Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2020

Новости за 02.06.2020

COVID-19: Кавказ, ЧIир оьцуш вийна гIалгIа? Кадыровн фонд кхуьуш ю

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказерчу мехкашлахь коронавирусо уггар дукха зен дийриг ю Дагестан - тIаьххьарчу дийнахь-буса цигахь велла 11 стаг; селхана ГIалгIайчохь стаг вер чIирца дузу талламо: БатIал-Хьажин мурдашца иккхина дов; Кадыровн фондо йоху рекордаш – 6 миллиард сом гулдина цо стохка

Къилбаседа Кавказера биъ мохк бу кхиамийн боларца Оьрсийчохь уггаре ледарчех

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн, кхарачойн, чергазийн, хIирийн, гIебартойн, балкхаройн мехкаш бу аутсайдерш социалан а, экономикан а кхиамаш бовзуьйтучу федералан рейтинган тIаьххьарчу могIаршкахь. Иштта гойту хьал экономикехь 2019-чу шеран боларо. Иза довзуьйтина "РИА-Рейтинг" агенталло. Кавказан мехкашлахь массарел ледара ю ГIалгIайчоьнан экономика, Оьрсийчуьрчу регионийн 85 меттигах цунна кхаьчна 82-гIаниг.  Рейтингехь 81-ра ю Кхарачой-Чергазийчоь, 78-гIа – Къилбаседа ХIирийчоь, 77-гIа - ГIебарта-Балкхаройчоь. ГIеххьачул лакхахь ю Дагестан а (57-гIа меттиг)... Читать дальше...

Хангошвили вер: Кремло жоп ца ло хеттаршна

Radiomarsho.com 

Нохчийн тIеман баьччашлахь лелла Хангошвили Зеламха (Кавтарашвили Торнике) Берлинехь верца доьзна, шега динчу хеттаршна жоьпаш ца дахкийтина, уьш кхачаре сатуьйсуш Iа Германин талламийн урхалла, яздо Deutsche Welle зорбан гIирсо.

Терроризмана бехке еш, лохуш ю Нохчийчоьнан яхархо

Radiomarsho.com 

27 шо долчу Саламова Залимина дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдина Нохчийчохь. Шемарчу террорхошца уьйр тасарна беке йо иза, хаам бо ИА REGNUM агенталло, махкарчу ФСБ-н урхаллин пресс-векалтанна тIе а тевжаш. Цо бахарехь, 2015-чу шарахь Шема а яхана, цигарчу террорхойн гIеранах дIакхетта йоI. Карарчу хенахь федералан а, дуьненаюкъарчу а хьукматашкахула лаца кхайкхийна ю Саламова.

DW: Оьрсийчоьно жоп ца делла Хангошвили верца доьзна Германино шега динчу хеттаршна

Radiomarsho.com 

Нохчийн тIеман баьччашлахь лелла Хангошвили Зеламха (Кавтарашвили Торнике) Берлинехь верца доьзна, шега динчу хеттаршна жоьпаш ца дахкийтина, уьш кхачаре сатуьйсуш Iа Германин талламийн урхалла, яздо Deutsche Welle газето. Хеттарш Берлинан прокуратуро хьийсийна Москва 2019-чу шеран Дечкен-баттахь, "дисина Оьрсийчоьно кхоччуш жоьпаш даланза", аьлла Германин юстицин министралло шега гIуллакхан хьокъехь кехат дахьийтинчу бундестаган депутате Дагделен Севиме. Оцу хьокъехь хаам бина dpa агенталло. ... Читать дальше...

Мила ву Гюлен ФетхуллахI? ХIунда кхоьру цунах туркойн Iедал?

Radiomarsho.com 

2016-чу шеран Товбеца-беттан 15-чу буса Туркойчохь Iедал хийца гIоьртира, яздо "Настоящее Время" телехьожийло. Стамбулан а, Хонкаран а урамашкахь герзашца нах а, танканаш а лелара, тIеман кеманаш хьийзара хIаваэхула. ХIара-м дуьххьара путч яцара пачхьалкхан исторехь хиллачех, амма уггар а дукха цIийн Iанийначух яра. 250 эзар сов стаг вийра, дуккха а тIемалошна таIзар дира. ТIаьхьо гIовттарна бехкевира яздархо Гюлен ФетхуллахI а, цуьнан агIончаш а. "Настоящее Время" телеканалан документалан "Гюленан болам. Читать дальше...

66 бер дина Дагестанерчу Каспийскехь ковид-лазархойн дарбан хIусамехь

Radiomarsho.com 

Шина бетта чохь Каспийскехь COVID-19 ун кхеттачу доьзалхойх болчу зударша дина 66 бер, боху Дагестанан могашаллин министраллин пресс-векалто. Иштачу зударшна шайнна къастийна ю гIалахь цхьа дарбан хIусам. Карарчу хенахь цигахь ду ун кхеттачу зударша дина 18 бер. Церан могашаллина сагатдо лоьраша. "Берех бархI халачу хьолехь ду. ДегI сов дайн хилар а, дечу хенахь лазор а ду бахьанаш", - боху хаамехь. Урхалло яздарехь, коронавирус шайца карийна а ду дуьйцучех цхьадолу бераш. ТIаьххьара болчу хаамца... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса велла 23 стаг, ун кхетта 558-нна

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 23 вахархо. Цомгуш хилла кхин а 558 стаг. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, 11 стаг кхелхина Дагестанехь, 6 – Къилбаседа ХIирийчохь, 2 – ГIалгIайчохь, 1 – Ставропол-махкахь. COVID-19 ун даьржичхьана схьа велла регионехь 505 стаг. Хьалха а санна, уггаре дукха ду дараш Дагестанехь – 132 стагаца хааелла коронавирус дийнахь-буса. Дагестан +132 (5 228 юьхьанца схьа) Ставропол-мохк +85 (2 653) Краснодар-мохк +79... Читать дальше...

2019-чу шарахь ахча IаIорца рекорд яьккхина Кадыровн фондо

Radiomarsho.com 

Стохка Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу Нохчийчоьнан юкъараллин фондехь IаьIна цкъа а ца хиллачу хьесапехь дукха са - 6,075 миллиард сом. Оцу хьокъехь "СПАРК-Интерфакс" базехь шена карийна информаци яржийна "МБХ Медиа" портало. Шера чохь фонде хьийсийначу ахчанийн барам хьалакхиина 2,7-зза, 2018-чу шарахь фонде хьажийна хилла 2,2 миллиард сом. 300 миллион сом гергга ахча даьккхина совдегаралла лелош ша фондо а. 2012-чу шарахь йолаелла фонд шен хьал довзуьйту кехаташ хIитто. Оцу хенара дуьйна схьа цкъа а гулделла дацара фонде 6 миллиард сом. Читать дальше...

ГIалгIайчохь оршотан дийнахь стаг вер чIирца дузу талламо

Radiomarsho.com 

Мангал-беттан 1-чу дийнахь Яндаре юьртана гергахь Падиев Башир вийна хила тарло чIир оьцуш. Иштта ю талламчийн верси, хаам бина "Кавказ.Реалиига" ГIалгIайчуьрчу Таламан комитетан урхаллин векало. "БатIал-Хьаьжин вирдера мурдаш бу уьш. Дуккха а хан ю царний, вийначун доьзалний юкъа дов доьлла", - элира хьосто. Хаийтина ма-хиллара, федералан "Кавказ" некъа тIехь иккхина инцидент. 41 шо долу бизнесхо Падиев хилла шен Chevrolet машенахь, цунна маса топ йиттина цуьнца дIанисъеллачу Lada Granta машена чуьра. Читать дальше...

Дуьхьалонан акцеш совцуш яц Америкехь

Radiomarsho.com 

КIира а ду Америкехь дуьхьалонан акцеш дIайоьлху. Бахархой карзахбевлла кIайчу полисхочун карах афроамерикахо Флойд Джордж валарца доьзна. БIеннаш наха КIайчу ЦIенна тIедоьлху некъаш дихкинера даханчу кIиранан дийнахь. Бакъонца гIуллакх тилларе кхойкху цара. Полисхоша, бӀаьргех хиш оьхуьйту газ а хоьцуш, резинин даьндаргаш йиттина дуьхьалонан акцийн декъашхошна.





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *