Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2020

Новости за 15.06.2020

ГIалгIа лаьцна Тбилисехь, журналист Габуния вен веана аьлла

Radiomarsho.com 

Леррина операци дIахьош лаьцна Тбилисехь 38 шо долу Боков Васамбек, Оьрсийчоьнан вахархо. Иза Гуьржийчуьрчу оппозицин "Мтавари архи" телеканалан журналист Габуния Георгий вен кечлуш хилла, хаам баржийна каналан инарла директора Гварамия Никас. Цо бахарехь, журналист вен Боков ваийтинарг ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ткъа бахьана – Габунияс шо хьалха "Рустави-2" телеканалан эфирехь Оьрсийчоьнан президентах лаьцна маьттаза къамел дар. Яьржинчу информацица, массех де хьалха лаьцна Боков Васамбек контртерроран департаменто. Читать дальше...

Москвахь полисхошна герз диттина, шиъ лазийна

Radiomarsho.com 

Москварчу Ленинан майданахь герзаш диттина, лазийна некъан автоинспекцин ши белхахо. ТАСС агенталло бахарехь, вочу хьолехь ву цхьаъ царах, цунна операци йина лоьраша. Baza телеграм-каналан информацица, полисхойн машенна леррина тIе а вахна, герз диттина уллехула тIехволучу стага. Цхьаболчу хаамашца, травматикан тапча ю йиттинарг, кхечу хьостанаша бахарехь – тапча-герз. Иза билгалдаккхаза ду цкъачунна.   Хьалхо яздора массех агенталло, шен документаш талла сацийначу таксисто диттина герз, бохуш. Читать дальше...

Къилбаседа Кавказ аутсайдер ю доьзалийн хьал дустучу Оьрсийчоьнан рейтингехь

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказера пхи регион ю, нахера хьал довзуьйтуш, Росстатан 2019-чу шеран талламна тIехь "РИА Рейтинго" хIоттийначу графикехь тIаьххьарнаш. Оьрсийчохь массарел а къен бу ГIебарта-Балкхаройчуьра доьзал – 85-гIа меттиг. Шина берах лаьттачу доьзална а ца тоьу цигахь рицкъ, боху талламан авторша. Цул лакхахь (84-чу меттехь) ю Нохчийчоь. Кхарачой-Чергазийчоьнна кхаьчна 81-ра позици, ГIалгIайчоьнна – 79-гIаниг, Дагестанна – 78-гIаниг. Къилбаседа Кавказан регионехь доьзал массарел дика беха Ставропол-махкахь (52-гIа меттиг). Читать дальше...

Нохчийн аьрзнаш луьстур ду Страсбургерчу кхело

Radiomarsho.com 

Пандеми бахьанехь ханна сацийна шен болх Францин Страсбургехь туп тоьхна йолчу Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Шайн хене хьоьжуш лаьтта цигахь "нохчийн девнаш" а. Царах лаьцна хеттарш дира оха бакъонашларъечу юкъараллашкарчу юристашка.

Францерчу Дижон гIалахь къепедацарш лелла, нохчий декъахь а болуш

Radiomarsho.com 

Францерчу Дижон гIалин юккъехь нохчийн тобано йохийна Мароккора а, Алжирера а схьабевллачу нехан долара кальян-бар, аьлла информаци яржийна хамийн гIирсаша. Леташ а, девне бевлларш дIасабохучу полицина духьаллаьтташ а лазийна иттех стаг. Меттигерчу телевизионо бохучунна тIе а тевжаш, РИА "Новости" агенталло яздарехь, дов долийна нохчаша, шайх цхьаннан беранна гIалахь наркотикаш юхкучу Iаьрбаша йиттина аьлла. Дижонерчу прокуратуро хилларг талла декхарейина меттигера юкъарчу кхерамзаллин департамент а... Читать дальше...

6 стаг велла коронавирусах, 542 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бахарехь, Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 6 стаг, хьакхаделла и ун кхин а 542 стагах. Белларш бу: Дагестанера – 3 вахархо, Краснодаран-махкара, ГIебарта-Балкхаройчуьра, Ставрополан-махкара – цхьацца. Юьхьанца дуьйна велла Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 635 стаг. Уггаре дукха бахархой цомгуш хилла уьнах дийнахь-буса Кхарачой-Чергазийчохь – 99 вахархо. Статистика ю иштта: Кхарачой-Чергазийчоь +99 (верриг – 2255) Дагестан + 95 (6652)... Читать дальше...

Оьрсийчоь «лахара дараш долуш» йолуш ю коронавирусах эпидемех хьалха, аьлла Путина

Radiomarsho.com 

Президента Путин Владимира дIахьедина, Оьрсийчоь, "шеко йоццуш", "уггаре лахарчу дарашца" хьалхайолуш ю коронавирусан эпидемех, аьлла.  Иштта ду цо федералан "Россия" телеканална интервью луш аьлларг. Ткъа Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь "тобанийн, партийн интересаш лакхаевлла халкъан хьаштел а", цундела цигахь кхидIа а яьржаш ю цамгар, аьлла хета Путинна. "Оьрсийчоь. Кремл. Путин" цIе йолчу программехь дина цо и къамел. Хиллачу интервьюн дакъа довзийтина цуьнан автора, тележурналиста Зарубин Павела. Читать дальше...

Коронавирусан «лидер» ю Къилбаседа Кавказехь Кхарачой-Чергазийчоь

Radiomarsho.com 

ХIинццалц уьно уггаре дукха лоьцу нах Дагестанехь а болуш лаьттира хьал. ДIадахначу дийнахь (14.06.2020) цигахь цомгуш хилла, официалан статистико бахарехь, 94 стаг. Амма кхин а дукха бу коронавирус лаьцнарш регионан кхечу маьIIехь – Кхарачой-Чергазийчохь, 98 стаг. Ставропол-махкахь, селханенна Роспотребнадзорера йолчу информацица, ун гучудаьлларг ву 83 вахархо, ГIебарта-Балкхаройчохь – 80, ГIалгIайчохь – 37, Къилбаседа ХIирийчохь – 34, Нохчийчохь – 17. Цомгуш хиллачийн а, тобеллачийн а терахьаш дуьстича... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *