Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2020

Новости за 20.01.2020

Чайка Юрий мукъавоккхуш ву Оьрсийчоьнан Инарла прокуроран даржах

Radiomarsho.com 

Чайка Юрийс дуьтуш ду шегара Оьрсийчоьнан Инарла прокуроран дарж. Президента Путин Владимира оцу дарже кховдийна Талламан комитетан куьйгалхочун гIовсан Краснов Игоран кандидатура. «Кхечу балха дехьаваларца доьзна» мукъавоккхуш ву шегарчу даржах Чайка. ХIун болх лур бу цуьнга хууш дац цкъачунна. Президентан дехар Федерацин кхеташоно дийцаредийр ду тIедогIучу кхаарехь.

Европан кхело листа тарло Нохчийчохь шайна зенаш дарх долу «Iазапна духьалоечу комитетерчу» юристийн арз

Radiomarsho.com 

Страсбургерчу Европан кхело ша тидаме оьцийла хаийтина Нохчийчохь 2010-чу шарахь цхьа а бахьана доцуш шен кхо белхахо лаьцна кхабарх «Iазапна дуьхьалоечу комитето» чуделла арз. "2010-чу шарахь оцу хиламна тIера дIадолийра Нохчийчохь тхан белхахошна дуьхьал зуламаш дар. Цул тIаьхьа кхерам боьссира Нохчийчуьрчу тхан массо а накъосташна тIе, дехьаяккха дийзира тхан тхешан офис а. Зуламаш таллаза дитина», - элира юкъараллин Къилбаседа Кавказерчу «Iазапна дуьхьалоечу комитетан» филиалан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс. Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (20.01.2020)

Radiomarsho.com 

Эмиратхошна нохчий бовзуьйтуш, Конституцин хийцамех, ГIизларахь – чоьнан ун, Нурмагомедов vs Макгрегори (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Бакох – Советийн танкаш: 30 шо кхаьчна «Iаьржачу Дечкен-беттан»

Radiomarsho.com 

1990 шеран Дечкен-беттан 20-чу дийнахь Советан пачхьалкхан танкаш яхара Бакох, Iедална дуьхьал гIаьттина протест хьаша. Меттигерчу бахархошлахь иккхинчу национализман хьуно а, Iедалан ницкъаша а дахар дIадаьккхира 133 стегера. Лазийра хIетахь 611 вахархо, доьза вайра 5. Оцу бохамах «Iаьржа Дечкен-бутт» олу Азербайджанехь.

Дагестанехь ханна дIакъевлина ши школа – чоьнан инфекци бахьанехь

Radiomarsho.com 

ГIизларахь чоьнан ун гучудаларца доьзна Iедало кхоьллинчу кхеташоно сацамбина №7 йолу школа а, №6 йолу гимнази а ханна дIакъовла. Цара болхбийр бац кхаа дийнахь, билгалдоккху Дагестанерчу "Черновик" газето. Чоьнан ун кхетарца доьзна ши бIе гергга стаг дарбан цIийне виллина ГIизларахь, бераш ду царех 103, аьлла гIалин дарбан цIийнан куьйгалхочо Облов Станислава. Двагестанан прокуратуро къастийна ма-хиллара, ун даьлла биргIанаш чуьрачу хих. Де хьалха Дагестанан премьер-министр Здунов Артем реза... Читать дальше...

Пресса: Шемахь Американ салташа къовсаме яьллачу мехкдаьттан хьосте ца битина Оьрсийчуьра эскархой

Radiomarsho.com 

Къовсамехь йолчу мехкдаьттан хьосте ца битина Шемахь Iамеркахоша Оьрсийчоьнан эскархой, яздо Туркойчуьрчу Anadolu агенталло. Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскарша шайн дола эца лерина йолчу Румейлан метте доьлхуш хилла Оьрсийчуьра эскарш. Уьш совцийна курдойн тIемалоша доладечу меттехула чекхдовлуш – ца белла дIадаха некъ. Оцу метте кхача Оьрсийчуьрчу эскаршна хьалхо дихкира курдойн YPG олучу тIеман тобано а.

"Коммерсант": стенгара долу Мишустин Михаилан доьзална миллионашкахь ахча?

Radiomarsho.com 

БIеннаш миллионашкахь активаш ю деношкахь премьер-министран дарже хIоттийначу Мишустин Михаилан, цо хIора шарахь доху соьмашкахь иттаннаш миллионаш, депозиташка ахча а дуьллуш, яздо "Коммерсант" газето. 1990-чу шерашкахь «Дуьненаюкъарчу компьютерийн клубехь» болхбеш даьккхинчу ахчанах эцна шена Мишустина хIусамаш, боху газето. 2000-чу шерийн юьххьехь ял гулъечу министран гIовс хIоьттича, цунна президентан гIуллакхийн урхалло петар елира Москвахь Трехгорный Валехь. Ткъа 2005-чу шарахь МишустингIара... Читать дальше...

Нурмагомедов Хьабибан дас хаийтина хIун мах белча шен воI летар ву Макгрегорца: «Схьало суна 100 миллион доллар»

Radiomarsho.com 

UFC-н лахарчу йозаллехь чемпион волу Нурмагомедов Хьабиб кийча ву Ирландерчу Макгрегор Конорца лата, нагахь санна шена 100 миллион доллар лахь. Ишта ду Хьабибан дас Нурмагомедов Iабдулманапа РИА Новости агенталле дина дIахьедар. "Тхуна а лаьа Конор эшон, амма схьало 100 миллион доллар. Фергюсонца латар доьрззушехь, схьало и ахча, дера летар ву-кх, стенна ца леташ ву? И барам шена оьшуш белахь [латар], вовшахтухур-кха Уайт Дэйнас [Ultimate Fighting Championship цхьаьнакхетараллин президент]», - аьлла чемпионан дас. Читать дальше...

Исбаьхьалла дийна латтош берш

Radiomarsho.com 

«Дийна корматаллаш» цIе тиллина нохчийн къоман амал, Iер-дахар куьйга йинчу пхьегIашца, истангашца, тайнигашца гойтучу говзанчаша шайн барамна. Гайтам бу дIахьош Соьлж-ГIалин юккъерчу цхьана банкетийн залехь. Цигахь хилира Маршо Радион корреспондент.

Оьрсийчоьнан Конституцин хийцамаш халкъан кхоже баха тарло Охан-беттахь

Radiomarsho.com 

Президентан Путинан гонашкарчу кхаа хьостанна тIе а тевжаш, РБК агенталло хаамбарехь, Оьрсийчоьнан конституцин хийцамаш халкъан кхоже боху де къастош, ши вариант ю йийцарееш – Охан-беттан 12-гIий, 26-гIий денош. Халкъан кхоже Конституцин хийцамаш бохур бу Пачхьалкхан Думехь а, Федерацин Кхеташонехь а уьш тIеэцначул тIаьхьа. Хийцамех лаьцна харжамхошка хоттур ду, элира Путин Владимира ша «Халкъе ДIахьедар» дечу муьрехь. Ткъа цо юьйцург яц референдум, хаттар халкъан кхоже диллар ду, билгалдаьккхира президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс. Читать дальше...

Iаьрбийн Эмираташкахь – Нохчийчоьнан Денош

Radiomarsho.com 

Нохчийн къоман синбахаман Денош дуьйладелла Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь селхана. Хьалхара концерт хилла Шарджа гIалахь. «Нохчийчоь тахана» агенталле Нохчийчоьнан синбахаман министраллера бечу хаамца, гайтамехь дакъалоцуш ю къоман эшарийн а, хелхаран а «Нохчо» тоба а, Шахбулатов Iаднанан цIарх йолчу филармонин солисташ а. Концерташ йоьдучу юкъанна Нохчийчуьрчу говзанчаша йовзуьйтур ю эмиратхошна нохчийн корматаллаш: дечигах, гипсах, тIулгах йина къоман вастийн тайнигаш, йийбар, пхьегIаш, иштта истангаш а, духарш а. Читать дальше...

Пермь гIалахь 5 стаг велла довхачу хин биргIа эккхар бахьанехь

Radiomarsho.com 

Хьешан цIа чохь буьйса йоккхуш хилла 5 стаг велла Пермь гIалахь, кхоъ лазийна. Оьрсийчоьнан орцан министралло РБК агенталле бинчу хаамца, баларш нисделла цIа чохь довхачу хин биргIанаш лелхар бахьана долуш. "Интерфаксо" бахарехь, беллачаралахь цхьа бер а ду. Оршоьтан Iуьйранна тIекIелдинчу цIенна чохь лилхина биргIанаш. Ткъа хьешан цIа «Карамель» лаьтта оцу гIишлонан лахарчу гIатта тIехь. Бохам хиллачохь даьхначу суьрташа гойту кхехкачу хин Iаь. Тешаша дийцарехь, лилхинчу биргIанаш чуьра дIадетта... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *