Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17
18
19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 16.10.2020

Бехк боцуш бехкала воллар, хьаькамийн гIанташ лестар, Кадыровга делла дарж

Radiomarsho.com 

Шайн шеконаш эгначу нахаца нохчийн Iедалхоша лелош йолу политика - цхьа бахьана хила тарло гIаттамхойн могIарш дузаран аьлла "Мемориало"; даржаш дIалеца гунахь боцу нах балхах баьхна Нохчийчохь; Роспотребнадзоран керла хьаькам - Кадыров

Лачкъийначу нохчийн жигархочун хIусамнанас дийцина, цуьнан гергарчарна кхерамаш тийсарх

Radiomarsho.com 

Нохчийн оппозицин жигархочун Тепсуркаев Салманан хIусамнанас Елизаветас дийцина, иза лачкъийна вигинчул тIаьхьа цуьнан гергарчарна кхерамаш тийсарх. "ЦIийнах мел верг вуьйр ву баьхнера. Тхан вовшашца зIе ца хилийта тIехь терго ю латтош", - аьлла, дIахьедина цо "Насилию.нет" Центрна еллачу интервьюхь. Тепсуркаев лацарх ма-дарра дийцина Елизаветас. Марсхьокху-баттахь Геленджикехь цхьана ханна болх карийнера цунна. Соьлж-ГIалахь пандеми бахьана долуш балхах ваьллера иза, цул тIаьхьа Нохчийчохь цхьанхьа а бан болх ца карабора. Читать дальше...

Шемара Оьрсийчу далийна 27 бер

Radiomarsho.com 

Шемара 27 бер далош Оьрсийчоьнан тIеман министраллан догIу кема охьадоьссина Подмосковьерчу Чкаловскийн аэропортехь еарин буса. Оьрсийчуьрчу берийн омбудсменан Кузнецова Аннин пресс-гIуллакххоша бина и хаам пIераскан дийнахь. Кема охьалахдаларца цу чуьра шина шарера кхойтта шаре девлла бераш Подмосковьерчу цхьахйолчу обсерваторе дIадигина. Лоьраша могушалла а теллина, оьшу карантинан барамех чекхдаьхначул тIаьхьа, гергарчу нахе дIалур долуш ду уьш. "17 бер Дагестане дIахьажор ду, диъ бер Пензан кIошта... Читать дальше...

Хьаькамийн гIанташ дIалеца бакъо йоцу нах даржашкара бохийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Iедалан органашкахь болх беш хилла исс стаг мукъаваьккхина даржех, хаамбо мехкан прокуратурано, REGNUM агенталло яздарца. Бинчу талламашкахь къаьстина, и нах даржашкахь хила бакъо йолуш цахилар. Iедалан хьукматашкахь болх бечунна оьшу я квалификаци а, йа зеделларг а, я диплом а доцуш, латтош хилла уьш хIинццалц схьа. Балхара ваьккхина цхьа хьаькам бизнес лелош а цхьана хилла, ткъа пачхьалкхан куьйгаллехь гIуллакх деш волчунна магош дац низамаша коммерци лело.

Коронавирусан ун бахьанехь керла дехкарш юкъадохуш ю Европа

Radiomarsho.com 

Парижехь а, кхечу 8 гIалахь а комендантан сахьт юкъадоккхуш ду Францeхь. Чехехь кафеша а, ресторанаша а кхача бухкур бу клиeнташна, шаьш кечдина даарш ара а дохуш. Цу кеппара дехкарш юкъадаьхна Нидерландашкахь а, Испанерчу Каталонехь а. Ун даржаран лаккхара гайтамаш бу Италехь а, Швейцарехь а. Москварчу клубаша а, бараша а юкъайоккхуш ю электронан регистрацин система.

Роспотребнадзоран куьйгалхочун гIовс хIоттийна Кадыровс шен ваша

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен ваша ву аьлла, тIеэцначу Кадыров Виситех (Пиганов Виктор) махкарчу Роспотребнадзоран куьйгалхочун гIовс вина. Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан хаамца, Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслим вовзийтина иза коллективна, яздо "Грозный информ" агенталло. "Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, ас вовзуьйту шуна Кадыров Висита, - боху Хучиевс. -Iаламат кIоргера Iилма долуш, компетенте говзанча ву Кадыров Висита. Еххачу заманчохь мехкан... Читать дальше...

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь ковидах велла 12 дархо. Ун даьлла 755 стагана

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 12 дархо, вирус къаьстина кхин а 755 стагаца. Эпидемица къийсам латточу Оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла виъ дархо, Краснодаран кIоштахь кхоъ, Ставрополан махкахь а, ГIалмакхойчохь а шишша велла, Нохчийчохь цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми юкъаяьлчхьана велла COVID-19 вирусах 1 875 стаг. ТIаьххьарчу зерашца, къаьсттина дукха бу цомгаш нах Ставрополан махкахь- 167 стаг: • Ставрополан махкахь +167... Читать дальше...

"Мемориал": нохчийн Iедалхойн харцоно дIатоьхна хила тарло Байдулаев гIаттамхойх

Radiomarsho.com 

Шайн шеконаш эгначу нахаца нохчийн Iедалхоша лелош йолу политика цхьа бахьана ду гIаттамхойн могIарш дузаран. Бакъоларъяран "Мемориал" центро дина оцу кепара дIахьедар, Нохчийчуьрчу Серноводскан кIоштахь дIаяьхьначу леринчу операцех дуьйцуш. Цигахь байъина, тIемалой бара аьлла, Борчашвили Рустам а, Байдулаев Казбек а. "Мемориалан" информацица, 2008-чу шеран Охан-беттан 12-чохь дуьххьара дIалецира Байдулаев, шен 20 шо долчу хенахь. ТIехьа-Мартанарчу полицин декъехь ницкъбина, ша шена тIе бехкаш дахкийтира цуьнга... Читать дальше...

Оьрсийчоьнна кхерам тесна Украино, Нохчийчохь хилла тIемаш дага а бохкуьйтуш

Radiomarsho.com 

Нагахь санна, Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно "шуьйра агресси" йолаяхь, Оьрсийчу декъий чохь дуккха а яьшканаш кхочур ю аьлла, дIахьедина Украинан къоман кхерамзаллан Кхеташонан (СНБО) куьйгалхочун гIовса Кривонос Сергейс. Цо бахарехь, пачхьалкхера хьал талхон тарло баккхийчу эшамаша. "Тхан пачхьалкхана маса тIелатар проблема яц Оьрсийчоьнна. Амма царна дика хаьа, шайн Iаламат дукха зенаш хир дуйла, ас дуьйцург, Оьрсийчу дIакхоьхьу долу декъий ду", - аьлла Кривоноса "Обозреватель" интернет-ресурсана еллачу интервьюхь, яздо "Коммерсанто". Читать дальше...

Теракт ян кечлуш вара аьлла, 14 шо хан кхайкхийна Дагестанерчу вахархочунна

Radiomarsho.com 

Къилба гонашкарчу тIеман кхело бехке лерина Дагестанан вахархо Гасанов Мурад Кизлярехь дан теракт кечдеш хилла аьлла. Колонин шогачу хьелашкахь 14 шо даккхар тIедожийна цунна, яздо REGNUM агенталло. Талламчийн версица, 2019-чу шеран Марсхьокху-баттахь байIат дина хилла цо "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан лидерна. Кизляран кIоштара администрацин гIишло эккхийта Iалашо хилла бехкевечун, чIагIдо талламчаша. Билгалъяьккхинчу кIоштахь теракт дан дагахь куьйгайина оьккхуьйтург дехьайоккхучу заманчохь лаьцна ву Гасанов полисхоша. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *