Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2021
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27
28

Новости за 06.02.2021

Хьалхарчу каналан директорна Эрнст Константинна орден елла

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира "Даймахканна динчу гIуллакхашна" 1-чу даржан орден елла Хьалхарчу каналан инарла директорна Эрнст Константинна. Омра зорбане даьккхина Кремлан сайто. Чиллан-беттан 6-чу дийнахь 60 шо кхаьчна Эрнстан. Омрано бахарехь, цунна совгIат делла  "хаамийн гIирсаш кхиорна юкъа доккха дакъа дилларна". Эрнст инарла продюссер хIоттийра Хьалхарчу каналан 1995-чу шарахь, ОРТ олура цунах хIетахь, ткъа инарла директор хилира цунах 1999-чу шеран гурахь, Путин Владимир преьмер-министр хIоттийна дукха хан ялале. Читать дальше...

Европан Берто жоп лур ду Оьрсийчоьнна шен дипломаташ нон-грата кхайкхорна

Radiomarsho.com 

Европан Берто бехкбиллина Оьрсийчоьнна Чиллан-беттан 5-чохь цо шен дипломаташ махкахбаха кхайкхорна. Кхаа векалх цхьаъ шениг волчу Германино дIахьедина, нагахь санна сацам юхаэцна меттиг ца ягIахь, ша доггIу жоп лур ду Оьрсийчоьнна, аьлла. Польшин, Швецин, Германин цхьацца дипломат нон-грата кхайкхийна Оьрсийчоьно, уьш оппозиционерна Навальный Алексейна тIетайначу нехан протестан гуламе бахана хиларна. Германино, Польшас, Швецино дIахьедина, шайн дипломаташа ца талхийна цхьа а низам, ца лаьцна дакъа магийна йоцчу акцешкахь, аьлла. Читать дальше...

Бакъоларъярхоша Европан кхеле доьху, вадийна, Нохчийчу дIавигинчу шинна сихха орцахъялар

Radiomarsho.com 

"Российская ЛГБТ-сеть" юкъаралло Европан кхеле арз хьажийна Чиллан-беттан 4-чу дийнахь Нижний Новгородера ницкъхоша вадийначу Нохчийчоьнан шина вахархочунна Магомадов Салахьна а, Исаев ИсмаьIална а сихха орцахъялар доьхуш. Дехар дахьийтина юкъаралло Нижний Новгородерчу полице а, Талламан комитетан урхалле а. Оцу хьокъехь хаам баржийна  "Новая газето", юкъараллин пресс-векала Бесцвет Тима елла информаци йовзуьйтуш. Магомадов а, Исаев а карарчу хенахь волу меттиг ца хаьа бакъоларъярхошна. Ши жимастаг лоцуш хьийзинарш Гуьмсера а... Читать дальше...

Дагестанехь шена ши террорхо карийна боху ФСБ-но

Radiomarsho.com 

Полицина а, маьршачу бахархошна а тIелата Iалашо йолуш ву, аьлла, ши стаг лаьцна Дагестанехь. Уьш къайлах лелачу террорхойн тобанах бу, хаам баржийна ТАСС агенталло, республикерчу ФСБ-н урхаллин информацина тIе а тевжаш. "Буьйцурш лецна цара шаьш къайлаяьхна оьккху коьчал а, герз а, патармаш а схьаоьцучу хенахь", - боху хаамехь. Билгалдоккху герз чохь долу тоьла Дагестанерчу Дербентан кIоштахь талламаш беш Чиллан-беттан 5-чу дийнахь хааелла хилар. Хьалхо Дагестанерчу ницкъхоша дIахьедира... Читать дальше...

Мотт хууш а воцчунна гIуда тоьхна гуламехь лозунгаш кхайкхорна

Radiomarsho.com 

Петербургехь кхело 5 000 сом гIуда тоьхна меттигерчу вахархочунна Агафонов Евгенийна, гуламехь "кхечаьрца цхьаьна лозунгаш кхайкхош" хьийзарна. Хаам баржийначу "Апология протеста" портало бахарехь, Агафонов мотт бийцалуш а, я хууш а вац – 3-чу тIегIан инвалид ву къора хиларна. Ша лоцучу хенахь туькана воьдуш хилла Агафонов. Шега полицино динчу хаттарна жоп яздеш, ца хаийтина шена протестан акцех хууш хIума дац, аьлла, гIиртина Iедалхошна ша къора хилар хаийта. 9 сахьт даккхийтина цуьнга изоляторехь, ца кхайкхина гочдархо. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *