Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Январь
2020

Новости за 27.01.2020

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (27.01.2020)

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь "Iехийна" Москалькова, ГIалгIайчохь дIабаьхна хьаькамаш, Китайхь лен нах (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Францехь толамаш баьхна нохчаша

Radiomarsho.com 

ДIадахначу шоьтан дийнахь латаран къийсдаларш дIадаьхьира Францерчу Марселехь. Цигахь вовшахкхеттера пачхьалкхан тайп-тайпанчу гIаланашкара тобанаш. Турнирехь дакъа лоцуш бара, оцу махкахь беха дуккха а нохчийн къона спортхой. «Францин къилба чемпионат» цIе йолчу турнирехь Ниццехь бехачу вайнехан спортхойх дуккхаъчара 1-ра меттигаш ехира. Марселехь дIаяхьначу турнирехь хиллачу Маршо Радион корреспонденто довзуьйту цигахь хилларг ма-дарра.

ОвхIанистанехь кема чудеана

Radiomarsho.com 

ОвхIанистанан Газни провинцехь кема доьхна оршотдийнахь. Провинцин губернатора а, кхиболчу официалан хьаькамаша а дIакхайкхийна хиллачу бохамех. Оцу юкъанна,  кеманах а, беллачех а схьахеза хаамаш кеп-кепара бу. Юьхьанца дуьйцура, овхIанхойн  Ariana авиакомпанин кема ду, цу чохь 83 пассажир а хилла бохуш. Цунна тIаьххье Герат гIалин аэропортехь дийца долийра, Ariana кема Гератера Дели доьдуш хилла, кеманчохь 110 стаг а хилла аьлла. Авиакомпанис хаамбина, шайн цхьа а кема доьхна дац аьлла. Иштта хиллачух кхи цхьа верси а лела... Читать дальше...

Багдадерчу Iамеркан векалтна ракеташ йиттина

Radiomarsho.com 

Ракеташца тохарш дина Багдадерчу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн векалтна. "Баьццара зона" олуш, кхерам лакхара хиларца билгалъяьккхинчу дипломатийн миссин дозан тIе йоьжна кхо ракета. Векалтан ресторанна тIе кхетта царех цхьаъ. AFP-н информацица, ерриг а аратеснарг пхи ракета ю. Агенталло яздарца, цхьа стаг лазийна. Ткъа Reuters-а дуьйцу, мел лахара а кхаа стагна чевнаш йина бохуш. Векалтан гIишлона жимма зенаш дина, аьлла CNN хьостано, Iамеркан урхаллан векална тIе а тевжина. Пачхьалкхан департаменто кхайкхамбина Иракъан Iедалхошка... Читать дальше...

ГIалгIайчоьнан министрийн кабинет мукъаяьккхина

Radiomarsho.com 

Республикан министрийн кабинет дIахецна мехкан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас. Инстаграмехь бина урхалхочо шен сацамах хаам, амма ца хьахийна бахьанаш. Ханна премьер-министран декхарш кхочушдан хIоттийна хьалхара вице-премьер Сластенин Владимир, яздо "Новости" агенталло, регионерчу урхалхочун зорбанчашна тIе а тевжаш. Пхи де хьалха чIагIвира Сластенин хьалхарчу вице-премьеран даржехь. ДIадахначу шеран Гезгамашин-баттахь ГIалгIайчоьнан куьйгалле хаьржира Калиматов. Оццу дийннехь мукъабехира... Читать дальше...

Москалькова юха а Нохчийчу яха дагахь ю "байинчийн" гIуллакх талла

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас юха а талламбийр болуш бу, Нохчийчохь шена байинчийн метта церан вежарий гайтина хилла аьлла, "Новая газетано" оршотдийнахь яржийначу информацин хьокъехь аьлла, хаамбина цуьнан пресс-гIуллакххочо. "Газетано Iорабаьккхина хаам Iаламат маьIне бу, цундела ша талламбийр бу оцу хаттаран гонах аьлла Москальковас. Ишта зIене елира иза "Новая газетан" журналисташца а, шега материалаш схьакхачае аьлла", - яздина хаамехь. Омбудсменан зорбанчаша дIахьедо, Нохчийчу... Читать дальше...

Китайхь даьржинчу коронавирусан унах велларг 80 стаг ву

Radiomarsho.com 

Китайхь даьржина «коронавирус» ун бахьанехь велларг 80 стаг ву, лазар тIедаьлла кхин а 3 эзар гергга вахархочунна. Царех 460 чолхечу хьолехь ву. Кхин а 6 эзар гергга пациент шеконашца толлуш ву лоьраша. Вирус гучуяьллачу Ухань гIалин Хубэй олучу провинцехь белла дукхахберш. Дахначу шеран ГIуран-баттахь дуьххьара Уханехь хааелира коронавирусан пневмони. ГIалин базарахь юхкуш хиллачу акхачу дийнатех яьлла и цамгар аьлла, тIечIагIдина Китайн эксперташа. Пачхьалкхан Iедалхоша шайн ма хуьллу къийсам латтабо инфекци ца яржийта. Читать дальше...

ГIалгIайн лидерийн юкъаралла дIакъовлар тIедиллина прокуратурано

Radiomarsho.com 

"ГIалгIайн халкъан цхьаалин комитет" дIакъовлар тIедожийна прокуратурано, цара хIора шарахь шаьш бинчу белхах чуяла еза информаци ца кхачийна, шайн леларехь низамаш лардеш а дац аьлла, кхеле хаам а беш. Кху-беттан 16-17-чохь а хаамбира, Барахоев Ахьмадна а, Ужахов Малсагна а, Чемурзиев Барахна а, Нальгиев Исмаилна а, Саутиева Зарифина а, Хаутиев Багаудина а бехкаш дахкарх, экстремизман юкъараллехь дакъалаьцна бу аьлла. ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхеле иск кховдийна республикан прокуратурано, протестийн... Читать дальше...

КадыровгIеран цIарах маьждиг а оьшу, Гикалон цIе хийца а лаьа меттигерчу бахархошна

Radiomarsho.com 

Соьлжа-гIаларчу Октябрскан кIоштарчу Гикалон бахархоша дехар дина мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, шаьш долчохь хьайн дедеден Iадбул-Къадыран цIарх маьждиг дахьара аьлла. "Грозный" телеканало бина цунах хаам. "Иша цара доьху, Гикалон юьртда лаьттинчу, 2001-чу шарахь вахабисташа, жоьжахатин жIалеша вийначу Алиханов Джамлайн цIе тиллар шаьш дехачу меттигна", - яздо ресурсан Инстаграмерчу пабликехь. 1945-чу шарахь йиллина ю Гикало, Советан заманахь партехь гIуллакх динчу Гикало Николайн цIарах. Читать дальше...

Iедалх лачкъа еана зуда Нохчийчохь лаьцна

Radiomarsho.com 

Меттигерчу 47 шо долчу зудчунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долош куьйгъяздина Нефтеюганскан прокуроро "Баккхийчу барамашкахь наркотикаш лелийна" аьлла. Болчу хаамашца, 2005-чу шарахь ворхI грамм гергга героин эцна, цунах ша пайдаоьцуш хилла цо. ТIаьхьо караеанчу полицино дIалаьцнера иза, цуьнгара наркотикаш а йохуш. Оццу шарахь яда аьтто баьлла, Нохчийчохь лечкъина зуда федералан лехамашка еллера. ДIадахначу шарахь аьтто белира иза лаца. Бехк тIечIагIбахь, набахтехь даккха иттех шо кхачадо цунна.

"Новая газета": байинчийн метта церан вежарий гайтина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь вийначу шина вахархочун метта церан вежарий гайтина хилла Оьрсийчоьнан омбудсменна Москалькова Татьянина аьлла, чIагIдо "Новая газетано". Юсупов Шамхан а, Мускиев Махьма а ву аьлла, ши стаг хьалхахIотторо новкъарло йо гIуллакх талла талламчашна, яздо хьостано. Байинчийн метта Iедалхоша тIевалийначу шина вешица цхьанакхетта хилла Москалькова аьлла, хьесап дина журналисташа, оцу цхьанакхетарехь дIаязйинчу видеон бух тIехь. 2017-чу шарахь Нохчийчуьрчу шолгIачу полкан гIишло чохь Iазапаш лелийна... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *