Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2020

Новости за 01.06.2020

COVID-хьал, Нохчийчоьнна – аэропорт, Штаташкара – Кавказе, Адвокатийн пикет

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 34 стаг; дийнахь буса ун кхетта кхин а 586-нна; керла аэропорт йилла 4,7 миллиард сом лур ду Нохчийчоьнна; Америкера кеманца даймахка кхачийна дагестанхой а, нохчий а; Москвахь пикет ярна гIуданаш кхайкхийна адвокаташна

Хасу-Юьртарчу лоьрашна ахчанца совгIат дина дагестанхоша

Radiomarsho.com 

Пандемин хьелашкахь къахьегарна ахчанца совгIаташ дина Хасу-Юьртарчу гIалин коьртачу дарбан хIусамерчу а, орцан медицинан декъан а лоьрашна, хаам бо меттигерчу Iедалан пресс-векалто. Медикашна гIалин администрацино схьайиллинчу фонде ахча хьийсийнарш бу Хасу-Юьртара а, гонахарчу кIошташкара а бахархой. "Ахча шена луъ-луучо лора – гIалин кхеташонан депутаташа а, могIарерчу бахархоша а, леррина сагIадеш лелачу наха а", - элира гIалин мэрин пресс-векалто. Белхан декхарш кхочушдечу муьрехь коронавирусах... Читать дальше...

ГIалгIайчоь: Машенашкахь хиллачийн дов даьлла, цхьа стаг вийна

Radiomarsho.com 

"Кавказ" трассин ГIалгIайчуьрчу декъа тIехь, Яндаре юьрта уллехь, герзаш диттина машенашца хиллачара вовшашна. Цкъачунна вовзанза вуьсу стаг шен Lada Granta тIехь къайлаваьлла, Chevrolet машенан да а вийна. "Велларг ву махкара 40 шо долу вахархо. Иза лохуш ю полици. Зулам динчу метте баьхкина куьйгалхой", - элира "Кавказ.Реалиига" ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу пресс-векалтехь. Хиллачу бохамах лаьцна шуьйра информаци яланза ю полицино.

“Декъаза ву Нохчийчу вухавогIург”

Radiomarsho.com 

Европера нохчийн мухIажираш бен хир бац коронавирус яржарца шатайпа ниIмат карийна: тховкIело ца еллехь а, цкъачунна сацийна депортаци яр. Карантин чекх а яьлла, кеманаш лела дуьйладелча, йолор ю керла депорташ, экстрадицеш. “Кавказ.Реалиин” корреспондента хиттира Европерчу мухIажирашка, стенна къаьстина уьш шайн даймахках, хIун зен хуьлу царна Оьрсийчу дIахьовсийча.

4,7 миллиард сом лур ду Оьрсийчоьно Нохчийчоьнна керла аэропорт ян

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь керла аэропорт йилла оьшур ду пачхьалкхан бюджетера 4 миллиард 700 миллион сом. И ахча лур ду ша, аьлла Оьрсийчоьнан министрийн кабинето, хаам баржийна "Коммерсантъ" газето, пачхьалкхан "Транспортан инфраструктура кхиор" цIе йолчу программехь бинчу хийцамех йолчу информацина тIе а тевжаш. Дийцарехь, аэропортан проект хIоттон ахча лур ду кхушара, ша гIишло йийр ю 2022–2024 шерашкахь. Кхин а 9 миллиард гергга сом оьшур ду, Нохчийчуьрчу Iедало динчу хьесапашца, аэропортехь оьшу гIишлош тIеян. Читать дальше...

Дийнахь-буса 34 стаг велла, 586 – цомгуш хилла коронавирусах Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

34 стаг кхелхина коронавирусах Къилбаседа Кавказехь, 586 – цомгуш хилла дийнахь-буса. Уьнна духьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Дагестанехь велла 25 стаг, виъ – Къилбаседа ХIирийчохь, кхоъ – ГIебарта-Балкхаройчохь, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь – цхьацца. Верриг а регионехь велларг ву коронавирус бахьанехь 482 вахархо. ДIадахначу дийнахь а, буса а ун шайца карийнарш уггаре дукха бу Дагестанехь – 141 стаг. Цигахь верриг а уьно лаьцнарг ву 5 096 стаг. Уггаре кIезиг бу иштанаш Адыгейхь – 874. Читать дальше...

Нохчийчуьра а, Дагестанера а 8 вахархо цIакхачийна Америкера

Radiomarsho.com 

ХIинжа-ГIалахь охьадоьссина кIиранан сарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкара юхавогIу Дагестанан а, Нохчийчоьнан а 8 вахархо цIавалош деана кема. "Нью-Йорк – Москва – Ростов – ХIинжа-ГIала" яра рейсан маршрут. "БархI стаг ву кеманара воьссинарг – 5 дагестанхо а, Нохчийчуьра 3 вахархо а", - элира "Кавказ.Реалиига" аэропортан пресс-векалтехь. Пассажираш, коронавирусан тестех чекх а баьхна, 14 денна изоляцехь Iойтур бу. ХIинжа-ГIалахь, садоIучу "Дельфин" базехь, йоккхур ю и хан цIабаьхкинчу дагестанхоша... Читать дальше...

Нальчикерчу коллегийн агIолаьцначу адвокаташна изоляцин хьал талхорна гIуданаш тоьхна

Radiomarsho.com 

Москвахь Талламан комитетан цIенна хьалха ГIебарта-Балкхаройчуьрчу адвокатийн агIолоцуш, цхьалха пикеташ хIиттийначу адвокаташна, изоляцин хьал талхорца а доьзна, гIуданаш тоьхна. Басманни кIоштан полице бигира уьш кIиранан дийнахь. Лецначех цхьамма, Селезнева Екатеринас, шаьш лецар нийса дац, Оьрсийчоьнан низамаша магадо цхьалха пикет хIотто, элира"Кавказ.Реалиин" корреспонденте. Шаьш кхаа сахьтехь сов кхебира полицин декъехь, тIе ца буьтуш, бехха латтийра шайна тIаьхьабаьхкина адвокаташ а, боху Селезневас. Читать дальше...

"Антифа" болам терроризман статусе баккха воллу Трамп

Radiomarsho.com 

Фашизмана, расизмана духьалоен дуьненаюкъара "Антифа" болам (цIе кхоьллина "anti-fascism" терминах – ред.) шен администрацино террорхойн вовшахтохараллин декъа дӀаязбийр бу, аьлла кIиранан дийнахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Трамп Доналда. И дIахьедар цо дина твиттерехь, пачхьалкхерчу дуккха а гIаланашкахь гуламаш, кхийолу акцеш йоьлхучу юкъанна – полисхочо Миннесотехь афроамерикахо веро гIаьттина протест йижанза ю хIинца а. 46 шо долу Флойд Джордж вуьйш шен-шен дакъа лаьцначу веа полисхочунна тIехь кхел яр доьху протестхоша. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *