Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17
18
19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 10.10.2020

Финлянди: шен дахар кхерамна кIел хиларх хаам бина нохчийн оппозиционеро-блогеро Ломаевс

Radiomarsho.com 

Тахана, ГIадужу-беттан 10-чу дийнахь арадаьллачу Финляндерчу Uutiset ("Керланаш") газето яздо шайн пачхьалкхехь вехачу Ломаевн дахар кхерамна к Iел хиларх лаьцна. Цо Оьрсийчуьра а, Нохчийчуьра а  Iедал емалдо, цундела цуьнга претензеш ю Нохчийчоьнан куьйгалхойн, яздо газето. Ломаевга Оьрсийчуьра кхаьчначу информацица, ах миллион кхайкхийна иза вейта, зулам дан гIертачарна хьаьа цуьнан  Iусаман а, белхан а адресаш. Бутт хьалха, Гезгмашин-беттан 10-чу дийнахь, Ломаев вен гIоьртина стаг лецира Финляндехь. Читать дальше...

Полицин ницкъаша гоне лаьцна ГIиргIазойчохь экс-президентан Атамбаевн цIа, иза ша дIавигина

Radiomarsho.com 

ГIиргIазойчохь президент лаьттинчу Атамбаев Алмазбекан Бишкекна гена йоцчу Кой-Таше юьртара хIусам гоне лаьцна, хаам бина цуьнан агIончаша шоьтан дийнахь. Социал-демократин партин векала Жолдубаева Кундуза хаийтина "Интерфаксе", экс-президент лаьцна, аьлла. Полицерчу информацица, Атамбаев бехкево махкара хьал чолхедаккхарна. Селхана Бишкекехь вовшахлетта тайп-тайпана политикан агIонаш – Атамбаевгахьара болу а, Iедалан коьрте Жапаров Садыр хIотто лгIерта нах а. Маршо Радион ГIиргIазойчуьрчу корреспондента дийцарехь... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказ: дийнахь-буса уьнах велла 19 стаг

Radiomarsho.com 

ДI1адахначу дийнахь а, сийисара а коронавирусах 19 пациент велла Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь, официало бечу хаамца. Цомгуш хилла дийнахь-буса кхин а 705 стаг. Уггаре дукха бу белларш Дагестанехь: ялх стаг. Краснодар-махкахь велла пхи вахархо, Ставропол-махкахь – кхоъ, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а – шишша, Нохчийчохь – цхьаъ. COVID-19 цамгарх Къилбаседа Кавказехь велла, Оьрсийчоьнан оперативан штабан хаамашца, 1781 стаг. Дийнахь-буса а, юхьанца схьа а цомгуш хилла регионехь: ... Читать дальше...

Карабахера тIом юкъахбаккха бартбина Азербайджано а, Эрмалойчоьно а

Radiomarsho.com 

Москвахь динчу бертан къамелийн лорах ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Ломан Карабахера тIом сацо барт хилла Эрмалойчоьнан а, Азербайджанан а. Тахана, ГIадужу-беттан 10-чу дийнан делкъехь, низаме болу бина барт. ТIом сацор гуманитаран Iалашонца ду – лецна эскархой хийца а, декъий дIасадала а, билгалдоккху кечдинчу документо. Оцу хьокъехь хаам бина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс Москвахь буса 3 сахьт даьллачу хенахь. 10 сахьтехь сов лаьттина консультативан тобан дийцарш. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *