Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17
18
19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 06.10.2020

Стенга ваьхьна Тепсуркаев, хIун дина Умаровна?

Radiomarsho.com 

Тепсуркаев Салман вадийнарш бевзина – хьалха полисхой хилла бу уьш; Соьлжа-ГIалара вахархо Умаров варца доьзна бехктакхаман гIуллакх айдина; Дагестанехь куьйгалхо хийцина: Васильев - дIавахана, Меликов – веана

ШолгIа кIира ду Карабахерчу конфликтехь Степанакертана тохарш до

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъаралло къобалйина йоцчу Ломара Карабах республикан официалан векало бинчу хаамца, дуьххьарчу кIиранах динчу тохаршкахь вийна 18 маьрша вахархо, 90-на чевнаш йина. КIиранан дийнахь Азербайджанан президента Алиев Ильхама тIедожийhа Ереванна эскарш юхадахар хькъехь план кечъяр. Эрмалойн Iедалан векалша чIагIдарехь, оршотан дийнахь азербайджанхоша юха тохарш дина Степанакертана. Шайн территори тIе яккхийн тоьпаш еттарна бехке бина эрмалойн ницкъаш Азербайджанан агIоно а.

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах дийнахь буса 19 стаг велла, цомгуш хилларш - 682

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла 19 дархо, керла цомгуш хиллачийн терахь ду 682. Иштта ю Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан статистика. Дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а кхиина дархойн терахьаш иштта ду: Ставропол-мохк +151 (16978) Краснодар-мохк + 96 (14578) Дагестан + 83 (13935) Кхарачой-Чергазийчоь + 80 (7514) ГIалмакхойчоь + 77 (6888) ГIебарта-Балкхаройчоь + 60 (7994) ГIалгIайчоь + 53 (5986) Адыгей + 42 (4308) Къилбаседа... Читать дальше...

Соьлжа-ГIалара вахархо Умаров варца доьзна бехктакхаман гIуллакх айдина

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалахь бехктакхаман гIуллакх айдина меттигера вахархо Умаров Мовсар варца доьзна. Ткъа айдина иза кодексан "Стаг вер" цIе йолчу декъехула. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига хаам бина Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхаллехь. Умаров лецира цо болх бечу Соьлжа-ГIалин центрерчу ресторанехь биъ бутт гергга хьалха. ШолгIачу дийнахь иза полицин декъехь хилар билгалделира гергарчарна. Цигахь цаьрга аьлла, YouTube машанехь оппозиционеран-блогеран Абдурахманов Тумсон видеоканале хьежарна лаьцна иза. Читать дальше...

ГиргIизойчохь парламентан цIа дIалаьцна гуламхоша

Radiomarsho.com 

ГIиргIизойчоьнан президент Жээнбеков Сооронбай дуьхьал вац кху кIирандийнахь бирзинчу парламентан харжамийн жамIаш низамера даха. Иштта дIахьедар даржийна пачхьалкхан куьйгалхочун пресс-векала. "Махкахь хIоьттина хьал тидаме а оьцуш, харжамийн жамIаш дуьззина таллар дехна президента Харжамийн Коьртачу Комиссига, оьшуш нислахь, уьш юхадаха дезар ду", — хаам бина пресс-секретара Стамалиева Толгонайс. Оцу юкъанна, Бишкекерчу протестан декъашхоша шаьш кийча ду, боху, пачхьалкхехь халкъан Iедал а, керла премьер-министр а харжа. Читать дальше...

Тепсуркаев Салман вадийнарш бевзина. Хьалха полисхой хилла бу уьш

Radiomarsho.com 

Социалан машанех пайдаоьйцучу нахана бевзина Нохчийчуьра 19 шо долу оппозицин жигархо Тепсуркаев Салман лачкъийнарш. Царна хетарехь, Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу лерринчу полкера полисхой бу уьш – 3-чу батальонан буьйранча Таймусханов Iиса а, цуьнан гIовс Юнусов Джамал а. Оцу хьокъехь хаам бина шен телеграм-каналехь нохчийн блогеро, политикан мухIажира Абдурахманов Тумсос. Яьржина информаци кхечу хьостанашкахула зен гIоьртира Кавказ.Реалиин редакци, амма Соьлжа-ГIаларчу полицино цкъачунна жоп ца делла цо шега динчу хаттарна. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *