Малгобекан кIоштахь. Цуьнан цIе ю "Амазонкин хьошалгIахь", хаам бо ТАСС агенталло, цу проектан авторна Картоева Таисияна тIе а тевжаш. Каротоевас дийцарехь, цу паркехь хир ю халкъан кхоллараллина хьажийна пхьалгIа а, гIалгIайн дахар гойту этникан музей а. Цул сов, еш ю гIалгIайн къоман даарш кечдаран говзалла Iамо кхачанан чоь а. Цо дийцарехь, этнопаркехь экскурсеш ечу белхахоша лелор ду къоман ламастан духар.

Къилбера ХIирийчуьра аравоккхуш ву 6 нохчо

Radiomarsho.com 

Йозуш йоцу пачхьалкх хилар дIакхайкхийначу Къилберачу ХIирийчоьнан милицин белхахоша лаьцна Нохчийчуьра 6 вахархо, дуьйцу "Кавказ.Реалиино". Меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, низамаш лардечу органийн белхахойн тидам тIебахийтина хилла цара шайн леларца. Бинчу хаамца, кехаташ толлучу хенахь нохчаша дуьхьало йина милцошна. Уьш лецна. Хьажам беш царах шингахь карийна "снюс" олу тонка а, "насвай" олу эдина тонка а. Къилберчу ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбан секретаро бинчу хаамца... Читать дальше...

Краснодарехь герз диттина 4 стаг лаьцна полицино. Царна юкъахь бу нохчий

Radiomarsho.com 

Краснодарехь кхаарин буса герз деттаран бахьана дахаран хьелашца доьзна дар-дацар эккхар дара, хаам бина шен сайта Iехь цу гIалин мэрино.  Кхаарин буса, Марсхьокху-беттан 20-хь, Краснодарерчу цхьана урамехь вовше герзаш диттина шина тобано. Верриг цу хиламехь дакъалаьцнарг маса стаг ву цкъачунна дуьйцуш дац низамаш лардон органаша. Толлуш ду бехктакхаман гIуллакх. ТАСС агенталло бинчу хаамца, лаьцна ву 4 стаг – Дагестанан а, Нохчийчоьнан а бахархой.   Мэрино бакъдина герзаш деттарехь вийна хилар Дагестанера схьаваьлла 27 шо долу стаг. Читать дальше...

95 Rolls-Royce йоьхкина Оьрсийчохь. Царах 2 -- Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

2019-чу шарахь хьалхарчу 7 баттахь Британехь еш йолу Rolls-Royce люкс классан машенаш эцна регионаш билгалъяьхна Оьрсийчохь. Цунах лаьцна хаам бо "Автостат" талламан агенталло. Уггар дукха Rolls-Royce-ш йоьхкина Москох (50) а, Москохан кIоштахь (11) а. Петарбухехь уьш эцна 10. Rolls-Royce-ан 4 модель эцна Краснодаран махкахь, 3 -- Свердловн кIоштахь. Цу тайпа шишша машен эцна Приморьехь а, ГIезалойчохь а, Нохчийчохь а. Цхьацца Rolls-Royce йоьхкина кхин а Оьрсийчоьнан 10 регионехь. Уггар дукха... Читать дальше...

Эрмалойчохь "низамехь къу" Арутюнян вийнарг ву Соьлж-ГIалан вахархо

Radiomarsho.com 

Криминалан гонашкахь дош лелаш хилла 46 шо долу Арутюнян Андраник ("Андик Массивский", "Мацивси Андик", "Андо Хромой") вийнарг ву Соьлж-ГIалан вахархо. Цунах лаьцна хаам бина, Эрмалойчоьнан Талламан комитето, хаам бо "Спутник" телеканало. "Сихонаца бинчу талламо гайтина Арутюнянна "дахарца цхьаьна ца йогIу чевнаш" йинарг 32 шо долу Оьрсийчуьрчу Нохчийн Республикан коьртачу меттиган Соьлж-ГIалан вахархо хилар", - аьлла ду талламхоша бинчу хаамехь, яздо "Спутнико". Дийцарехь, и стаг Эрмалойчу веана хилла Мангалан-беттан 25-чу дийнахь... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *